ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дерриг а шайлахь дIадерзош ду". Дагестанехь дIаваьккхинчу хьехархочо дийцина мехкарийн кочаэхарх лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кизлярера лоьрийн колледжехь хьехархо хиллачо ша балхара дӀаваьккхинчул тIаьхьа дIахьедина, Дагестанехь студентийн кочаэхарх а, мел лахара а цхьаъ хийзина хиларх а лаьцна. Цо бехкевина цунна дукха хан йоццуш "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах гӀалин гуламехь депутатан гIант кхаьчна Шахбанов Рустам. Питана ду цо динарг аьлла Шахбановс. Цул тIаьхьа полисхоша лаьцна латкъам бинарг. Оцу кепара зуламаш совцо хала хIунда ду махкахь – къастийра тхан сайто.

Кизляран медицинан колледж Дагестанан могашаллин министралло пачхьалкхан ахчанца кхоьллина хьукмат йу. Цигахь зудабрийн кочаэха тарлуш хиларх а, цу чохь коррупци лелорах а шуьйра дица долийра гезгамашин-бутт йуккъе баьллачу хенахь цигахь хьехархо лаьттинчу Антигов Iабдуллас видео дIайазйеш, хаам бича. Цуьнан йуьззина цӀе а, сурт а долуш хӀинца а лоьрийн колледжан сайта тӀехь карточка долуш ду.

Антиговс мукӀарло дира, ша цу училищехь долчу хьолах лаьцна нахаладаккха сацам бинера, директоро Шахбанов Рустама шен контракт кхин дIа дах ца деш, йукъахдаьккхича аьлла. "Цуьнан бакъо йу: шена лаахь карладоккхв, ца лиъча – ца даккха. Ткъа и харцо лелайо цо, белхахойн къоьлла лаьтташехь", - аьлла дIаваьккхинчу хьехархочо. Цо ишта бохура, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах депутат хила Шахбанов "Ӏалашо йолуш ву" аьлла. Дукха хан йоццуш хиллачу харжамийн жамIашца, цунна билгга меттиг кхаьчна Кизляр гIалин гуламан керлачу декъехь.

Антиговс дийцарехь, Шахбановс куьйгалла дечу хенахь меттигерчу медицинан колледжехь коррупци йаржийнера, хIинца ахча эца хIуммаъ а эхь ца хета. Деша дIаоьцург "доьху" 200 эзарера 300 эзаре кхаччалц ахча, ткъа балха хӀуттуш а оццул дала деза. Антиговс бахарехь, цо ша а кхаъ белла хилла цига балха воьдуш. Оцу юкъанна, 2023-чу шарахь, лицензин хан чекхъйаьллехь а, хьехархочун болх бан дӀаэцнера иза. ХӀинца 300-400 дешархо ву боху цо, дипломаш доцуш виса тарлуш.

Цо иштта дIахьедина, студенташкара "хаддаза ахчанаш дахарх" а, Шахбановн гергарчарна а, доттагӀийн а, бевзачийн а берашна лаккхара оценкаш хIиттош хиларх а, хирургин дисциплинехь хилла боцчарна а цхьаьна. "Аьлча а, дипломаш духкуш ду: цхьа инцидент хиллера, дешархойх цхьаъ дIавоккхуш вара, тIаккха Рустам Мухтаровича цуьнан дена-нанна тIедожийра, иза дIа ца воккхург - 17-чу кабинет чу гӀирс эца аьлла, йуьйцург телевизор йара. Ткъа телевизор хӀинца а цигахь йу", - дийцина Антиговс.

Цо кхаьънаш оьций, масасарна а хууш ду

Цо бахарехь, директоран гӀовсаш, кхуьй а зуда йу, жигара дакъалоцуш йу коррупцихь. Царна, медицинан колледжан кхечу куьйгалхошна а, хьехархошна а цхьаьна, Антиговс дийцарехь, хууш ду Шахбанов студентийн-зудаберийн коча оьхуш вуйла.

"Цо шен цхьа дешархо хьийзинера, цул тIаьхьа и гIуллакх дIа а дерзош. Иза оьрси йара. Доьзалхочух хиллера иза, цо Шахбановх бер динера цо. Амма церан барт хилира, ахча а делла", -дӀахьедина балхара дӀаваьккхинчу профессора. Цо ишта билгалдаьккхина, и доцург а кхин а цу кепара гIуллакхаш хилар, цкъа зудаберийн цуьнан кочаэхар дирзира цхьахйолчу йоьIан да "Сибирера дуьйна ван а веана, цунах лата а леташ".

