Нохчийчохь зевне билгалдаьккхира нохчийн зудчун де, массара а хаза дешнаш олуш, ловзарш, синкъерамаш хIиттош. Амма бакъду оцу доллучунна тIехьа гуш хуьлу билггал зударшкахь долу хьал: денна бохург санна ницкъбо зударшна, доьзалехь хьийзош меттигаш нисло, дозанаш детта цунна бIешерашкара схьадохьу Iадаташ а, политикан хьелаш а бахьана долуш. Нохчйчхь зуда хилла йаха хала ду йа дац, дуьйцу тхан редакцин материалехь.
Цхьана зудчунна дуьхьал – ши стаг кхачош
КIира хьалха са ма тассара Нохчийчуьра боллу хьаькамаш аьлча санна Ахмат-Йуьрта баха новкъабевлира Кадыров Рамзанан цIийнах мел болу зударий декъалбан, ткъа шайн официалан аккаунташкахь дийцира зудчун "сийлаллех" а, "лерринчу хьелашкахь" нохчийн зударий шаьш лелош хиларх а лаьцна. Ткъа гIалин урамашкахь дийкъира зударшна зезагаш а, йовлакхаш а, иллеш, эшарш а лийкхира.
Нохчийн зударийн де йукъадаьккхина 2009-чу шарахь, Кавказан тIамехь паччахьан эскарша 1819-чу шарахь штурм йеш, Дади-Юрт йохийначул тӀаьхьа оьрсийн салтийн кара ца баха, шайн сий лардеш хи чу лилхина кегий зударий дагалоцуш.
Оцу дийнахь даим а санна Нохчийчоьнан урхалхочо декъалбо зударий, уьш дуьненахь "массарел а ирсе хилийта" шаьш "дерриг а дийр ду" бохуш, чIагIонаш а йеш. Мехкан бакъонашларйархочо Солтаев Мансура цу дийнахь дIахьедо, республикера зударий "маьрша а бу, лоруш а бу", царна дуьхьал цхьана а кепара лелош харцонаш йа къизаллаш йац олий.
Цхьана маьӀнехь иза бакъ ву: нохчийн йукъараллехь дайша баккъалла а лоруш а, пусар деш а хилла зударийн; ширачу Ӏадаташца, нагахь санна, цхьа зуда йийнехь, цунна дуьхьал бекхам беш ши стаг вуьйш хилла. Йукъараллехь а зудчун дакъа оццул доккха дара, цо шен коьртара йовлакх даьккхина, вовшахлетачу шина боьршачу стагана йукъа кхоьсича, уггаре а луьра дов а ур-атталла сацош хилла. Амма хӀора дийнахь шайн дахарехь хаддаза тӀеӀаткъамах а, дехкарех а Iиттало Нохчийчуьра зударех. Дуккхаъчу нохчийн зударшна дахар - доьзална хьалха долчу декхарна а, шаьш хила йиш ца хиларна а йукъахь хаддаза баланс латтош долу гӀуллакх ду. Иштта дуьйцу Соьлжа-ГIалара Заретас шен йахарх лаьцна: "Цкъацкъа хета суна, дерриг а дуьне а деккъа аса сайн декхарш кхочушдаре сатуьйсуш долуш санна; цхьаммо а ца хоьтту суна хӀун лаьа, цундела сайн лаамаш цхьана а чоьте ца бохку аса. Нохчийн зуда хилар атта дац, амма тхо дIа марзделла, дIаийна кху дахарх. Дера халонаш а ма нисло, амма ас уьш тIеоьцу, сайн дахаран цхьа дакъа санна, сайн ишта кхел йолуш санна".
"Сайн лаамаш цхьана а чоьте ца бохку аса"
40 шо долчу Луизина Нохчийчохь йахар – "минех йуьзначу аренца лелар санна ду". Ларамза хьаштдоцург цо алахь, йа цхьа ледарло цуьнгара йалахь тIаьхье йеха хир йу оцу гIалатан: наха йемалйар, тIеIаткъамбар, шех цакхетар, охьадагардира цо. "Сан кхин харжам бац. Кхо бер, цIийнда, цомгаш нана. Стенга гIур йу со? Вуьшта-м тоххара кхузара йедда хир хьаха йара со", - дегаIийжамца дийцира цо.
