Маршо Радион фотокорреспондента Елхоев Леча хилира Нохчийчоьнан аренашца, гуьйренан беркат чудерзон сихбелла бохку бахархой болучохь.
Нохчийчохь - токхе гуьйре
Чекхъели аьхке, тIекхечи бос сирла гуьйре. Токхе еана кхушара гуьйре, шеца схьалуш аьхкено кхиийна беркат: стоьмаш, хастоьмаш, дерриге Iаламан рицкъа. Массо а адам ду Iаьнна кечамаш беш.
9
Картолийн галех 650 бIе сом доьху Нохчийчохь.
10
Луьйш-олуш ка йолу балхаца...
11
Шорта рицкъа дохьуш еана хуьлила хьо, гуьйре!
12
Iаьнна яа помидораш берамала юхкийла ду кхушара!