Дагестанхойн йукъараллин пабликаша зорбане йаьккхинера Шахбанов Рустаман а, цхьана дешархочун-йоьIан а къамелан аудио. Цу тӀехь цо бехк ца биллар доьху, ша куьйг Iоттарна", Iа ца велира ша боху, "массо а зудаберел а товш" иза шена хетарна. Иза хаза, оьзда кхиийна йоI йу боху цо, хьекъал долуш а йу, жимма гIо дича, баккхий кхиамаш бохур болуш а йу. Шен машенахь ша хохкур йу боху, лаахь, хьайн доттагI йалош а йола боху.

Билггал цу шиннан къамел и ду аьлла, тIечIагIдина дац. Амма бакъду, видео тIехь Шахбановс харцдо, делахь а аудио тIехь хеза аз тера ду цунчух.

"Башня" телеграм-канало зорбане баьхна Кизляран медицинан колледжехь кест-кеста коррупци лелорах а, зудаберех куьйгаш Iуьттуш хиларх а студенташа къайлах бина хаамаш. Аьрзнаш ду ур-атталла "Яндексан" рецензешкахь а.

Шен видеохаам зорбане баьккхинчул тӀаьхьа Антигов Ӏабдулина тIаьхьа йелира полици. Интернетехь гучуелира масех видео: цхьанна тӀехь гуш ду хьехархо хиллачун машенна дуьхьал патрулан маше йоккхуш; цхьана полисхочо камерех хьулйо шегара тапча, ткъа важа тIулг а карахь машенна герга вогIу. Оцу дерригенан а тешаш бара. Антиговн аьтто белира кӀелхьаравала, ткъа рогӀерчу видео тӀехь гуш ду хьехархо хиллачо шена тIаьхьахахкайелла йогIу машен видео тIе дIайазйеш.

Дукха хан йалале машен ор чу йоьжнера. Жимма лазийна висира Антигов. Талламхочо "Саца стенна ца соцура хьо?" аьлла, шега аьттича, цо жоп делира: "Со кхоьрура сайна цхьаъ дарна" аьлла. ТӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, кхайкхам зорбане баьккхинчул тӀаьхьа полисхоша лаьцна, йиттинера Антиговна. Прокуратуре латкъам бинера цо, цул тӀаьхьа лаца кхайкхийра иза. Формалехь иза лацаран бахьана, хууш дац. Шена тIаьхьа хехкалучу машенах ведда, лазийначул тIаьхьа цуьнан кхоллаах лаьцна хууш хIума дац.

Дагестанан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло комментари ца йина цу хьолах лаьцна. Республикин "Халкъан турпалхо" цӀе лелош волу Шахбанов кхидӀа а вуьсу Кизляран медицинан колледжан директоран даржехь. Гезгамашин-беттан 13-чу дийнахь меттигерчу "Черновик" газето зорбане даьккхира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, Талламан комитетан а, Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратуран а куьйгалхошка дахьийтина диллина кехат, цу тIехь доьхура пачхьалкхан дешаран хьукматехь коррупци а, сексуалан кепехь зудабераш хьийзош ду аьлла, кхочу дӀахьедарш таллар доьхуш. Цкъачунна цунна жоп ца делла.

Тхан редакцино а дахьийтина полици а, Шахбановга шега а кехаташ – хIара артикл зорбане йоккхуш жоп даийтина дац цара.

"Ахь дош олий- оцу сохьта хьо дIавоккху"

Дагестанерчу тхан хьостано дийцарехь (Оьрсийчоьнан репрессин низамашца боьзна болу кхерам бахьана долуш цуьнан цӀе ца йоккху оха – Ред.), Шахбанов Рустам медицинан училищехь коррупци лелорна а, зудабераш хьийзорна а латкъамаш бинчул тӀаьхьа бехктакхаман гӀуллакх шена дуьхьал даккхарна кхера оьшуш дац. Цуьнан масех бахьана ду, царех цхьаъ ду Кизляран кIоштан спецификехь.

"ХIинжа-ГIалина мелла а генахь ву иза. ШолгӀа делахь, меттигерчу Ӏедалшкахь, къаьсттина ницкъаллин структурийн ницкъашлахь вовшийн гергара болу нах бу белхаш беш. Цул сов, и кӀошт "оьрсийн" лоруш йу, ткъа эрмалойн йукъараллин позицеш цигах чӀогӀа йу. И бахьана долуш, меттигерчу дагестанхойн негативан агӀонаш а, меттигерчу менталитетийн башхаллаш а цхьаьна йогIуш йу", - кхетийра къамелдечо.

