Исторехь тӀеман класс аьлла цӀе тиллинчу Оьрсийчоьнан гIалагIазкхаша кхин дIа а ладаме дакъа лоцу кхузаманан тIемашкахь, шайна йукъахь Украинера тӀом а болуш. Реестрехь болчийн а, лаамхойн а вовшахтохараллаша дакъалацаро хӀинцале а Ӏаткъам бина церан терахьашна. Иштта бIостаналлаш гойту, цуьнан кхузаманарчу статусца а, Оьрсийчохь идентификалла йарца а. Тхан редакцино дуьйцу, маса гӀалагIазкхийн дакъа ду луларчу пачхьалкхана динчу тӀелатарехь дакъалоцуш а, хӀун ду уьш церан Украинерчу "накъостех" къастош дерг а.
XX бӀешо долалуш 2,5 % бара гIалагIазкхий Оьрсийчоьнан империн бахархошлахь, уьш бара цхьаъ бен йоцу эскаран гӀуллакх деш йолу класс. Советан Ӏедал кхоллалуш дуккха а нахана тIехь репрессеш йича: нах байар, махкахбахар бахьана долуш гӀалагIазкхашна чӀогӀа эшамаш хилира, царех цхьа дакъа ахархойн могӀарехь дӀакхийтира. 1991-чу шарахь СССР йохарца дӀаболабелира гIалагIазакхийн меттахӀотторан жигара мур. Йуьхьанца декоративан кеп йара цо лелош, амма эххар а иза хилира Кремлан гӀуллакхехь маьӀне политикан а, йукъараллин а ницкъ.
ХӀинцалера гIалагIазакхий шина тобане бекъа мегар ду: регистраци йина гIалагIазкхий а, дукха заманхь дуьйна бехаш хилларш а. Хьалхарнаш официалехь дӀайазбина бу, амма массо а бац уьш гӀалагIазкхийн орамаш долуш. Церан терахь Оьрсийчохь 2023-чу шеран тобвеца-баттахь 146 эзар гергга хилла. Дукха хенахь дуьйна гIалагIазкхойх ду шаьш бохучу нехан терахь пхеа миллионе кхача мегаш ду, аьлла хаамбира тхан сайте хьалхо гIалагIазкхийн дахар толлучу Маскингум университетан профессора Арнольд Ричарда.
Политологна, Къилбаседа Кавказан экспертна Савва Михаилна хетарехь, кхузаманан гIалгIазкхалла вуно чолхе а, бӀостане а феномен йу: "Имперехь дерриг а цхьалха дара: гIалагIазкхалла йукъараллин класс йу. ГIалагIазкхех ву аьлла, йазвина велахь – гIалагIазки ву хьо. Вацахь – вац. Цхьа барт болуш карарчу хенахь гIалагIазкхий бу бохуш, дийцар маьIне дац. СССР йоьхначул тӀаьхьа Украинехь а, Оьрсийчохь а гIалагIазкхийн болам берриг а кхечу кепара кхиъна. Оцу боламийн кхин йукъара хӀума дац".
2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан гIалагIазкхаша дакъалецира Украинерчу тIамехь, хIора шарахь цигара церан терахьалла кхуьуш догIу. 2022-чу шеран охан-баттахь реестрера пхи эзар гIалагIазкхий тIом беш хиллехь, шо чекхдолуш – кхузза сов бара уьш 15 эзаре гергга. 2023-чу шеран гIадужу-беттан йуьххьехь ротацеш а, йукъарабахар а лерича, тIамехь болчу гIалагIазкхийн терахь лакхадаьллера 25 эзаре. Царех кхоалгIа дакъа даккхийчу гIалагIазкхийн эскаршлахь бу: Теркан, ГIобанхойн, и Донан.
Оьрсийчоьнан Ӏедалхоша дийцарехь, гIалагӀазкхашна цу тӀеман йукъана жамӀ ду кегийрхойн цу йукъараллех дӀакхета лаам лахбалар. Официалан хаамашца, 2022-чу шарахь дуьйна Оьрсийчохь гIалгIазакхийн терахь исс эзарна лахделла, и дерриг а терахь тӀамехь хиллачу эшамашца доьзна ду ала йиш йац.
Донан гIалгIазакхийн эскар
Ростовн кӀоштан Ӏедало динчу лараршца, гергарчу хьесапехь 2,5 эзар Йоккхачу Донан эскаран гIалагIазкхи ву цу тӀелатарехь дакъалоцуш. Уьш тӀом беш бу тӀеман министраллан дакъошна йукъахь а, лаамехь лелачу тӀеман бригадашкахь а, тобанашкахь а.
2014-чу шарахь дуьйна Украинехь сепаратистийн агӀор тӀом беш йу "Сийлахь-Йоккхачу Донан эскаран гIалгIазакхийн къоман гварди" (КНГ ВВД) олу тоба. Цуьнан декъашхой бехке бинера дуьненаюкъарчу организацеша Донбассерчу бахархой хьийзийна аьлла. 2015-чу шарахь дуьйна Евробертан санкцеша лаьцна йу гварди. Украинехь тӀом боьдучу хенахь цкъачунна керла бехкаш дехкина дац цу декъана.
ГIалагIазкхийн "Дон" бригада вовшахтоьхна Оьрсийчохь 2022-чу шарахь, леррина Украинана дуьхьла тIом бан Iалашонца. И бригада "Оьрсийчоьнан а, цул арахьарчу а гIалагIазкхийн эскархойн Союзан" куьйгакIел йу. Йоьзна йу и "Редут" ЧВК-ца.
Платовн цIарах йолу 6-гӀа къаьстина Лисичанскан гIалагIазкхийн бригада - Украинин оккупаци йинчу Луганскан кIоштахь дӀатарйина йолу Оьрсийчоьнан лаьттан эскаран тӀеман дакъа ду. "Вымпел" (БАРС-18) батальон а йу Йоккха Донан эскаран декъашхо. ТIаьххьарчех дакъа вовшахтуьйхира 2024-чу шарахь- Донан мотокхийсархойн полкан батальон.
ГIобанхойн гIалагIазкхийн эскар
2022-чу шеран аьхка Краснодар-махкара тIеман комиссаро Кузнецов Александра дIахьедира, 1,5 эзар сов лаамхо ву тIамтIехь, царах доккхаха долу дакъа (эзар гергга) гIалагIазкхий бу аьлла. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь ГIобанхойе гIалагIазкхийн Украинера эскархой 4,4 эзар вара. 2025-чу шарахь ГIобанехь ротацеш хиллачул тIаьхьа дIахьедира хIинцале а 10 эзар "гIалагIазкхи-лаамхо" ву Украинехь аьлла.
ГIобанхоша кхоьллинчу тӀеман дакъошна йукъара пхи дакъа гӀалагIазкхийн ду ала тарлуш ду: атаманан Чепега Захарийн цӀарах йолу (БАРС-1) отряд кхоьллина 2022-чу шарахь; «ГIобана» (БАРС-11) декъана гIалагIазкхийн цӀе йелира 2025 шеран чиллан-баттахь; ГIобанан (БАРС-16)спецназ; Муромец Ильян (БАРС-20) дакъа а, тӀаьххьарчех цхьаъ – БАРС-38 "Гроза" а.
Теркан гIалагIазкхийн эскар
Теркан гIалагIазкхийн билгалонан башхалла йу цу йукъахь герзан ницкъийн массо а дакъошкара гIалагIазкхий хилар. Цуьнан коьрта дакъа ду 2022-чу шеран аьхка Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара президентан вуьззина векалан Чайка Юрийн инициативаца кхоьллина йолу "Терек" батальон.
Батальон кхоьллинчу хьалхарчу шарахь цуьнан декъахь гӀуллакх дина 1250 гӀалагIазкхийн лаамхочо. Стохка аьхка и терахь дара 6 эзар сов. Йуьхьанца лериначул а алсам лаамхой тIом бан баха лууш хиларна, сацам бира батальонна йукъахь "Терек" гIалагIазкхийн бригада кхолла. ТӀаьхьо оцу бригадана йукъахь кхоьллира "Гребенская" отряд, цигахь "гӀуллакх до", 50 шарал а тIехбевллачу массо а эскаршкара векалша.
Дагестанан куьйгалхочун Меликов Сергейн инициативаца 2023-чу шарахь кхоьллина дуьненайукъара лаамехь йолу тӀеман "Каспий" батальон, иза а йу "Терек" батальонан декъехь.
Иштта кхин а дакъош ду тӀамехь Теркан гIалагIазкхийн эскаран декъана муьтIахь долуш, масала, "Скиф" гIалагIазкхийн (БАРС-35) батальон, иза Оьрсийчоьнан герзахойн ницкъашна йукъахь шен лаамехь дакъалоцуш долу дакъа.
ХIора а шен-шен некъаца
2022-чу шарахь дуьйна цхьана хенахь цхьаьна хилла Оьрсийчоьнан а, Украинан а гIалагIазкхий баррикадийн дуьхь-дуьхьал агӀонашкахь нисбелла, хӀинца вовшашца тӀом беш бу. Украинан стратегин зӀенийн а, информацин кхерамзаллин а центран талламхочо, Къилбаседа Кавказан эксперто Майоров Максима дийцира тхан редакцина: "Оьрсийчохь гIалагIазкхийн боламаш мухха делахь а, эскарийн дозанех йозийна йу- Къилбаседа Кавказах а, Уралах а, Сибрех а. ХӀинцалерчу Оьрсийчоьнан Ӏедало низаман бух кхоьллина цу тайпа меттигерчу, дӀакъевлинчу йукъараллашна «пачхьалкхан гӀуллакхдарехь» лелочу гӀуллакхийн. Украинехь гIалагIазкхийн тIаьхье шатайпа къоман миф йу, къам а, пачхьалкхалла а кхиорехь историн мур бу и, иза вехачу меттиге а, йукъараллин схьадовларе а ца хьоьжуш. Иштта цхьацца гӀалагIазкхийн йукъараллаш а йу, амма уьш кегий йукъараллин цхьаьнатохараллаш йу, Оьрсийчохь а санна, пачхьалкхо бакъо йелла а йоцуш".
Цо билгалдоккху, 1990-чу шерийн йуьххьехь шина пачхьалкхан гIалагIазкхашна йукъахь барт хилар, амма гергадаха царна новкъарло йора церан амалш кеп-кепара хилар а, йуйукъараллийн дукхалло а: "Эххар а Оьрсийчоьнан гIалагIазкхийн организацешна экспанси йира украинхойн дозана тIе, доккхачу декъана, ГIирме".
Уьш бара Малхбузенна дуьхьал повестка йолу политикан ницкъаш, эххар а шаьш "пхоьалгӀа колонна" санна 2014-чу шарахь гучубевлла. Ткъа хӀинца, Оьрсийчоьнан эскаран "гIалагIазкхийн" вовшахтохараллаш йу Украинан халкъана а, "гIалагIазкхийн" халкъан эскарна а дуьхьал тӀом беш.