Оьрсийчоьно дӀалецначу Украинан дозанаш тIера бахархой лецарх, уьш нуьцкъала Оьрсийчу дIахьежорах а лаьцна дийцарш гучудуьйлура, Оьрсийчоьно Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар долийначу йуьххьехь дуьйна. Цхьаболчеран ирс ца хилира ур-атталла махкахбаьхна а: масала, 2023-чу шеран бIаьста Бердянскехь Оьрсийчоьнан эскархоша «диверси» йина аьлла, шеко йолуш ши кхиазхо веро гӀовгӀа йаьккхира. Ши кхиазхо билггал бехкехиларх тоьшаллаш ца дира. ПIераскан дийнахь Американ хьалхарчу ледис Трамп Меланис дӀахьедира, тIаьххьарчу 24 сахьтехь Украинерчу шайн доьзалшка 8 бер йухадирзина аьлла.
Маршо Радион украинхойн сервисан "Хьо муха ву?" проекто дуьххьара дуьйцу Мелитополера могӀарера кхо жимстаг лаьцна, Оьрсийчу дехьаваккхарх лаьцна. Журналисташна къаьстира цхьа могӀа дуьненаюкъара гуманитаран бакъонаш талхийна меттигаш, хьесап дира кегий нах цӀаберзоран хила тарлучу некъийн.
Дуьненан йукъаралло жигара дакъа лецира украинхойн бераш Оьрсийчуьра цIа дерзорехь, масала, Катар. Американ президентан Трамп Доналдан хӀусамнана Трамп Мелани а йу Оьрсийчу бигина кегийрхой цӀаберзоран гӀуллакхашкахь дакъалоцуш. ПӀераскан сарахь Украинера 6 бер шайн доьзалех дIакхетарх лаьцна дуьйцуш, цо элира къаьсттина сагатдо ша, Украине цIа берзо хала долчийн кхолламашна. Оьрсийчохь болчу хенахь берхIийтта шаре бевлларш бу цо буьйцурш. Трамп Меланис бахарехь, цу берех лаьцна ша йаздинчу кехатна жоп деллачу Путин Владимирца зӀенан канал йу цуьнан. Хьалхарчу ледис дийцарехь, кестта Украинера дӀабигина кхин а алсам кегийрхой шайн доьзалшца цхьаьнатоха дагахь бу.
Гезгамашин-беттан 4-чу дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарла Ассамблея дӀайахьа кечамаш бечу хенахь дебаташ дӀахьош Украинан арахьарчу гӀуллакхийн министран гӀовсо Беца Марьянас, оккупаци йинчу территорешкахь долчу хьолах лаьцна шен къамелехь карарчу хенахь Оьрсийчоьнан набахтешкахь волчу кхаа украинхойн кхиазхочун цӀераш йехира: Азаровский Викторан а, Шокол Олеган а, Шоколик Денисан а. Бецас дийцарехь, кхин а шиъ кхиазхо Гримак Павел а, Дахов Данил а лаьцна латточу хенахь вийна. Цо иштта дийцира уггаре а жимахволчу гӀирма-гIезалойн политикан тутмакхах Куртаметов Аппазах лаьцна.
"Тоьшаллаш дац"
Бобровская Екатерина-юрист йу, тӀом болабелчхьана Оьрсийчу депортаци йина бераш цӀадерзош гӀо деш йу иза. Карарчу хенахь Азаровский Викторан векал йу иза.
Боккха тӀом болалучу заманчохь Виктор вехаш вара Мелитополехь, 2022-чу шарахь тӀелатар дан хьалхарчу деношкахь Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу гӀалахь. ХIетте а, Украинерчу школехь онлайнехь долу шен дешар йукъах ца даьккхира цо.
Бобровскаяс дийцарехь, муьлш бу ца хуучу наха лаьцна хилла Виктор Мелитополехь 2023-чу шеран гIадужу-бутт чекхболуш, иза шен цӀера араваьлча.