Цо бахарехь, республикан оцу декъехь хӀоьттина атмосфера йуста мегар ду Кущевская эвлан историца: Цапковн гонах болчу наха дуккха а нах хIаллакбаллац, меттигерчу ницкъхоша бӀаьргаш хьаббора цара лелочунна.

"Иштта хьал тергалдо кхузахь а. Цхьана дешаран хьукматан директор ву, коррупцина а, кхин долчу зуламашна а бехке веш. Массарна а хаьа цо кхаьънаш оьцуш хилар, амма цунах цецволуш цхьа а вац. Кхаьънаш оьцуш ду дукхахйолчу дешаран хьукматашкахь, йеккъа цхьана Дагестанехь бен хилла ца Iа и тайпаниг. Цундела Шахбанов коррупционер лоруш вац. Мелхо а хало тIехIоьттича гIо дан орцах волу стаг санна тIеоьцу иза: цхьаъ цхьанхьа дIахIоттош, сесси дIакъовлуш. Цунна дукха нах бевза, цаьрца доттагIаллин уьйраш лелош ву иза. Цундела атта хир дац иза бехкеозо, цхьацца хабарш доцург, цунна дуьхьал даккха кхин хIума дац", - бохура къамелхочо.

ТIечIагIдийр долуш цхьа а вуй? Вац. Вацахь – кхин хIуммаъ а дойла йац

Оцу йукъанна, боху цо, цу хьолана резабоцчарна Iедал тIаьхьа даккха, масала, кхузахь Антигов Iабдуллина, хIуммаъ а хала дац Шахбанов Рустам санна болчу нахана. Йуха а, цуьнан Ӏаткъаме зӀенаш бахьана долуш.

"Шахбановс ницкъахойх цхьаьнга телефон тоьхна, ала мегар дара "оцу стага суна гӀийбат до, харцдерг дуьйцу, жоьпе озаве иза". Цунна хьашт дац Антиговна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх схьаделла – цара нах а бахийтина, омра дан мегар дара: "Схьавалавел иза кхуза, жоп дала дезар ду" аьлла. ХӀара дерриге а леладо шайлахь. Антигов кхоьруш хила тарлора, цхьаъ шена тасарна. И тайпа хIуманаш а хуьлуш хуьлу. Цундела къайлавала лиъна цунна. Эххар а хила дезарг хилира: некъан бохам Iоттабели, иза лаца а леци", - билгалдоккху хьостано.

Бехктакхаман гӀуллакх доло, мел кӀезга а, зе хиллачо полице хаам бан беза, шех куьйгаш тоха гIоьртина аьлла . Амма зудабераш ца хIуьтту и дан, дискриминаци шайца лелорна кхоьруш.

"Нагахь санна, масала, цхьана йоӀа кхааннаш дохуш делахь, лекцешка ца лелахь, цӀеххьана и тайпа хIума шега алахь, оьгӀазъяхана, дӀаяхча, "Хьажахь, со йуьхьарлаьцна" цо алахь, цара эладита даржо тарло, ишта дацара и аьлла. Мелхо иза ша йара эвхьазло кховдийнарг, ткъа директор оьзда стаг вара, цо арайаьккхина хиллера иза, цундела цунна бекхам бан хьийза иза аьлла, дерзо гIурту. И "контраргумент" дукхахболчу наха тешаш тIелоцу, тIаккха и зудабераш кхета, шайн гIуллакх чекдер доцийла",- бохуш, дуьйцу къамелдечо.

Нагахь санна, полицин кара и дIахьедар кхачахь а, тамаш бу-кх бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхахь, билгалдоккху хьосто.

"ХӀорш ду къайлаха зуламаш олуш дерш. Хилийтахьа кочавахна, хIун лараш йитина? Бедарш этIийний? ХӀан-хӀа. ХӀун аьлла цо? Цхьа дош вукхунна дуьхьал. Цхьаммо а тӀечӀагӀдан йиш юй хӀара? ХӀан-хӀа. ТIаккха- хӀумма а дац. Формалехь таллам бина: и стаг полицин декъе вигина, цо кхетош кехат йаздина – цу тIехь гIуллакх дIакъовлу", - дуьйцу къамелдечо.

ТIаьххьара а, бохура цо, оцу йоIа шен дега-нене дIадийца тарло, йа церан цунна вас йинчу стагаца барт хила мега, йа цунх лета уьш, тIаккха уьш шаьш чу бухкар бу. Боллу хьехархой шайн куьйгалхочуьнгахьа хир бу – балхара шаьш ца дахийта.

"Талламхочунна и гӀуллакх талла ца лаар санна, дешаран хьукматан белхахой а кхета, нагахь санна шаьш "хIордкема лестадахь", шайн рицкъ дӀадала тарлойла. Изза ду Антиговца а. Иза йеххачу хенахь вист ца хуьлуш ма Ӏийра. Ша болх беш волуш, цо и хаттар ца хьалаайдира, офисехь хьала ца иккхира, "Собардел" аьлла. Шех цхьаъ хьакхаделча бен вистхилла вац иза а. Бюджетан белхахой, ма-дарра аьлча, лайш ма бу. Уьш бист ца хуьлу, церан хIуммаъ а дойла йац. Царах доьзна хIума а дац: дош алахь – балхара дIабохур бу", - кхетийра цо.

Тапъаьлла Iар –сигнал санна

Проблема йоллу пачхьалкхехь йу, ур-атталла дуьненаюкъара хаттар ду ала а тарло, бохуш дуьйцу Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ лайначу зударшна гӀо деш йолу «Марем» кризисан тоба кхоьллинчу Анохина Светланас. Цунна хетарехь, меттигера менталитетан хьелаш бахьана долуш, и проблема Дагестанехь мел а хьулйина йу: "Аса а дешна Дагестанан школашкахь а, университетехь а, суна дагабогӀу иштта хьехархой а, мехкарша вовшашца къамелаш деш а: "Цуьнца хьуо цхьаъ ма йисалахь", йа "Нагахь санна, хьайн экзаменехь лаккхара балл йаккха лаахь, йоца юбка йуха" бохуш, къамелаш дора.

Бакъонашларъярхочо билгалдоккху, доьзал арахьа хьийзорах бечу латкъамашна "Мареман" балха тӀехь коьрта тидам тӀебохуьйтуш дац аьлла. ХӀетте а, цаьрга кхочу и тайпа аьрзнаш, шайна йукъахь Дагестанера а, кӀеззигчу барамехь ГӀалгӀайчуьра а, Нохчийчуьра а. Амма иза дац тӀаьххьарчу шина республикехь и тайпа хIуманаш ца нисло бохург. Цигахь гӀо деха аьттонаш кӀезиг хилар а, кхечу йаккхийчу проблемашна йуккъехь зудаберийн кочаэхар кхин дIоггара онда гӀуллакх санна тӀе ца оьцуш хилар а ду.

Анохинас тӀечӀагӀдо, Кизляран медицинан колледжан директор Шахбанов жоьпе озор ву аьлла, дегайовхо йанне а йац аьлла.

"Цкъа делахь, вайна го дуккха а хьийзийна меттигаш, шайна йукъахь полицин декъехь нисделларш а долуш. И тайпа гӀуллакхаш шерашкахь луьсту. Нахана къиза йиттина, амма зуламхой жоьпаллех кӀелхьара бовлу дийцарш а ду. ХӀинца, бехкевеш верг тӀаме ведда дӀаваха йиш йу. Ткъа кхин дIа хӀун ду? Нагахь санна, оцу йоIах куьйгаш тоьхна, йа иза хьийзийна меттиг белахь, цунна тIаьхьашха дуккха дуьйцуш эладиташ дуьсу. Кавказана и доккха эхь ду, боллу доьзална тIехь дуьсу таммагIа. Со тешна йу Кизлярера колледжехь дерг а ишта дуьсур ду хийцаза.

ХӀунда аьлча, вайн махкахь низаман хьал иштта ду, ойла а йина, таллам баре а, нийсонца сацам баре а сатуьйсуш хилар санехь доцуш оптимистийн дог-ойла йолуш ду. Цу тӀе цхьа а сатийсам бац".

Ӏедалш а, ницкъаллин структураш а тийна Ӏар - къеггина билгало йу, цара кхидӀа а изза дан мегаш хиларан

Анохина хетарехь, дикачу хьолехь, бакъонашларъярхой йукъагӀоьртинчул тӀаьхьа, зудаберийн кочаэхар сацор ду аьлла, сатийса бен йиш йац хьийзийначун.

"Цхьана йоӀа тхоьга орца дехнера цу кепарчу хьолехь. Тхо кхеташ дара, низамехула тхешан гӀуллакх хир доцийла: иза реза хир йацара, хӀунда аьлча, уггаре а хьалха шен доьзало таӀзар дийр дара цунна. Колледжера дIайуьгура йара иза, кхин дIа доьшуьйтур а дацара. Оха хьехар дира цунна, шайн къамел дӀайазде аьлла. Цул тIаьхьа тхо зIене девлира оцу профессорца. Тхан тIедахкарш радикале дацара – вуьшта хиллехь, цунна гIо далур дацара тхоьга. Оха и аудио цунна дIа а йахьийтина, элира: зудабераш цо Iад ца дитахь, хIара аудио оха полици дIакхачор йу аьлла. Ишта сацийра оха и хьал", - дийцира Анохинас.

SK SOS кризисан тобанан векало Мирошникова Александрас, Кизлярехь хиллачу скандалах лаьцна комментари йеш, иштта билгалдоккху, шайн практикехь зудабераш хьийзорах лаьцна латкъамаш кӀезиг хилар: "Амма иза ца хуьлу бохург дац и. Тхан белхан специфика муха йу аьлча, тхо орцах довлу вен керам болчу стагана. Дукха хьолахь, буьйцурш мехкарий, церан деша, йа болх бан бакъонаш доза тоьхна йу. Оцу тайпачу гIуллакхаш уьш Iитталойла дац, хIунда аьлча, нагахь санна мехкаршна деша а, болх бан а бакъо йеллехь а, уьш дIасалелош церан гергарнаш хуьлу.

Мирошниковас дийцарехь, дукхахдолчу хьелашкахь мехкарша сексуалехь ницкъ барх лаьцна хаам бича, вуьйцург хуьлу гергарчех йа доьзалан доттагӀех верг.

Цо бахарехь, и хIума йукъара дӀадаккхалур дац, Ӏедало цунна тӀе тидам бахийтталц а, иза магош дац аьлла къаьсттина сигналаш гучуйовллалц а.

"Цкъачунна тхуна гуш дерг - Ӏедалхойн а, кхерамазаллин ницкъийн а тийна Iар ду, иза Iаламат вон ду. ХӀетте а, нагахь санна вайна бехк харц бу аьлла хетахь а, цу тайпа хӀумма ца хиллехь а, Ӏедалш а, кхерамазаллин ницкъаш а декхаре бу йукъараллица зӀене бовла а, таллам дӀабахьа а. бохуш дуьйцу Мирошниковас кхидӀа а.

SK SOS Центран векало тӀедуьллу, хьийзочу зудаберашна, дерриг а дIайаздар, полици бовлар. Нагахь санна, цунах гIуллакх ца хилахь – "Марем" тобанера бакъонашларйархошка йаздар.

"ХӀора гӀуллакх шатайпа ду, амма нагахь санна доьзало йоӀана зен дан тарло аьлла, дуьххьалдIа кхерам бацахь, тIаккха гIоле ду полици арз дича. Ша ду, цхьаммо "зудаберашца иштаниг нисло" бохуш хилча, оцу зудаберийн цIераш цьанна а ца хаьа. И кхечу тайпа тIеоьцу. Амма мехкарша шаьш дIахььедой: соьца хIар нисделла аьлла – тIаккха кхечу кепара хуьлу. И жоьпала тIехь хиларх массо а кхеташ хилча дика дара: билггал долчу зудабераша цунах дIахьедеш хилча, тIаккха атта хир дара ницкъаллин структураш цхьа гIулчаш йаха декхаре йан", - дерзийра къамелдечо.

• 2023-гӀа шо чекхдолуш бакъонашларъярхоша билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ барна зе хиллачу нехан латкъамаш алсамбовлар, и тенденци лаьттира 2024-чу шаре кхаччалц. Нохчийчохь и ламаст зударий байаран бахьана хуьлу дукхахдолчу хьолашкахь – мел кӀезга а, нахана гучудовлучу кӀеззигчу гӀуллакхийн мах хадорца. "Кавказ. Дуьне. Кхиар" кхузаманан а, регионийн проблемийн хеттарш толлучу дуьненаюкъарчу центро бинчу хаамца, "сий лардеш нах байъар" ша-тайпа меттиг дӀалоцуш ду кхузахь. Нохчийчохь оцу ритуалан гӀиллакхах дукхахдолчу хьелашкахь зударий байа бахьана ду. И хьесап дина мел кӀезга а нахана гучудовлучу гӀуллакхийн хьесап дарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG