ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Империн топонимина дерусификаци йар ду? Нохчийчохь йартийн цӀераш хийцарна гонах хилла къовсам


Серноводск гIала, 2016-чу шарера сурт
Серноводск гIала, 2016-чу шарера сурт

Пачхьалкхан Думехь къийсамаш бу Нохчийчуьрчу гIалгIазкхийн хиллачу йартийн цӀераш хийца дагадар бахьана долуш. Инарлас Шаманов Владимира бехке дира республикан Ӏедалш оьрсийн мотт буьйцучу бахархойн историн иэс дайъа гӀортарна. Цунна тIетайра националисташ а, тӀеман корреспонденташ а, православин жигархой а. Республикан Ӏедалша дуьххьалдIа жоп ца делира йинчу критикана: депутатийн тӀелатаршна дуьхьало йира йарташкахь бехачу оьрсийн къомах болчу бахархоша. Тхан сайто теллина, цIераш хийцарна гонах Москвахь сил йоккха гIовгIа стенна иккхина.

Нохчийчоьнан парламенто кховдийнера Пачхьалкхан Думе цӀераш хийцарх лаьцна низаман проект. Цу тIехь хьоьхура Серноводское эвлах Серноводск алар, Шелковская - Терек, Наурская - Невра аьлла цӀераш хийцар. Хийцам бан безар дуьйзира оьрсийн меттан норманашца: стохка нах бехачу меттигех гIаланаш йира, амма церан цIераш тахана зударийн кепехь хезаш йу, кхетийра докладхоша.

Цу низаман хьокъехь къамел долийнарг вара инарла, хӀинца Пачхьалкхан Думан депутат волу Шаманов Владимир. Цо, аз айдина "цара хӀун леладо" аьлла шен белхан накъосташка хаьттира: "оьрсийн мотт буьйцу бахархой аракхийссина» хиллачу гIалгIазкхийн станицийн цIераш хийца реза а хуьлуш, тIетухуш.

1996-чу шеран оханан-товбеца баттахь Оьрсийчоьно Нохчийчохь болийна хьалхара тӀом боьдуш тӀеман министраллан эскархойн тобанан куьйгалла деш вара Шаманов. Цуьнан гӀуллакхаша а, тӀеман тактикано а, адамийн бакъонашларъяран хаамаш тӀехь билгал ма-даккхара, дуккха а маьршачу бахархошна зенаш дина. Human Rights Watch организацино хаам бира Шаманов 1999-чу шарахь Ӏалхан-Юьртахь а, 2000-чу шарахь Котар-Юьртахь а маьрша нах бойъуш дакъалаьцна хиларх а, ткъа иштта 2000-чу шарахь низамехь а доцуш нах лецарна а, царна гӀело йарх а лаьцна.

Журналист Политковская Анна девне йелира Шамановна федералан НТВ телеканалехь, 2000-чу шарахь чиллан-беттан 5-чу дийнахь Керла Алдыхь кхел йоцуш цо нах байъина хилар дагатосуш цунна. Вукхо бехк баьккхира цуьнгара, "нийсо ца йо" ахь аьлла. 2009-чу шарахь Шаманов Оьрсийчоьнан хӀаваан-десантан эскарийн буьйранча хӀоттийначул тӀаьхьа, республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Нухажиев Нурдис элира цунах лаьцна "Оьрсийчоьнан эскаран кханенан бохам бу" иза аьлла. Ткъа официалан нохчийн хаамийн гӀирсаша жигара иза вуьстира, "леррина Нохчийчохь доллу дийна хIума ен цIий Iаночу некъа тIехь хIаллакдинчу Оьрсийчоьнан инарла хиллачу Ермолов Алексейца.

Пачхьалкхан Думехь Шамановна гӀортор йира депутато Вассерман Анатолийс а. Цо Нохчийчоьнан куьйгалла дуьстира Украинан Ӏедалца. Цунна хетарехь, "террорхойн пачхьалкхан" куьйгалхоша 2016-чу шарахь Днепропетровск гӀалин цӀе хийцинера оццу бахьанашца: Йерриг Украинан Коьртачу харжамийн комиссин куьйгалхо Петровский Григорий, Вассерманна хетарехь, везаш вацара пачхьалкхан "куьйгалхошна", цо царна дагадоуьйтура, маца а, муьлхачу хьелашкахь а кхоьллинера иза.