Хуьлуш долчух цхьа а ца кхетара
"КӀайн фургон тIекхечира, Ӏаьржачу басахь духарш долчу наха — туьтмIаьжгаш а йоьхкина, балаклаваш а йолуш бара уьш, цара и кIант машен чу озийнера. Лулахошна гина хиллера, и дерриг а. Талламаш болийра. Цхьа а ца кхетара хуьлуш долчух — бераца зӀе йацара. Цхьа хан йаьлча, информаци гучуйелира. ГIалин полицин декъана гергахь Виктор ларамаза гиначу наха дийцинера, чIогIа де эшна а вара иза, Iадийна а вара, йиттина йуьхьа тIехь таммагIаш а дара аьлла".
Оьрсийчоьнан кхело бинчу сацаман копи йовза аьтто хилира Свобода Радион журналистийн. Цу документехь йаздина ду, Виктор лаьцна хилла 2023-чу шарахь гIадужу-беттан 3I-чу дийнахь, ткъа кхин а ши жима стаг – Шокол Олег а, Василик Денис а – цхьа-ши де хьалха лаьцна хилла аьлла. Массо а Мелитополера ву. Шаьш лоцучу хенахь Викторан а, Денисан а I6 шераш дара, ткъа Олеган I7. Кегийчу нахана бехке дуьллуш ду теракт а, диверсеш а кечъйан Iалашонца тоба вовшахтоьхна хилла, ишта
Бобровская Екатеринас дийцарехь, талламаш хилла Мелитополехь. Цул тӀаьхьа кегий нах меттигерчу СИЗО-ра Мариуполерчу лоьмар 2 йолчу СИЗО-не дехьабаьхна, кхелан сацаман копино тӀечӀагӀдина ма-хиллара. Цигара уьш, боху Бобровскаяс, Таганрогерчу лоьмар 2 йолчу СИЗО дIабигинера, баккхийчу стегаршца цхьаьна камерехь латтош бу уьш.
Иштта Таганрогерчу лоьмар 2 йолчу СИЗО-хь латтийна Украинера журналист Рощина Виктория а. 2024-чу шеран гIадужу-баттахь хаам баьржира, дӀалаьцначу территорешка йоьдуш хилла Рощина Оьрсийчохь латтош хилла, цигахь йала а йелла аьлла. Цунах йисина чалхаш Украине кхачийра 2025-чу шеран чиллан-баттахь. Ца вевзачу цхьана стеган чалхаш йу аьлла, пакет чохь йара уьш, кийрахь мел дерг дIа а даьккхина. Украинин къоман полицино хаам бира, маьршачу бахархошна дуьхьал тIеман зуламамаш дина аьлла, шайн оцу изоляторан хьаькамах шеконаш йу аьлла. Пресс-сервисан хаамехь йаздина дара, журналист йаларх лаьцна; цуьнан цӀе ца йийцира, амма гӀуллакхан хьелаша гойту иза Рощина Виктория хилар. Ша йеле хьалха Таганрогерчу СИЗО-ра Пермийн махка дехьайаьккхира иза.
"Виктора шен I8 шо кхачар цигахь "даздира". Камера 8 стагана аьлла лерина йу, амма цу чохь I6 стаг ву. Берашна тIехь инзаре гӀелонаш йо. Азаровский Виктор школехь дуьйна корта лазийна вара, коьртана хала чевнаш хилла школехь доьшуш волуш, психиатрийн тергонехь латтош вара иза, йукъах йаха йиш йоцу молханаш моьлуш вара иза. Оцу хьолан цхьаммо а терго ца йира. ДегIа тIера чкъураца проблемаш йуьйлайелира цуьнан: буса наб ца кхетара цунна, хIума кхаллалуш а вацара, стомма чкъор лацаделлера цуьнан дегIа тIехь. Лоьрашка орца дехарх а, гIуллакх ца хилира. Цара олу: "Шайггара дуьйцуш ду аша и, оха хIуммаъ а дийр дац". Цхьана дийнахь цунна уллохь волчу цхьаммо телефон туьйхира соьга, Виктор Iадда дIа Iуьллуш ву тховх а хьоьжуш, цо хIума а ца кхоллу аьлла.
Виктор Iадда дIа Iуьллуш ву тховх а хьоьжуш, цо хIума а ца кхоллу бохура
Хьал Ӏаламат ирча дара. Цул тӀаьхьа ас кхайкхам бира Римахойн Папа Франциске. Цо Маттео (Папин Украинера леррина векал, Маттео Дзуппи – редакцин билгалдаккхар) таллам бан хьажийра. И таллам бан ши кӀира хьалха берашна дуккха а йуург латто буьйлабелира. И кӀентий мелла а тобала буьйлабелира, амма хӀара дукха ца лаьттира".
2024-чу шеран лахьан-баттахь дуьйна Украинерчу кхаа кӀентан гӀуллакх луьстуш ду Ростов гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело, аьлла ду кхелан сацаман копехь. Цкъачунна сацам бина бац. Лаьцначу массо а нахана кест-кеста тоьхна хан дIайахйеш йу.
"Мел дукха дехарш дина, уьш дIасабовлар дехкий, цӀахь битахьара бохуш. Уьш бераш ма ду, церан дай-наной ма бу. Цхьа а украинхо цӀахь латтон, дIа ца хийцира. Уьш берриш а йийсарехь бу. Цигахь, царна тӀехь гӀело йина, ницкъ бина, хилла а доцурш дийцийтина, бехкебина Оьрсийчоьнан полицин подполковник эккхийта дагахь хиллера. И бохург хIун ду, украинхойн береш "террорхой" бина.
Царна оьшшу сацам тIеоьцу суьдхочо. Цхьана а хӀумане ла ца дугӀу цо ур-атталла. Таллам бечу хенахь цара йоллу техника схьайаьккхина — телефонаш, компьютерш, амма хӀуммаъ а ца карийна, цхьа а тоьшалла а дац. Уьш лецначу заманчохь царна тIехь Iазапаш хьегна, цаьрга дайтина мукIарло ду цара бухе диллинарг. Цаьргахь кхин хӀумма а дац. КӀентий психологин а, психиатрин а таллама бан а бигинера, амма цкъачунна цхьанна а гина дац жамӀаш", - боху Бобровская Екатеринас. Иштта цо журналисташка дийцира, оцу хьолаца доьзна ша Украинан Инарла прокуратуре латкъам бина хиларх, тIеман зуламаш дина аьлла.
"Карарчу хенахь вай дуьйцург цхьана беран гӀуллакх ду. Царех тера -дуккха а ду кхин а. Уьш йухадерзо тхан цхьа лаам, хетарехь, тоаме бац. Со кхета, и хӀума Оьрсийчоьнан агӀонца дийца дезаш хилар, амма хӀинцале тхуна хууш нах бу набахтехь йаккха хенаш йитиина, йаккхий хенаш йу уьш, амма уьш цIа берзабо. Амма берех дерг аьлча, царех лаьцна суна хезна хIума дац.
Уьш украинхойн берраш ду, церан ирсе, лартIахь бералла хила деза. Уьш цIа берзорхьама Украино шен ницкъ мел берг дан деза. Тхо теша дуьненан йукъаралло гIо дийр ду аьлла, и бераш дIасахийцийта, цIа дерзон", - бохура Бобровская Екатеринас.
