Маршо Радион фотокорреспондента гойту аьхкенан тIаьххьарчу деношкахь базарахь духарш хоьржучу дай-нанойн, берийн дог-ойланаш.
Школе а ловзарга санна...
БIаьрганегIар а тохале чекхъели аьхкенан берийн мукъа хан. Кху деношкахь жигара хьийза дай-наной, шайн бераш улле а даьхна, Соьлж-ГIалин "Беркат" олучу базарахь школе кхехь керла духарш, кеп-кепара дешаран гIирс а оьцуш.
5
Цхьаболу лаккхарчу классан дешархой дIакъовлабелла лела школе. Церан а ю таро къастам бан базарахь
6
Дуьххьара школе яха еза хIара жима йоI йоьхна хьийза, бькъачу базарахь тилаелла.
7
Дешаран гIирс цхьана меттахь схьаэца аьтто бу.
8
КIайн коч я сийнаниг эцча бакъахьа дара-те?