Соьлжа-ГIалара Хеда 20 шарахь сов Европехь а йаьхна, эххар а йухайеара Нохчийчу, цигахь синтем хир бу шена аьлла сатуьйсуш, амма дукха хан йалале чам белира цуьнан оцу меттигах: "Со Нохчийчу йухайеъча, суна моьттура, сайн сина паргIато хир йу, сайн ирс карор ду сайна цигахь, гергара, беза-бевза нах а цигахь бара. Ас жимо бутик схьайиллинера Соьлжа-ГIали йуккъехь европахойн духар духкуш. Нохчийчохь массо а аьлча санна дIакъовлабелла лелаш белахь а, эцархой шортта бара сан, туькано пайда бохьура суна, амма ца тара суна цигара низамаш, халонаш. Ас хьалха церан ойла а ца йинера. Сема хила йезара цIахь а, арахь а, социалан машанашкахь а. Аса йовлакх ца леладо, амма коьрта и тилла дезара сан цигахь, цхьайолчу белхан хьукматашка коьртахь йовлакх дацахь - чу ца вуьтура. ТIаьххьара а сан собар кхачийнарг дара махкара муфтиято хIоттийна хилла гулам(кхузахь дуьйцург ду дукха хан йоццуш туьканинй а, хазаллин салонийн а долахошца а, моделан индустрин векалшца а хилла цхьанакхетар- Редакцин билгалдаккхар). Цул тIаьхьа сайн туька дIа а йоьхкина, со тоххара йаьхначу Германи йухайеара со. Оцу шогаллехь, IалагIожехь, шогачу гурашкахь суо мегар йоцийла хиира суна. ХIаъ, Нохчийчоь – сан хIусам йу, цигахь сан орамаш ду, дайн гIиллакхаш ду, амма йацара суна йеза, со марзйелла маршо. Цигарчу адамех, хьелех дIа ца ийра со".
Зудчун йозаллех лаьцна долчу дикачу дешнашна тӀехьа- хӀора нохчийн зудчунна йукъаралло бечу тӀеӀаткъаман дукъ хаало, мукӀарло дира цхьана нохчийн йахархочо тхан редакцица динчу къамелехь : "ХIоразза а, суо цIера арайолуш, суна дагахь хуьлу, нагахь санна соьгара цхьа гIалат далахь, йа низамо а, йа вашас, йа дас суо Iалашйийр йоций. "Грозный" ЧГТРК-н камераш тIе а хьежош, хьан цIийнах мел верг йуьхьӀаьржа хӀоттор ву, бехкаш дохур ду, "зудабер муха кхион деза" дуьйцуш, хьехамаш бьийр бу са кхачадаллалц. Уггаре а ирча хӀума ду, хьан цхьана агIор хьуо бехказаваккха бакъо йоцуш хилар".
Бакъо йоцуш йеза хилар
Нохчийчохь зуда хилар тахана –ламастан мехаллаша а, исламан низамаша а, патриархалан низамаша а вуно доккха дакъа лоцучу йукъараллехь вахар ду, билгалдоккху Белгехь йолчу PeaceWomen Across the Globe цӀе йолчу юкъараллин векало Газиева Фатимас.
"Зударша дукха хьолахь коьрта декхарш тӀеоьцу цӀахь, бераш кхиорехь, доьзалан ламасташ лардарехь, доьзалан цӀе ларъйарехь. Амма денна цуьнан дахарехь нислуш йолу халонаш бахьана долуш, цуьнан аьтто ца хуьлу болх бан, карьера йан, хIунда аьлча цунна чу диллина ду – уггар а хьалха кхерч ларбан иза декхаре йу, хьан духар нохчийн гIиллакхашца догIуш оьзда хила деза, доьзалх йа хIусамдех йоьзна йу хьо, цхьана кепара сацамаш тIеэца безаш эшахь, нагахь санна, и зуда шен лаамехь лелаш йелахь, тIаккха а гонаха болчара бехк боккхур бу цуьнгара", - охьадагардира цо.
ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчуьра зударша жигара дакъалоцу йукъараллин дахарехь, доьшу, шайн бизнес йолайо, амма и дерриг а, йукъаралло магийначу гурашкахь лело дезаш ду, аьлла хета Газиевана.
Нохчийн зударий ларбеш а, лоруш а бу, ткъа лелаш долу дехкарш оьздангаллин йа нохчийн йукъараллин гӀиллакхийн проблема йац, мелхо а, ма-дарра Оьрсийчоьнан Ӏедалан политикех схьадаьлла ду, боху политолога Кутаев Руслана.
"Нохчийн зуда шен доьзалехь билггал йезаш а, лоруш а йу. Нохчашна йукъахь даим а йеза лерина йу зуда, цо доккха дакъа дIалоцуш хилла, деза дакъа эр ду-кх вай: цхьа зуда йийча цунна дуьхьал бекхам беш ши стаг вуьйш хиллехь. Цхьа гIийла ши миска стаг ма ца хилла и вуьш верг а, къонахий-тIемалой хилла. Суна ца хета, зударшна дешарца а, карьера лакхайаккхарца а доза детта аьлла. Кхеташ ду, наггахь зударий лелаш йолчу системица конфликте боьлху. Цкъацкъа низамехь доцуш тIаьхьабуьйлу царна, низамехь доцуш лоьцу уьш – церан политикан хьежамаш бахьана долуш, и хьежамаш тахана лаьттачу политикан рожаца богIуш цахиларна", - билгалдаьккира цо.
Кхузахь дагалоцийла йу Соьлжа-ГIалара 64 шо долчу Баталова Марьятца хилларг. Украинехь вийначу шайн луларчу стагана хIоттийначу тезетахь цо дуьстина хиллера шайн махкахоша Украинерчу тIамехь дакъалацар, тIамца Нохчийчу баьхкинчу оьрсийн салташца. Масех де даьлча нохчийн ницкъахоша Баталова дIайигинера, стенга а ца дуьйцуш: "Вот Так" пабликан журналисташа дийцарехь, къеначу зудчунна тIехь ницкъбинера, ток а йоьттуьйтуш. Цуьнан гергарчу наха 350 эзар сом охьадиллича-тIаккха дIахецнера иза.
Нохчийчуьра социолога, шен цӀе ца йоккхуш, билгалдаьккхира, зударий хӀинца а йукъараллин тӀеӀаткъамехь хилар: "Политикан системо билггал кхин а дехкарш до цунна, амма вайна дагахь хила деза йукъараллехь социалан норманаш хилар а. Зуда доьзалехь ларъйеш йелахь а, иза хӀинца а йозуш йу йукъараллехь олу долчу дашах: лулахойх, шен дуккхаъчу гергарчу нахах, меттигерчу Iедалх. Вайна хууш ду, нехан багавахар а, эхь а коьрта лоруш хилар".
Социолога билгалдоккху, зуда йийча - дуьхьал шина стеган дахар дӀаоьцуш хиллачу хенахь дуьйна нохчийн йукъараллехь дуккха а хӀума хийцаделла хилар. Таханлерчу дийнахь оцу эпитеташа а, билгалонаша а кIезиг Iалашво: кӀезиг ларам бо: ламасташа зудчун васт лардо, амма цуьнан маьрша хила бакъо, цуьнан кхерамзалла Iалашйеш йац, дерзийра цо.
- Нохчийчуьра Динан урхаллехь цхьаьнакхетар хилира зударийн духарш духкучу туьканийн а, хазаллин салонийн долахошца а, модин индустрин векалшца а. Бизнесхошка дийцира, муьлха реклама магош йу, духар муха гайта деза, муьлхачу кепехь болх бан бакъо йу моделашна, "дайн Iадаташ" а ца дохош. Хьаькамаша бахарехь, хазаллин а, модан а индустрихула "республикан имидж йохош йу", ткъа Iедалхой иза ца хилийта дагахь ду. Бизнесхошна официалехь варе дина - социалан машанашкара "товш йоцу" публикацеш дӀайаха аьлла. Цара йуха а низам дохийна меттиг нислахь, Iедалан векалша дош делла, таIзар кхин а тIечӀагӀдийр ду шаьш аьлла. Тхан сайто теллира, хIун ду кхузахь билггал дуьйцург: ламасташ лардар ду, йа цхьаболчу нахана тIехь контрол латтор ду.
- Шо карадеачхьана Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн белхахоша лечкъийна бигина меттигера бIе гергга бахархой. Дозанал арахьа бехачу жигархошна къаьстина терахь ду иза а. Церан хаамашца, лечкъийначу нахалахь хилла зударий, бераш, чолхе цамгарш шайн догIмашца йолу нах а цхьаьна. Мел лахара а масех стаг велла, полисхоша тIехь гIело латтийначул тIаьхьа, дукхахберш – Украинера тIаме бахийтира. Тхан сайто дийцира, 2025-чу шарахь Нохчийчохь адамаш муха дов.