"Зуламхошна санна тIаьхьабуьйлу царна"
Украинхойн регионерчу адамийн бакъонашларъяран центран адвокато Рашевская Екатеринас дуьйцу, Таганрогерчу СИЗО-хь латточу кхаа жимчу стагана бехке дуьллуш ду къаьсттина даккхий зуламаш: теракт кечъйар а, лелха хӀуманаш йар а, и дерриг а вовшахтоьхначу тобанан декъахь лелийна ду боху. Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексца а догӀуш, цу бехкашна набахтехь йаккха йаккхий хена кхачайо, велла дIаваллалц чохь латтон таIзарш деш меттигаш а нисло.
Оцу хена чохь, Рашевскаяс дийцарехь, цу исторехь Оьрсийчоьнан агӀоно низамаш дохийн дуккха а меттигаш йу: лаамза лаьцна латтор, шайггарчу бахьанашца бехктакхаман гӀуллакх долор, махкахваккхар, тIехь гӀелонаш латтор, нийсонца кхел йан бакъо йохор.
Оцу историхь ши сценари го Рашевская Екатеринина.
#I сценари – и бераш баккъалла а зулам дан кечдеш дара нагахь санна сурт хIоттадахь: вовшахдетталуш, "Молотовн коктейлаш" кечйеш, йа цхьа кхин лелха хӀуманаш йеш, диверсеш йан кечлуш. Дуьненаюкъарчу гуманитаран бакъонашца а догӀуш, и тайпа гӀуллакхаш дӀахьочу хенахь царна тӀеман гӀуллакхашкахь ма-дарра дакъалацаран статус лур йара.
"Оцу гӀуллакхо ма-дарра аьлча, уьш Iалашбаран статусах боху, амма ца бо царах комбатанташ. И тайпа нах, дуьненаюкъарчу гуманитаран бакъонашца а догӀуш, бехктакхаман гӀуллакхашка озон йиш йу, амма йац "террорхой" санна-м, - дуьйцу Оашевскаяс. - Нагахь санна и сценари нийса йелахь, Оьрсийчоьнан бух бу Женевера конвенцин 78-чу артиклца царна интернаци йан. Вуьшта аьлча, низамца церан маршо цхьана билгалчу ханна дӀакъовла, оккупаци йинчу пачхьалкхан кхерамзаллин сихачу бахьанашца. Амма гой вайна дуьненайукъара гуманитаран бакъо хьахор, оцу бераша тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаьцна хилар? ХӀан-хӀа, цунах лаьцна цхьа олуш хIума дац, зуламхошна санна царна тIаьхьабовлар доцург".
Зуламхошна санна тIаьхьабевлла царна
Бакъонашларъярхочо чӀагӀдо, Оьрсийчоьнан Федераци дуьненайукъара гуманитаран бакъонаш ларъйан йезаш йара аьлла. Мелхо а, цо низамехь доцуш шен низамашдахар дӀасадаржийна дӀалецначу дозанаш тIехь, церан бахархошна Оьрсийчоьнан паспорташ тӀе а дожийна. Царна хета, оккупацихь бисинчу нахана шайн низамашца бехкебан а, кхел йан а йиш йу шайн аьлла. Рашевская Екатеринина хетарехь, цу гӀуллакхо хӀинцале а Украинера кхиазхой лецар низамехь доцуш лору, адамийн бакъонаш а, коьрта маршонаш а ларъйаран Европан конвенцин 5-гӀа артикл а, бахархойн а, политикан а бакъонашкахула йолчу Дуьненаюкъарчу пактан 9-гӀа артикл а йохош ду.
#2-гӀа сценари: нагахь санна кегий нах аьттехьа а цхьа а "теракт" йан кечлуш ца хилар. Рашевскаяс дийцарехь, Запорожьен кӀоштахь цуьнан практикехь хилла ду изза гӀуллакх: административан гӀишлош тӀера Оьрсийчоьнан байракхаш дӀайаьхна, листовкаш тоьхна аьлла, лецна хиллера кхиазхой. Царна бехке дуьллуш дара терроран вовшахтохараллехь дакъалацар а, теракт кечъйар а. Дуьххьара царах таллам беш, дуьйцу бакъонашларъярхочо, оьккхуьйтург ца карийнера, амма шолгӀачу лехамашкахь ФСБ-но дерриг а "кечдиинера", царна штабехь уликаш а, террорхой а карийнера.
Дуьххьара таллам беш хIуммаъ а ца карийра, шолгIа ФСБ-но беш "дерриг а кечдира"
"Нагахь санна, хьал иштта делахь, зулам дан дагахь ца хиллехь, берийн маьрша бахархойн статус йу, уьш бахархой буьсуш бу, цара тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаьцна дац, ткъа цара цхьана а кепара Украинан герзахойн ницкъашца цхьаьнаболх бина бац. ТӀаккха уьш билггал лаамза дӀабаьхна шайн маршонах.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето а, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а вуно шуьйра тидаме оьцу "лаамза" бохург: цу тӀехь дуьйцург, лаьцна латто бух цахилар хилла ца Ӏаш, цу кепара лаьцна латтор пропорционалалла а, санехь хилар а ду. Оьрсийчуьрчу изоляторшкахь цхьана шарахь сов кегийрхой латтош гича, ас иза лаамаза лору, мел кӀезга а, пропорционалалла а, санехь хилар а критерийн барамашца догӀуш ца хиларна.
И профилактикан гӀуллакх карладоккхуш бинчу сацамо цхьа а бахьана ца гойту, и бераш хIунда лаьцна латто деза бохучух. Цу тӀехь деккъа йаздина ду, цара и болх йуха а бан кхерам лаьтта аьлла. Ткъа муха мах хадийна оцу кхераман? Муьлхачу буха тӀехь? Цаьргахь карийнера боху йоллу лоьлхуьйтурш схьайаьхна ма йу", - ца кхета Рашевская.
Бакъонашларъярхочо тӀетуьйхира: нагахь санна пачхьалкх берашна дика болх хилийта лууш йелахь, цо тидаме эца йезаш йара альтернативан кепаш – гарантеш, церан низамехь векалш болчийн Iуналле уьш дIабаларю И ца деш, бераш лецна латтош ду.
Цо дийцарехь, цхьана а хьелашкахь бакъо ца хилла оккупаци йинчу территорийн йа Оьрсийчоьнан векалийн и кӀентий Оьрсийчоьнан дозана тӀе дӀахьийсон – йа кхелан ладегӀарш дӀадахьа а, йа муьлхха а талламан гӀуллакхаш дӀадахьа а. Иза дихкина ду Женеверчу 4-чу конвенцино, тӀеман зулам ду иза.
Низамехь доцуш кхиазхой дехьабахаро, бохура Рашевскаяс, карлайоккху "ГӀирман сценари", Оьрсийчоьнан векалша Украинан тутмакхаш дӀалецначу дозанаш тIера дӀа а буьгуш, царна кхел а йеш, Оьрсийчуьрчу таӀзаран колонешка дӀахьийсор.
Бераш чохь латтош дуй хаьий-те Украинана?
Маршо Радион Украинин сервисо динчу дехарна жоп луш, Лаккхарчу Радан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаран секретариато хаам бира, шайга латкъамаш кхаьчна Оьрсийчоьнан оккупанташа дӀалаьцначу территореш тӀехь берийн бакъонаш йохош хиларх лаьцна аьлла. Оцу йукъанна хьаькамаша билгалдоккху, йа Украина а, йа дуьненаюкъара организацеш а, йа бакъонашларъярхой а цу территорешка кхача аьтто болуш бац аьлла. Цундела церан таро йац берийн бакъонаш талхор нийса дӀайаздан а, уьш ларъйарна объективе мониторинг йан а.
Инарла прокуратуро жоп делира Маршо Радион хаттарна, бохура тIом болабелчхьана Донецкан а, Запорожьен а, Харькован а, Херсонан а кӀошташкара I2 жимстаг лаьцна. Царна дехкинчу бехкашна йукъахь ду -, шпионалла лелор, пачхьалкхана йамартло йар.
Кегийрхой латтош бу Симферополерчу СИЗО-хь (цхьаъ), Мариуполехь (пхиъ), Мелитополехь (цхьаъ) нисдаран изоляторшкахь. Важа бераш латточу меттигах лаьцна информаци йац прокуратурехь.
Иштта Инарла прокуратуро шен жоьпехь билгалдаьккхина, Харькован а, Запорожьен а кӀошташ дӀалаьцначу хенахь лаьцна, Оьрсийчоьнан оккупацин Ӏедалша латтош хилла кхо жима стаг хӀинца дӀахецна хилар а, уьш Оьрсийчоьнан Ӏуналлехь йоцчу территори тӀехь хилар а.
Симферополерчу лоьмар I йолчу СИЗО-хь латточу I8 шаре йалазчу йоӀана шпионалла лелорна а, пачхьалкхана йамартло йарна а аьлла, набахтехь йаккха хан тоьхна Оьрсийчоьнан кхело. Цул совнах, Запорожьен кIоштан Бердянскехь ши кхиазхо низамехь а доцуш лаьцна латтор а, цул тIаьхьа вийна хилар а дӀайаздина ду. КӀентийн декъий хӀинца а йуха ца делла лаьттах дӀадохка.
Бердянскехь лецна и кхиазхой бара Оганисян Тигран а, Ханганов Никита а. Оьрсийчоьнан Талламан комитето чӀагӀдора, кегийрхой лецна Украинан герзахойн ницкъашца питана дарна а, "Оьрсийчоьнан герзахойн ницкъашна цхьацца сурсаташ ца кхачийта цӀерпоштнекъан некъаш талхорна а" аьлла.
И кегий нах лецначул тӀаьхьа Европарламенто резолюци тӀеийцира, Тигранна а, Никитана а тӀехь латтош долу гӀело сацайар а, царна Украинан Ӏуналлехь йолчу территори тӀе дӀабаха бакъо йалар а доьхуш. Бакъонашларъярхойн хаамашца, кӀенташка шога хеттарш динера, къизаллаш лелийнера. 2023-чу шеран мангал-баттахь хаам баьржира, дӀалаьцначу Бердянскехь снайперийн герз тоьхна ший а кхиазхо вийна аьлла.
Кху шеран товбеца-баттахь президенто Зеленский Владимира куьг йаздира Оганисянна а, Хангановна а веллачул тIаьхьа Маршонан орден луш долчу омрана, "бахархойн доьналла а, патриотизм а гайтарна, Украинан пачхьалкхан суверенитетехьа латтарн а" а.
Украинан прокуратурано хаам барца, дӀалецначу территорешкарчу изоляторшкара украинхойн бераш "материкан" Оьрсийчу дӀадахийтарх лаьцна фиксаци йина йац аьлла. Амма цу тӀехь билгалдоккху, лецначу Украинерчу берийн тептар дуьззина дац аьлла.
Йухаверза шанс юй?
Рашевская Катеринас билгалдоккху, стагана хьалха бехктакхаман гӀуллакх долийнехь йа кхелан сацам бинехь, уьш Украине йухаберзо Ӏаламат хала хуьлу. Амма оцу йукъанна цIа берзийна меттигаш йу – бакъонашларъйархо Буткевич Максиман а, шпионалла дарна бехке йеш йолчу Умерова Лениен а гӀуллакхаш. Царна дуьхьал шайггара бехкаш дехкина хиллехь а, Украинан бахархой кхиамца цӀаберзийра.
"Суна чIогIа лаьа, уьш ма-хуьллу сиха йахаберзо а, уьш хийцаран тептаршна йукъабахийта а. Амма со кхета, мел дукха бу тхан лецна маьрша бахархой политикан гIуллакхашца доьзна, хIара чIогIа хала процесс йу.
