«Хинболу харжамаш уггар цIена, нийсаллин харжамаш хир бу, дуьйла тергоян, сан доттагIий, кхойкху ас мостагIий а» аьлла, Кадыров Рамзана дIакхайкхийнехь а хьалхо. Маршо Радион корреспондентна бакъо ца лора дуккхаъчу харжамийн декъашкахь хила. Делахь а, цхьаццанхьа таро хилира цуьнан харжамашкара хьал довзийта.
Нохчийчоь: уггаре "нийса" харжамаш
Мехкан куьйгалхо а, парламенте депутаташ а къастош харжамаш бу Нохчийчохь дIахьош.
1
Бахархой харжамашка кхойкхуш кехат
2
Мехкан куьйгалле гIертачу кандидатийн суьрташ
3
Соьлж-ГIалин школа кийча ю харжамхой тIеэца
4
Харжаман комиссино болх болийна