Исламхойн блогер Гнеев Мансур (бусалба дин тIеэцале Борис вара иза) лаьцна бехктакхаман гIуллакхехула мостагIалла гIаттийна аьлла. Кхул а шо хьалха жоьпалле озийна вара иза "Оьрсийн йукъараллица" дов доккхуш ролик йаккхарна. Блогеро канале хIоттийначу видеох хьакхалуш ду бехкбиллар хIинца а: Сочира схиигуменца Гавриилца Алаудинов Аптин дов даларх йара и. Лаьцначун хIусамнанас оцу йукъанна чIагIдо, талламчашна бахьана оьшура: Гнеевна тIе бIаьрг хIоьттинера стохка аьхка дуьйна. ХIетахь дIахьединера цо Кавказан тIемаш боьлхучу хенахь адыгашна тIехь геноцид латтийна аьлла. Тхан сайто дуьйцу, цуьнан гIуллакххах лаьцна хууш долчух.
Лацар вовшахтохар
Гезгамашин-беттан 23-чу Iуьйранна лецира Гнеев Мансур Барановка цIе йолчу эвлахь, цигахь петар а лаьцна шен хIусамненаца а, жимачу бераца а вехаш хиллера иза. Цунах талламаш бечу хенахь цуьнан зудчунга Алисига (бусалба дин тIеэцначул тIаьхьа - Радида) протоколан копи ца йеллера, ткъа цуьнга аьлла хиллера, цуьнан хIусамда "экстремистийн" гIуллакхехула лаьцна ву аьлла. ТIаьхьо оцу кIоштан талламан урхаллехь тIечIагIдинера, блогер бехкзуламан артиклехула бехкевеш хилар – цабезам йа мостагIалла гIатторна, шен каналехь мангал-баттахь видеоролик хIотторна.
ФСБ-н оперативникаш боцурш а, талламаш бан баьхкинера НТВ-н белхахой а цхьаьна. Ши де даьллачу хенахь федералан телеканалехь сюжет гайтира экстремизмна бехкевийриг лаьцна аьлла. Цу тIехь Гнеев вовзийтира "радикалан исламан" агIонча волуш санна, тоьшаллина цуьнан видеоблогера дакъа гайтира, цу тIехь цо кхайкхамаш бо «вайн цIахь эвхьаза йаьлла фашистийн тоба сацо йеза» бохуш.
Цхьана кIиранах гергга йукъахь зIе ца хиллера Гнееван шен цIийндеца, адвокат лахар а чолхе даьллера, церан цIийнах талламаш бечу заманчохь йоллу техника дIайахьарна. Краснодарера номер 1 йолчу СИЗО-хь лаьцна витинера Мансур: йуьхьанца ишта Iалашо хиларх цуьнан хIусамнене хаийтинера талламаш беш хиллачу ницкъахочо, цул тIаьхьа и бакъдира цуьнца зIене ваьллачу Гнеевн адвокато а. Цо бахарехь, дIасавалар доьхкуш сацам бинера цуьнан хьокъехь гезгамашин-беттан 23-чохь. Талламо зорбане йаьккхинчу видео тIехь блогеро бехкаш тIелоцу талламхочун кабинет чохь.
ЦIийнах хьовсучу хенахь Гнеевгара талламхоша схьайаьхнера «бехкзуламан гIуллакхна оьшур йолу хIуманаш, кехаташ а». КIоштан Талламан комитето шайн йоллу социалан машанашкахь йаржийначу НТВ-н сюжетехь дуйцу «магийна йоцу литература» а царлахь хилар. Ткъа йуьйцург йу Оьрсийчоьнан маркетплейсаш тIехь маьрша йухкуш йолу "АллахIан исбаьхьа 99 цIе" книга. Ишта дуьйцу "ши эзар" долларш чохь долчу пакетах а, "пачхьалкхехь хьал талха луучара делла ахча ду" боху и.
Гнеев Мансуран дас шен кIант лаьцначул тIаьхьа дийцира и ахча стенгара даьлла ду. Цо бахарехь, цIа духкуш хиллера уьш, кхуьнан канале йазвелла Дербентера цхьа вахархо веанера цуьнга хьажа. И цIа эца ойла ца хилира цуьнан, тIаккха шен кIант муьлхачу хьелашкахь вехаш ву а хьаьжна, цунна ахча кховдийнера цо гIоьнна. Дуьххьара реза ца хиллера блогер ахча схьаэца, хьаша къар ца велча, тIаккха схьаэцна хиллера цо, дагалоьцу цуьнан дас. ЦIа духкуш хиларх хаам шен канале а хIоттийнера Гнеевс мангал-беттан 28-чохь, цу тIехь цо дуьйцу ахчанца шен гIуллаккхаш ледара хиларх. И ахча цунна делларг схьалоьхуш бу хIинца кIентан гергарнаш.
Федералан телеканалийн белхахой "наггахь бен ца хуьлу" талламаш бечу хенахь а, кхечу гIуллакхашкахь а, амма ФСБ-н белхахоша схьадаьхначу долларех лаьцна дийцаро кхин а къеггина гойту йуьхьанца дуьйна а политикан бух болуш и гIуллакх хилар тIелацийта хьийзаш хилар, бохура адвокато Захватов Дмитрийс тхан сайтаца хиллачу къамелехь.
"Хетарехь ахчанах лаьцна дийцар шайггара долийна хир ду ницкъахоша, и гIуллакх кхин тIе а десто Iалашонца. Хьовсал, Госдепан ахчанах халкъашна йукъахь мостагIалла гIаттош хилла цо ала", - кхетийра юристо.
"Фашистийн тоба сацор"
Оьрсех волчу Гнеевс дийцинера, ша «дине цатешарна веанера», кхиазхо волчуш дуьйна исламца шовкъ йара шен, амма шена тIеIаткъам бинарг ГIебарта-Балкхаройчуьра Iела цIе йолу стаг вара аьлла. Ша доьзалехь цхьацца дахаран халонаш Iиттайелла, дан амал доцуш висинчу хенахь, цо кхетийра ша динан коьртачу низамех аьлла.
Бусалба дин тӀеэцначул тӀаьхьа Гнеевс YouTube-канал йолийра, цигахь динан а, йукъараллин а, историн а теманашна тӀехь шен ойланаш йовзуьйтуш. Карарчу хенахь канале йазвелла ву 65 эзар сов стаг. Стохка товбеца-баттахь зорбане йаьккхина цо шен дуьххьарлера видео. Гнеевс дуьйцуш хилла "Оьрсийн йукъараллин" декъашхоша лелочу харцонех: лаххара а 11 видео йу каналехь царна лерина.
Националистийн дуьххьара исламан блогерца шовкъ кхоллайелира, цо стохка товбеца-беттан 7-чу дийнахь видео йаьккхича. Цу тӀехь Гнеевс дийцаредо, Оьрсийчоьно къобалдан деза Кавказан тӀемашкахьадыгийн а, шапсугийн а къаьмнашна геноцид йина хилар, хӀунда аьлча, «оьрсийн халкъо дуккха а инзаре, беркате, даккхий гӀуллакхаш кхочушдина, амма вайн исторехь цара дина инзаре зуламаш а ду» бохуш. Цо билгалдоккху видео тIехь «Краснодаран кIоштахь даим ваьхначу 20 стагах 19 валар йа махкахвалар» а долуш. Цул тӀаьхьа изза тема айъира Гнеевс шен эфиршкахь, "хийрачу нахах" шайн "дай баьхна мохк" ларбе, цкъа хьалха Краснодаран мехкан доза адыгашна дIало" бохуш, кхайкхамаш а беш.
Ша блогеро ма-дийццара, цуьнан видео шен каналехь йаржийнера "Божарийн пачхьалкх" кхоьллинчу Поздняков Владислава. Цул тӀаьхьа цуьнан агIоне йазбелларш тIекхохкабелира Гнеевна, каналера видео кхечу националистицн пабликашкахь а йаьржинера, икха машане цхьаммо кхосинера Гнеевн адрес а, телефонан номер а. КӀира даьлча, Усть-Лабинскан кIоштара Херсонский кIошта, иза вехачу хIусаме буьйсанна йуккъехь бахкинеа "Оьрсийн Йукъараллин" масех иттаннашкахь декъашхой. Дукхахберш бара туьмIаьжгаш а, масканаш а йоьхкина. Кхечу видео тIехь аьллачу дешнашна къинтIера дохуш видео дIайазйайтира цуьнга: цу тӀехь цо керста дин логика йоцуш ду, ткъа цуьнан догмаш тоьшаллаш доцуш ду аьллера.
Кху шарахь мел хиллачо гойтуш дац вайна, самадовла дезаш хилар?
"Йукъараллин» декъашхой буьйсанна цигахь хиллачул тӀаьхьа волавелира Гнеев цу тобанан гӀуллакхаш дӀасадаржо: 2024-чу шеран гезгамашин-бутт чекхболуш цо видео дӀайазйира "Оьрсийн йукъараллин" лидеро Ткачук Андрейс дина исламофобийн дӀахьедарш йемал деш. Цул тӀаьхьа кӀира даьлча Гнеев лаьцнера полисхоша. Блогерна гIуда туьйхира I5 эзар соьмана, керста динна луьйш цо йаьккина ролик бахьана долуш. «Оьрсийн йукъараллин» декъашхоша товбеца-баттахь гечдар дехийтина ролик йара и йуьйцург. Ишта цунна дуьхьал даьккхира административан гIуллакх, полисхочун омра кхочуш ца дина аьлла, I4 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха. Амма бехк тIе ца лецира цо.
Иза лаьцна дукха зан йалале меттигерчу группашкахь видео гучуйелира Гнеевс шена къинтIера довлар доьхуш- «керстан динна дуьхьал хьашт доцург дийцарна» бехк ца биллар дехна ца Iаш, «адыгийн латанех» лаьцна аьллачунна а. Амма кхелехь "кхечу динийн декъашхойх лаьцна ледара къамелаш дарна" бен цуьнга бехк ца кховдийнера. Цуьнан хӀусамнанас ма-дийццара, иза бехктакхаман гӀуллакхна бехке а вина, лаьцначул тӀаьхьа, и видео полицино йаьккхина йара «лакхарчу хьаькамашна» дIагайта аьлла. Йукъараллехь и видео дIасайаржор йу аьлла, къамел хилла дацара.
Бехктакхаман гIуллакхан гурашкахь талламаш бечу хенахь цигахь хиллера оперативан белхахо а, цо дIахьединера, блогер "зулам дина валлалц" цуьнга хьоьжуш Iийнера ша аьлла. Гнеевн хIусамнанас бахарехь, полисхочо адыгашна геноцид Iарх видео бен хьахийна йацара, вуьйзира иза меттигерчу "Оьрсийн йукъаралли" гаранца. Мангал-баттахь, талламан версица, экстремистийн маьIна долу ролик машане хIоттийча, Гнеевс къаьсттина жигараллица критика йора националисташна: оцу хаттарна лерина дIайайина йу 3 видео, царах шиъ йукъаралхойх хьакхалуш йу. КхоалгIаниг – НТВ-н репортажехь хила сюжет йу.
Оцу видео тӀехь Гнеевс комментари йо «Ахмат» спецназан буьйранчана Алаудинов Аптина а, Сочера схиигуменна Гавриилна а йукъахь хиллачу конфликтана. ХIетахь нохчийн инарлас мозгIар «оба йоьхна тентаг» ву аьллера, цо бусалба нах "цхьана хазачу дийнахь Москван бахархошна арсаш хьоькхур долуш бу" алар бахьана долуш.
"Сан хаттар ду: инарлас Алаудиновс аьллачу дешнаша вай стенна тIе ца тайра? Шуна и мухха хеттехь а, бусалба нахана тIехIоьттина иза, амма мозгIарехьа арабевлла, инарла Алаудинов бакъ ца вина цхьаммо а. Кху шеран хиламаша гойтуш дац вайна, самадовла дезаш хилар? Ас цхьа а низамехь доцчу гӀуллакхашка кхойкхуш вац; вай йуьйцурш йу вешан низаман гурашкахь йогIуш йолу кепаш, хӀунда аьлча вай иза тидаме эца деза. Ишта хIуманаш ду хуьлуш, нагахь санна вайна набахте кхача ца лаахь. Амма цхьаъ дан деза. Вайн махкахь дӀасалелачу оцу фашистийн тобанна тӀеӀаткъам бан беза вай. ТIеIаткъам бина а ца Iаш, уьш совцо беза вай", - бохуш дуьйцу Гнеевс.
Ваша муьлххачу а вешигахьа хир вац?
Гнеевс шен роликехь хестийначу инарлас Алаудиновс критика йира мелхо а лаьцначунна. Иза лаьцначул тӀаьхьа цо дӀахьедира, муьлхха а "бусалба динна а, керста динна а, жуьгтийн динна а дуьхьал муьлхха а хӀума олуш верг" йа "билггалчу къомана дуьхьал" верг мохк боькъуш къахьоьгуш ву, иза "Оьрсийчоьнан мостагӀ" ву аьлла.
Ма-дарра аьлча, шен цIийнах хьовсучу хенахь Гнеевс НТВ-н репортере Патюков Сергейга аьлла хилла дешнаш йуха элира Алаудинвс – "цара адамашна йукъахь барт эгIош бу".
Цу сюжетехь аьлла дешнаш йукъ-йукъара хедийнехь а, Гнеевс буьйцурш бара националисташ а, "Оьрсийн йукъараллин" декъашхой а. Амма Алаудиновс, схьагарехь, комментари йеш хилла блогеро стохка керста динах лаьцна йаьккхинчу видеона, иза бахьана долуш хӀинцале а административан жоьпалла шена тӀе а эцна блогеро.
Алаудиновна магош дерг, магор дац могӀарерчу блогерна
Политолога Дубровский Дмитрийс, тхан редакцина йеллачу интервьюхь дийцира, Алаудиновн а, Гнеевн а дӀахьедаршна йукъарчу башхаллех лаьцна латинхойн афоризм а йалош - "Quod licet Iovi, non licet bovi" – "Юпитерна мегаш дерг старана мегаш дац".
"Алаудиновна мегаш дерг, магор дац могӀарерчу блогерна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс хаддаза олу шех бусулба нах Iалашбийриг ву ша олий. Цо ала мегар ду, амма кхечарна ца магадо. Кхечара иза дича, къаьмнашна йукъахь цабезам гӀаттор олу цунах. Ткъа цецвала хӀума ду, оцу мозгIаро динчу къамелах гамо кхоллар ца аьлла, мелхо а цуьнан дешнаш ца тайначарна бехкаш дохку", - бохуш, кхетадо цо.
Къамел дечо тидам тIеузу, Гнеев Мансуран гIуллакхехула эксперт Оьрсийчоьнан дин Iамош волу, режиссеран Беркович Евгениян а, драматаруган Петрийчук светланин а гIуллакхехь дакъалаьцна, ур-атталла Оьрсийчоьнан юстицин министралло а Iилманан болх бу, кхелан тоьшаллашкахь пайдаэца безар а къобал ца динчу "деструктологин кхелан экспертизан" автор Силантьев Роман хиларна. НТВН-н сюжетехь Силантьевс боху Гнеев "вахIабист волчух тера ду", оцу эксперто массарх а бохург санна олу вахIабист, билгалдоккху Дубровскийс.
Гнеевна тIаьхьабовларан коьрта бахьана ду иза оьрсий- бусулба хилар, аьлла хета вайнехан блогерна, Европехь нохчийн диаспорехь болх бечу Белокиев Исламна. Оьрсийчохь Ӏедало тӀеӀаткъам бо бусулбанашна а, "оьрсийн доцучу къаьмнашна а", оцу фонехь бусалба дин тIеэцначу оьрсийн стага и "дийцар дохадо", бохуш, кхетадо цо.
"Ишттачу стага талхадо ислам хийра, маргиналан, периферин хӀума санна лоруш долу къамел. Оьрсийчоьнан пачхьалкхехь а, йукъараллин синкхетамехь а "оьрсалла" бохург доьзна ду православица, советан атеизмца, йа славянхойн "язычествоца". Оьрсийн бусалба стаго и кочар дохош ду. Кхечу динах хилла ца Iаш, кхечу динах тешаш а ву иза чуьра дуьйна. Цо сингаттам бохьу системина», - аьлла хета цунна.
Оьрсийн бусалба – иза шина дуьненна йукъара тIай ду, система йоьлла уьш дистанцихь латто, кхин дIа а дуьйцу Белокиевс.
"Цо «Оьрсийн йукъараллина» критика йо, йа Алаудиновна гIортор йо аьлла, кхераме вац системина Гнеев. Иза кхераме ву, ша бусалба дин тIеэцна, политикан позици йолу оьрсий хиларца. Ткъа ишта нах, дуьненан Кремлан конструкцехь, хила йиш йац", - дерзийра къамел Белокиевс.
- Хулиганалла лелорна шеко йолу Дагестанера ММА-н латархо Байрамов Эрзиман Петарбухехь лаьцначуьра дӀахецна, гечдар доьхуш видео дIайазйинчул тӀаьхьа. Спортхо леттера тIехволучу стагах, ламаз йукъахдаккха шега аьлча. Ткъа вукхо орца дехнера «Оьрсийн йукъараллин» декъашхошка.
- Нохчийчохь латкъам бира Ленинградан кIоштан прокуратурина, Нохчийчуьра вахархочунна йиттина «Оьрсийн йукъараллин» декъашхой жоьпе ца озийна аьлла. Цунах лаьцна дIахьедира махкара омбудсмно Солтаев Мансура.
- Мангал-баттахь «Оьрсийн йукъараллин» декъашхоша Москвахь лецнера Нохчийчуьра бераш. Цига полици а, нохчийн Iедалхойн векал а кхаьчначул тIаьхьа дешарой дIахецнера цара.
- ТIаьххьарчу беттанашкахь «Оьрсийн йукъараллера» националисташа хаа а луш жигара йаьккхина гайн балха тIехь - цара рейдаш дIахьо, Кавказера схьабевллачу бахархойн доларчу базарашкахь а, кафешкахь а, хостелашкахь а. Цара ницкъбина, кхерамаш тийсина меттигаш хуьллушехь, бакъоларйаран органаша тергамза буьту уьш. Тхан редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, таIхар ца даро, ксенофоби чIагйо, бакъйо.