И дерриг а Оьрсийчоьно боьхучу "мехах" доьзна ду
Уьш йухаберзо шанс йу, амма кхеташ хила деза, дерриг а Оьрсийчоьно боьхучу "мехе" хьаьжжина хилархНагахь санна, цхьаъ гоьвалла стаг хилахь, иза чIогIа къовсу, шалзаллаш лелацо, и стаг йуха ца вала. ТӀеман йийсархой хийцар рогӀехь дӀахьош делахь а, маьрша бахархой цӀаберзор чолхе а, дагахь доццург хила йиш йолу процесс йу".
Рашевская Екатеринас дийцарехь, бакъонашларъярхоша а, Украинан Ӏедалша а Европан Кхеташонан координацин платформин гурашкахь дуьненаюкъара гуманитаран бакъонаш модернизаци йар хьалхатоьтту, политикан зуламаш дарна бехке бина украинхой цӀаберзо Оьрсийчоь декхаре йайтархьама.
Бакъонашларъярхочо тӀетуьйхира: махкахбаьхначу кегийрхошца цхьаьна баккхийнаш цӀаберзош а меттигаш нисло.
"Оьрсийчоьно махкахдаьхна бераш цӀадерзо хьийза тхо, уьш берхIийтта шерашка бевллехь, хIунд аьлча, оцу берана депортаци йечу хенахь цуьнан хиллачу ханна тIетовжу тхо. Суна ца хета Катаро (Оьрсийчоьнна а, Украинина а йукъахь йийсархой хийцар вовшахтохарехь йукъарло лелочех цхьаъ – редакцин билгалдаккхар) и бераш цIа дерзош гIо дийр ду аьлча, хIунда аьлча, оьрсаша уьш "зуламхой" бу бохур ду цаьрга, дIагойтур дуц шаьш шайггара дуьхьалдаьхначу бехктакхаман гӀуллакхийн материалаш а.
Амма тахана, шена оцу дийцаршкахь йукъархо хила лаьа аьлла керла пачхьалкх йаьлла – Австри. ТIеман конфликтан специфика дика йевзачу цаьргахула бераш цIа дерзо ницкъ кхача а тарло. Амма коьртаниг – дукха тIаьхьа цахилар ду. Цундела дуьненаюкъарчу тӀегӀанехь политикан гӀулчаш йахар тӀедуьллу аса, и бераш хьахадайта а, царна хьалха лаьттачу кхерамах лаьцна дийца а. ХӀунда аьлча, тхуна гуш ду, тIехь ницкъ беш, нах бойъуш хилар, цундела катоьхна цигара цIаберзо беза уьш".
Цуьнца цхьаьна, Рашевская Екатеринас дийцарехь, нисло лаккхарчу тӀегӀанашкахь шерашкахь цхьаъ цӀаверзо къахьоьгу, амма цуьнан цIа вар а нисло, шайна тоьхна хилла хан йаьккхинчул тIаьхьа. Цунна масала ду "Крым.Реалии" проектан маьрша журналист Есипенко Владислав, 5 шо набахтехь даьккхинчул тӀаьхьа Украине йухаван аьтто баьллера цуьнан.
Карарчу хенахь йухаверзийначух уггаре а жима "политикан" тутмакх ву Ковальчук Богдан, ша-шех "ДПР" олучу мехкан ницкъахоша 20I6-чу шарахь дуьйна лаьцна хиллера иза, Украинан къайлахчу сервисашца цхьаьнаболхбарна а, меттигерчу эскархойн машенаш лелхийтарна а бехкевина. ХӀетахь цуьнан I7 шо дара. Оцу кIантана набахтехь даккха I0 шо туьйхира, цул тIаьхьа Чистяково гIаларчу номер 28 йолчу колонехь латтийра иза. Кху шеран марсхьокху-баттахь Украине цIа верзийра иза, шена тоьхна хан чекхъйаьккхинчул тӀаьхьа.