Верриг а Пачхьалкхан Думин 315 депутато дакъалецира республикерчу кхаа станицан цӀе хийцар къобалдеш кхаж тасарехь. ТIетайра сацамна дукхахболчу кхаьжнашца: веаммо дуьхьало йира Серноводская цӀе хийцарна, йалх реза ца хилира Шелковская цӀе хийцарна, ткъа кхин а пхиъ дуьхьал вара Наурская цӀе хийцийта.

"Къилбаседа Кавказана деруссификаци йеш йу?"

Пачхьалкхан Думин арахьара а бара Шамановна гӀортор йеш нах – доккхачу декъана Украинана тӀелатарца боьзна нахбара уьш, иштта националистийн боламашкара жигархой а.

"Оьрсийн йукъаралло" Нохчийчохь цӀе хийцар сепаратизме а, пачхьалкх йохаре а вуьгу ма-барра некъ бу аьлла, дIахьедира.Кхузаманан республикана йукъайогIу станицаш цкъа а ца хилла исторехь Нохчийчоьнан дакъа, цигахь даим а "оьрсий" баьхна, вайнах ца баьхна, аьлла дӀахьединера боламехь.

Оьрсийн националистийн аз кест-кеста хехаш ду: цара шаьш хилар мохь тоьхна дIахоуьйтуш ду

Православин олигархан Малафеев Константинан долахь йолчу «Царьград» цӀе йолчу пропагандин телеканало 15 эзар ца кхочуш бахархой хиллачу йартийн цӀераш хийцар дусту ах миллион стаг вехачу Севастополан цӀе хийцарца. Зорбанан авторшна цу хуьлуш долчуьнца го "Оьрсийчоьнан дуьне духуш хилар Кавказехь".

Пачхьалкхан Думехь и низаман проект листарца доьзна Нохчийчохь болчарна шайна хетарг совнах дош ца олуш дитира. Кадыров Рамзана баркалла элира федералан тӀегӀанехь инициативана гIортор йарна, дийцарш дечу заманчохь цхьаццаболчу депутаташа айдинчу аьрзнашна комментари ца йира цо. Цуьнан метта цо йаха а хьахийра Пачхьалкхан Думан депутато, Нохчийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министр хиллачу Саралиев Шамсаила цу кхеташонехь дӀакхайкхийна цӀераш хийцаран бахьана: низаман проект йукъайоккхуш Саралиевс хьахийра цӀераш хийца йезаш хилар, уьш "Оьрсийчоьнан меттан низамца" догӀуш ца хилар бахьана долуш ду аьлла.

Нохчийчохь цхьана а хьаькамо карла ца даьккхира Саралиевс депутатийн комментарешна делла жоп. Пачхьалкхан Думехь къийсамаш дӀахьош цо цкъа хьалха дӀахьедира, "цхьаммо а ара ца баьхна" оьрсийн нах йарташкара аьлла, цул тӀаьхьа къадийра Шамановс йахначу заманахь лелийнарг. Чохь гулбеллачарна цо карладаьккхира, тIемаш боьлхуш "ахмиллион бахархой шена чохь болу Соьлжа-ГIала йеса йара", цигахь "Ельцина маршо хилийтар" бахьана долуш аьлла.

Цул тӀаьхьа кхин а маьӀне реакци хилира цхьа-ши де даьлча: Нохчийчоьнан пабликашкахь видеокхайкхамаш гучубевлира, хьалха хиллачу Наурская а, Шелковская а йартийн бахархоша бина. Цу кхайкхамашкахь депутаташка дехар дира цара "шайна хетарг дуьйцуш йукъа ма гIерта" аьлла, дIахьедира оьрсийн мотт буьйцучу бахархоша шаьш дехна шайн меттигашна цӀераш хийца аьлла. Кхеташ дац, хьенан инициатива йара и кхайкхамаш дӀаязбар. Шина а видеокхайкхамна цхьаьна монтаж а йина, зорбане йаьккхина йара, ишта дIайазйина видеош дукхахьолахь зорбане йоху кӀезиг монтаж а йеш, вовшех йозуш йоцуш.

"Цхьа а вац кхеташ, стенна хуьйцуш йу уьш"

Республикехь кӀезиг бара Пачхьалкхан Думехь йина дискуссеш тидаме эцнарш, билгалдоккху политолого, Соьлж-ГӀаларчу цхьана университетан профессора – оха цуьнан цӀе ца йоккху Оьрсийчоьнан "лаамза" организацех хIоттийна репрессиван низам хилар бахьана долуш

"Нехан, и хIума шайх, шайн ирсах, шайн ахчанах хьакхалуш делахь бен, бала боцу дукха хан йу. ЦӀераш хийцаран хьокъехь и гӀовгӀа кIордийна нахана. Цхьанна а ца хаьа, билггала уьш хӀунда хуьйцуш йу. ЦӀераш хийца сацам, бахархойх дага а ца бовлуш, шайлахь беш хиларо, беламе хьоле хIиттабо уьш", - бохуш, дийцира цо.

Къамел динарг шек ву, нохчийн Ӏедалша и цӀераш оьрсийн меттан низамашца а, цу меттигийн географин башхаллашца а хийцамаш беш хуьйцуш йу бохучух: "Цкъа а цхьанна а ца хезна нохчийн маттахь "север" бохург "невре" ду олуш - иштта кхетийра цара Наурская цӀе хийцарх. Стенгара даьлла и царна? Муьлхачу нохчийн дошамехь карор йу и термин иштта гочдарца? Наурская даима а йоьзна хилла империн заманахь а, Советан пачхьалкх йолуш а нартийн эпосан Наур турпалхочуьнца".

Къилбаседа Кавказехь муьлхха а гӀлгIазкхийн станицаш кхоллайелла оьрсийн колониализм бахьана долуш

Шелковская цӀе - Терек аьлла хийцар а къаьсттина нийса ца хет, хIунла аьлча, ГӀебарта-Балкхаройчохь хӀинцале а йу изза цӀе йолу гӀала, бохуш, кхетадо къамелдечо.

Оьрсийн националистийн сайтийн дукхахболчу авторийн кхетам бац Нохчийчуьра нах бехачу меттигийн историн цӀерашца боьзна, амма церан цӀераш хийцарна критика йеш, цара гойту оьрсех доцчу къамьнаша схьайаьхначу меттигех шайн йолу дог-ойла, къаьсттина Нохчийчоьне болу хьежам, билгалдаьккхира нохчийн диаспоран йукъаралхочо, блогеро Белокиев Ислам.

"Царех цхьаннан а бала бац, Къилбаседа Кавказехь муьлхха а гIалгIазкхийн станицаш оьрсийн колониалимз бахьана долуш гучуйевлла хиларца. Меттигера бахархой хIаллакбеш, махках бохуш, церан хIусамаш йохош. Хаттар гIалгIазкхийн станицех а, церан цIерех а гIоьртина дац, и хаттар муьлххачуьнга а церан болу хьажам империн хиларца ду, оьрсийн доцучу къаьмнийн бозуш йоцчу сацамца а", - аьлла хета цунна.

Пачхьалкхан Думехь нохчийн Ӏедалшна жигара критика йар Кремло Кадыров Рамзанна гӀортор гӀеллуш хиларан тоьшалла санна го нохчийн диаспорехь йукъараллин гIуллакх лелочу Ломаев Мусана.

"Оьрсийчоь керлачу формаце йирзина хилар а, Кремлна Кадыровн а, кадыровхойн а и къаьсттина статус кхин дIа оьшуш ца хилар а тидаме эцча, оьрсийн националистийн аьзнаш алсамдевлла: цара шаьш хилар дIахоуьйту. Къайле йац, Оьрсийчоьнан эскархошна йукъахь даима а цакхетам хилла хилар, Кадыровн а, кадыровхойн а Оьрсийчоьнан хьаькамашца дикачу агӀор йукъаметтигаш хиларца. Эскархой цкъа а реза ца хилла шайн тIегIане хIоттийна, шайна дуьхьало хетачу цаьрца къамелаш дан, ткъа политикаш декхаре бара сатоха, Путина Владимира Кадыровна къаьстина статус йелла хилар гуш", - билгалдаьккхира цо.

Нохчийчохь республикан куьйгалхочун гергарчийн а, цунна гергара болчу динан а, йукъараллин а гIуллакхдархойн сий деш, урамашна а, гӀаланашна а, кхечу меттигашна а церан цӀераш тахкар шуьйра даьржина ду. Итт шарахь сов дӀахьош йолчу иэсийн политико бӀостане жамӀаш хӀунда луш ду – деша тхан сайта тӀера артиклехь.

Дагестанерчу Пачхьалкхан Думан депутато Хамзаев Бийсолтас кхайкхам бина юстицин министраллан куьйгалхочуьнга Чуйченко Константине. Цу тӀехь цо дехар дина урхалле, Пугачева Аллан интервьюна "юридикан экспертиза" йе, экстремистийн агентийн низам дохоран билгалонаш юй къастош аьлла. Дудаев Джохар "оьзда, гIиллакхе, хьекъале, товш" стаг вара аьлла мах хадор ца тайнера дуккхаъчарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG