Туркойчуьра схьакхаьчна, ши нохчийн вахархо лаьцна Босни-Герцеговинера араваьккхира, церан террорхойн тобанашца уьйраш хиларна шеко йолуш. Ткъе итт шераш гергга хан йолу и нах Сараевон аэропортана гена йоццучу меттигехь хIусам лаьцна, дIатарбеллера гIадужу-бутт йуккъе баьллачу хенахь. Уьш мичахь бу гучудаьлла хиллера арахьарчу къаьмнийн сервисерчу инспекторшна.
Къайлахчу сервисийн а, кхерамазаллин а урхалло а, арахьарчу гӀуллакхийн сервисо а бинчу хаамца, Дакиевн а, Алдамидзен а уьйраш йу "Исламан пачхьалкх" шех олучу, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино терроран вовшахкхетаралла санна билгалъяьккхинчу тобанца.
Оцу шина стагехь туристаш бу аьлла йина регистраци ца хиллехь а, дуьненайукъарчу лехамашкахь а боццушехь, Боснин-Герцеговинан Ӏедалша уьш шайна пачхьалкхана кхераме леринера. Туркойчу уьш дӀабахийтале, йоццачу ханна иммиграцин центрехь латтийра.
Кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу бахархойх долчу низамца а догӀуш, Боснин а, Герцеговинан а пачхьалкхана кхерам латтош волу стаг сихонца йуха хьажон мегаш ду, иза схьавеанчу махка.
Дакиев вевзаш вара туркойн къайлахчу сервисашна
37 шо долчу Дакиев Мухьаммадан цӀе масийтаза а гучуйелира Туркойчоьнан хаамийн гӀирсашкахь 2023–2024-чу шерашкахь.
I0haber портало бинчу хаамца, 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйраш хиларна шеконашца лаьцнера Дакиев а, кхин а ши стаг а.
Талламчаша чӀагӀдора, цара гӀо дина Узбекистанера а, Оьрсийчуьра а, Гуьржийчуьра а цхьаццаболчу нахана, Мексике боьдучу новкъахь Туркойчу дехьабовла, цигара уьш низамехь доцуш Америке баха дагахь хиллера аьлла. Иштта гӀуллакхан картотекехь хьахийна ду Американ а, Мексикан а дозанехь тӀелатарш дан дагахь хиллера уьш бохуш.
Операци дӀайаьхьначул тӀаьхьа Вашингтоно гӀортор йира Хонкарна "террорхойн вовшахтохараллашца, шайна йукъахь ДАӀИШ а йолуш, къийсам дӀабахьа".
Бехккъасторхоша чӀагӀдора, 2023-чу шеран товбеца-баттахь Дакиевс а, цуьнан накъосташа а вовшахтоьхна хиллера масийттаза Мексике дахар, дукха хьолахь Мадридехула. Амма гӀуллакхан материалаш теллинчул тӀаьхьа, Туркойчоьнан кхело тоьшаллаш кхачам боллуш дац аьлла, дӀахецнера лецнарш.
Кхел йоьдуш Дакиевс дӀахьедира, ша Оьрсийчуьра дӀавахана Украине тӀаме ваха ца лаарна аьлла.
Туркойчоьнан юстицин министралло жоп ца делира Маршо Радионо махкахбаьхначу Оьрсийчуьра бахархойн хьокъехь дахьийтинчу кехатана, хIара материал зорбане йалале.
Истанбулера килсана тIелатар дарца воьзна ву?
Мухьаммад маьрша ваьккхина 47 де даьлча, йуха а лецира иза- бахьана дара 2024-чу шеран гIура-баттахь Истанбулерчу Санта-Мария килсана тӀелатар дан кечлуш йолчу тобанехь дакъалаьцна аьлла, шеко хилар.
КӀирандийнахь килсехь гулбелла нах а болуш, герзаца хиллачу шина стага килсана чу а иккхина, герз тоьхна вийнера Туркойчоьнан вахархо. Туркойчоьнан низамхоша бинчу хаамца, и тӀелатар дина ОвхӀанистанерчу Хорасан провинцехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйраш йолчу тӀемалоша.
ДАӀИШ-о ша дина аьлла, шена тIелаьцначу тӀелатарца доьзна лаьцначу 34 стагах 25 чохь латтош ву, ткъа 9 кхелан тергонехь а вуьтуш, дӀахецнера. Дакиев лецира чиллан-баттахь, тӀелатар кечдеш дакъалаьцна аьлла бехкевечу цхьаьнца цуьнан уьйраш хилла аьлла.
Сараевехула Мексике нах дӀасалелийна?
10haber портало хаам барца, ша лаьцначул тӀаьхьа Дакиевс полицино хеттарш деш дӀахьедира, ша гергарчу хьесапехь 50 стаг Мексике хьажийна, низамехь доцуш Америке кхача церан аьтто хилийта аьлла.
Цо харцдира ша «Исламан пачхьалкхан» тобанехь хилар, амма мукӀарло дира, ша гӀо дира туристашна аьлла– дукхахберш Москвара Туркойчу кхаьчна нах бара аьлла, билгалдоккхуш.
Цкъа хьалха Москвара шен доттагӀчунна гIо дира ша, цул тӀаьхьа цуьнан доьзална а, гергарчарна а гӀо дина ша бохуш вара иза. "Ас изза дира Рамазанна а (иза мила ву хууш дац – Ред.): ас царна отелаш а, ресторанаш а гайтира, билеташца а, визанашца а гӀо дира, аэропорте кхаччалц дӀа а бигира. Суна ма-дарра дага ца догӀу, амма верриг а шовзткъе итт гергга стагана гӀо дира ас. Иштта Туркойчохь хене вала рицкъ лохура ас", - Дакиевн дешнаш даладо 10haber гIирсо.
Ша а вара бохура цо Американ Цхьанатоьхначу Штаташка кхача лууш.
"Йуьхьанца ас нах дIахьежабора Мексике Истамбулера схьоьхуш болу. ТӀаьхьо маршруташ хийцаелира: Москва-Дубай-Мексика, наггахь Москва-Сараево-Истамбул-Мексика, Истамбул-Колумби (Богота)-Мексика, ур-атталла, Истанбул-Бразили-Панама-Мексика а", - аьлла дийцина цо.
Цул тӀаьхьа Дакиев йуха а дӀахецна хиллера, килсана тӀелатар дарехь цо дакъалаьцна хиларх ма-дарра тоьшаллаш ца карорна.
Къастаза йукъаметтигаш хилла Гуьржийчура нохчочун ДАӀИШ-ца
Боснера а, Герцеговинера а араваьккхина шолгӀа стаг ву Панкисерчу гуьржийн Омало йуьртара нохчийн къомах волу Алдамидзе Ӏарби.
Тхан корреспондентан аьтто баьллера Панкисерчу шен доттагӀчуьнца къамел дан. Цо дийцарехь, Алдамидзе махкахваккхарх лаьцна хезнера цунна, амма цунах дерг ма-дарра хууш дацара.
"Суна ца хаьа, мел бакъ ду Iарби терроран зуламашкахь дакъалоцуш ву бохуш дуьйцург. Амма ас эр дара, цуьнан кхин а йаккхий проблемаш йара, иза сакъера лууш хиларна", - билгалдаьккхира иза вевзаш волчу стага.
Оьрсийчуьра дIабаханера бертаза мобилизаци йолорна
Оьрсийчоьнан бахархойн аьтто бу Босни-Герцеговине а виза йоцуш баха. Маршо Радионо хьалхо йаздира оцу пачхьалкхехь тховкӀело йоьхучу нохчийн гӀуллакхех лаьцна. Уьш Оьрсийчохь терроризмца уьйраш йолуш бу аьлла, бехке а бина, хьийзош бу бохуш.
Москвано царех цхьаберш Шемарчу бакъо йоцчу герзахойн тобанашкахь дакъалацарца боьзнера. Цара чӀагӀдора, шаьш Оьрсийчоьнан агӀор Украинана дуьхьал тӀом бан реза ца хиларна тIаьхьабевлла шайна бохуш.
2024-чу шеран лахьан-баттахь нохчийн тоба гӀоьртира Босни-Герцеговинан а, Хорватин а доза хадош Евробертан пачхьалкхашка кхача. Маршо Радиона шаьш йеллачу интервьюхь цара дӀахьедира, шаьш Оьрсийчуьра дӀадахана нуьцкъала эскаре кхайкхарна а, политикан йа динан бахьанашца шайна тIехь гӀелонаш хьегарна а, ишта могушалла бахьана долуш а аьлла.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухӀажаршца болх бечу Лакхарчу комиссаро бинчу хаамца, 2025-чу шеран марсхьокху-баттахь динчу гергарчу хьесапехь 60 Оьрсийчоьнан вахархо вара Боснехь тайп-тайпанчу кепара ларвеш. Маршо Радион хьостанаша билгалдоккху, 2025-чу шеран гурахь Босне кхаьчначу оьрсийн терахь хаъал алсамдаьлла хилар.
Кхерамзаллин эксперто Мушич Сафета Маршо Радиона комментари йеш билгалдаьккхира, тӀаьхьарчу шина-кхаа шарахь Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а бахархой дукха баьржина Босни-Герцеговинехь а, Сербехь а аьлла. Виза оьшуш йоцчу пачхьалкхашка.
"ХIара цхьаъ хилла ца Iа. Цу гӀуллакхан шатайпа дерг ду, цу тӀехь террорхойн вовшахтохараллашца хила тарлучу зӀенашца доьзна хилар, иза леррина анализ йан йезаш хIума ду. Амма цо политикан йукъараллехь спекуляцеш а кхуллу", - аьлла Мушича.
Цо дагадаийтира, низамехь йоцу миграцин проблема Боснина а, Герцеговинина а хьалха лаьттачу коьртачу кхерамех цхьаъ йуьсуш хилар а, меттигера сервисаш Евробертан гӀоьнца иза дӀайаккха гӀерташ хилар а. Амма, экспертана хетарехь, политикан бIостаналлаша болх чолхе боккху, ткъа Frontex агенталлица (Евроберто шен пачхьалкхашна а, Шенгенан зонехь йолчу пачхьалкхашна а шайн арахьара дозанаш лардарехь гӀо дан кхоьллина йолу Европан дозанан а, бердан а гӀаролхойн агенталла) цхьаьнаболхбарца Малхбузерчу Балканехь тӀаьххьара йуьсуш ю пачхьалкх.
"Дуьненайукъарчу полицин цхьаьнаболхбар сацийна дукха хан йу, мегар дара хьаха, и лекхарчу тIенIанехь хилийта а. Оцу дерригено а гӀо дийр дара терроран кхерам хила тарлуш болу нах кхин а дика билгалбаха", - чӀагӀдо Мушича.
"Дозанашкахула дехьаволуш хуьлу проблема"
Мушича билгалдаьккхира, шена шина нохчочун гӀуллакх дикка девзаш ца хилар, амма мукӀарло дира, Боснехь "дозанашкахула дехьаваларца проблема" хиларх, иза кхетадо кадраш цахиларца а, политикан барт ца хиларца а.
"Иштта системан проблема а йу – кхерамазаллин структура йекъайалар. Махкахь тӀех дукха хьукматаш йу, цундела информаци дIа-схьа кхачор ледара хуьлу, наггахь сихонца жоп оьшучу хенахь а, тӀаьхьа схьакхочу", - аьлла тӀетоьхна эксперто.
Оцу йукъанна цо чӀагӀдора, ши нохчо махкахваккхаро гойтуш дац Боснехь цхьа а экстремистийн маша цахилар.
"Зуламан тобанаш, Боснихь-Герцеговинехь а санна, дозанал арахьа а йу, жигара цхьаьнаболх беш а йу. Мигранташна йукъахь бу экономикан бахьанашца дӀасалелаш берш, Iедалан рожех уьдуш берш а, амма бу иштта зуламаш дина йа террорхошца уьйраш хила тарлуш болу нах а. Иза шуьйра даьржина дац, амма кхерамазаллин сервисаша лара деза, терроризмаца боьзначу наха Босних пайдаоьцург хиларх транзитан некъах санна", - аьлла цо.
Босни а, Герцеговина а ДАӀИШ-ца къийсам латторан дуьненаюйуъарчу коалицин декъашхо йу, ткъа Американ Пачхьалкхан департаменто 2023-чу шарахь арахецначу тӀаьххьарчу рапортехь билгалдаьккхира, и пачхьалкх терроризмца къийсам латторехь тешаме накъост санна къобалйина хилар, шен ресурсаш кӀезиг йелахь а.
- Швейцарерчу а, Австрерчу а, Белгерчу а бакъонашларъйаран организацеша кехат дахьийтина Хорватин Ӏедале а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле а, нохчийн кхо жимстаг лаьцна хиларх лаьцна.
- Берлинехь зуламхойн къийсамашца доьзна кест-кенста хьахош бу немцойн хаамийн гӀирсашкахь нохчий. Цо а бахьана ло кегийчу къаьмнийн тобанаша шаьш дехачу меттигашкахь Iаткъамбар къуьйсу боху, къамелаш алсамдаха. Цунах лаьцна дийцира тхан сайто.