ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн дезде. Соьлжа-ГIалин де культан дакъалг санна


Соьлжа-ГIалин де даздар, 2018 шо
Соьлжа-ГIалин де даздар, 2018 шо

ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь Нохчийчохь даздо Соьлж-ГӀалин де, иза бегӀийла йолуш нисло Кадыров Рамзанан винчу денца. Официалехь гӀалин дезде санна гайтинехь а, дуккхаъчу бахархоша а, тергамчаша а регионан куьйгалхочун дезде лору иза. 2025-чу шарахь республикехь и терахь муха билгалдаьккхира дуьйцу тхан материалехь.

ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь Оьрсийчохь даздо Хьехархочун де а, Кегийрхойн де а, ткъа Нохчийчохь оцу терахьца доьзна Соьлж-ГӀалин де а даздеш ду. Йуьхьанца и гIап кхоьллина 1818-чу шеран мангал-беттан 22-чу дийнахь, ткъа шахьар хилла цунах 1869-чу шеран гIуран-беттан 30-чохь. Кху шарахь Соьлжа-ГIалин 207 шо кхаьчна.

Билгалдаккхар: Грозная аьлла гӀап йина Сунжа хин бердаца йолчу нохчийн йартийн латтанаш тӀехь 1818-чу шарахь инарлас Ермолов Алексейс, Къилбаседа Кавказан оцу декъехь Оьрсийчоь хилар тIе а чIагIдеш. I869-чу шарахь цунах гӀала йира. XIX бӀешо чекхдолуш мехкадаьттан индустри кхиарца Соьлж-гӀала а сиха кхиа йолаелира, Советан Ӏедалан муьрехь иза регионехь уггаре а индустри кхиъначу гӀаланех цхьаъ хилира. Цо лайна 1942-чу шарахь немцойн кеманашца димна тохарш а, 1944-чу шарахь Сталина нохчий махках бахар а, 1970-чу шерашкахь мехкадаьттан экономика кхиар а, 1990-чу шерашкахь иза лахъйалар а, ткъа иштта Оьрсийчоьно Нохчийчохь шина тӀамехь бухе кхаччалц хIаллакйар а.

Оцу дийнахь нохчийн хьаькамашна коьрта дезде ду республикан куьйгалхо вина де. Буьйса йуккъе йаханчу хенахь, шайн хьаькам декъалварехь хьалхара хила гIерта уьш хIора а. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама гIадужу-беттан 5-гӀа де тӀекхача пхи минот йисча зорбане даьккхира шен декъавдар, ткъа зорбанан а, хаамийн а министран Дудаев Ахьмадан аьтто баьллера и текст нийсса буьйсанна 12 сахьт даьлча йаьлча зорбане йаккха. "Грозный" пачхьалкхан телерадиокомпанино декъал вира цул тIаьхьа итт минот йаьлча, ткъа премьер-министро Даудов Мохьмада кхойтта минот йаьллачул тIаьхьа пост хIоттийра декъалвеш. Цу дийнахь винчу денца Кадыров декъалвира Украинан оккупаци йинчу территорешкара Оьрсийчоьнан хьаькамаша а, шайна йукъахь ша-шех "Къилба ХӀирийчоь" олучу пачхьалкхан президент Гаглоев Алан а, Оьрсийчуьрчу бусулба нехан синан урхаллин куьйгалхо Равиль Гайнутдин а волуш.

Ткъа Кадыров Рамзана цул а де хьалха дIахьедира, шен вина де доьзалца даздан лерина ву ша аьлла.

Мидал йала бахьана ду?

Дезде тIекхачале хьалха Кадыровс белхан кхеташо дIайаьхьира, цигахь дийцаредира Соьлжа-ГIалин де даздечу йукъанна махкахь кхерамзалла латторах лаьцна.

И де герга кхачале шайн белхан кхиамех лаьцна дIахаийта гӀерта республикера хьаькамаш. Кхушара, Кадыровн хьехарца, 5-чу дийне а ца хьоьжуш, керла гIишлош схьайелла сацам бинера. Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь гIадужу-беттан I-чу дийнахь официалехь схьайиллира масех транспортан объект: Шерипов Асланбекан урам а, Кишиев Кунта-Хьаьжин проспект а, тӀай а, эстакада а.

Соьлжа-ГӀалин Ӏедалша хаамбира, аьчкан некхехула Шериповн цӀарах урам меттахIотточу заманчохь 1,2 миллиард сом регионерчу Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондо деллера аьлла, ша болх "Дахаран инфраструктура" къоман проектан гурашкахь федералан ахчанах бина белахь а. Ала догIу, и белхаш "Дахарна инфраструктура" къоман проектан гурашкахь федералан ахчанах бина бу.

Iалашо йара, Соьлжа-ГIала херцаршна йуккъера а гIаьттина, Кадыровн цIарца йозар

ГIалин дийнахь коьрта хилам хилира керла Iедалхойн комплекс схьайеллар, цигахь Кадыровс дакъалацарца дIагайта дезаш дара, иза мехкан йукъараллин а, политикан а дахарна йукъавеана хилар. Ца дирзира и де рогIера мидал ца луш а. Нохчийчоьнан премьер-министро Даудов Мохььмала керла гIишло схайоьллучу барамехь Соьлжа-ГIалахь дIакхайкхийра Кадыровна "Нохчийнчоьнан Республикин Турпалхо" аьлла, цIе йалар.

Кзухахь хьахо догIу, 2023-чу шарахь дуьххьара Нохчийчоьнан тупалхочун мидал Кадыровна йелла хилар. СовгIат хIинца а, хIетахь а Кадыровга дIакхачийнарг изза Даудов Мохьмад вара. Ишта премьер-министро совгӀат дира Кадыровна "Къилбаседа Кавказан хьалхарчу имаман шейх Мансуран шаьлта" а луш.

Ӏедалан комплекс схьайоьллуш Кадыровс леррина хьахийра президента Путин Владимиран декъалдар: "[Президенто] дехар дира соьга шен маршалла дӀакхачо, декъалдира кегийрхойн денца а, хьехархойн денца а, Соьлжа-ГӀалин денца а. Цо ишта со а декъалвира", - билгалдаьккхира цо.

Ца дицделлера Кадыровна ишта Путин вина де а. ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь "Грозная ГIопехь" дӀахьур долуш ду Путинан цIарах мотоциклаш хаькхкина Кубок йаккхар. Хетарехь, Соьлж-ГӀалахь Путинан микрорайонан хьалхара лини схьайеллар а оцу денца нислур долуш ду.

Соьлжа-ГIалица йоза хьийза КадыровгIеран фамили

Редакци къасто гIоьртира кеп-кепарчу йарташкара а, гIаланашкара а бахархошна гIадужу-беттан 5-гIа де деза хетий. Хаттарш динчу наха билгалдаьккхира, оцу кепара "даздарш" шайна гӀоле хета шайн чохь даздича. Цара бахарехь, цу дийнахь йоллу гIали чохь урамаш дIакъуьйлу мехкан урхалхо а, цуьнан гергара нах а паргIат дIасабахийта. Масех тхоца къамелдинчо билгалдаьккхира, пачхьалкхан белхахой шаьш хиларе терра, Соьлж-ГӀалахь хила дезар ду шай аьлла: цара шайна цу дийнахь кхочу дакъа "таӀзар" лору.

КӀезиг нах бу баккъалла а Нохчийчоьнан коьрта шахьар кхоьллина бакъйолу хан хууш йа дагадогӀуш, билгалдоккху республикерчу цхьана университетехь болх бечу нохчийн политолого, Оьрсийчоьно "лаамаза организацех" лаьцна арахецна низам бахьана долуш шен цӀе йовзийта ца лиира цунна.

Кадыров Ахьмада толам баьккхина Нохчийчоьнан президентан харжамаш а хилира 2003-чу шарахь, гIадужу-беттан 5-чу дийнахь

"Гуш ма дуй, Кадыров Рамзанан куьйга кӀел волчу цхьаммо хьехан Соьлжа-ГIалин де а, цуьнанвина де а "цхьанатоха". ГIалин де йухаметтахIоттор Iалашо йацара и, херцаршна йукхара иза меттахIоттор КадыровгIеран фамлица доза лууш дина хIума дара. Соьлжа-ГIалин истоица кIезиг йоьзна химлла и Iалашо кхочушйира, гIалин бахархоша а ишта тIеийцира и меттигерчу Iекдалхойн "ловзар"", - бохура цо.

Массо а кхеташ ву, "хӀора дӀадийна зезаг, хӀора керла биллина некъ, хӀора жима а, йоккха а гӀишлошъяран проект" Кадыров Рамзанан цӀарца йоза гIортар- Кадыровн а, цуьнан ден а цIераш мехкан историхь йисийта Iалашонца лелош хIума ду, кхин дIа а дмйцира цо.

"Дагахь латто деза, 2003-чу шарахь Нохчийчоьнан президентан харжамаш а, хууш дара цигахь Кадыров Ахьмада толам боккхур буйла, хьалххе дуьйна толам баьккхина, гIадужу-беттан 5-чу дийнах хилла хилар. И терахь а лаа схьэцна дацара. КадыровгIарна, боху ас, шахьарана ца боху", - дерзийра политолого

Кадыров винчу денца лерина дIанисдина гӀалин де даздар республикерчу бахархошна деза де хила йиш йац, цу тIе Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашна муххале а, билгалдоккху Европерчу диаспорехь йукъараллин гIуллакхдархо волчу Ломаев Мусас.

"Малхбузерачу пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн диаспорина мехала денош ду: гезгамашин-беттан 6-чохь билгалдоккху Нохчийн Ичкерин Республикан йозуш ца хиларан де, массара а лоруш долу бекхам бина марсхьокху-беттан 6-гIа де а. Ичкерин дезачу деношца вай билгалдоккху ГIурбан де а, Марха дастар а. Халахеташ делахь а, оха деза денош билгалдоху Нохчийчуьра бохаме хаамаш а кхочуш. Цул совнах, тхуна даим а хаало Путин Владимиран винчу дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалхойн агIор цхьа питана долу тхуна", - дийцира цо.

Нохчийн халкъо ГӀалин де даздеш дац, цу тIе Кадыров вина де муххале а, тIетара нохчийн диаспорера юкъараллин гӀуллакххо, блогер волу Белокиев Ислам.

"Денна хуьлуш дерг, гуш дерг тидаме эцча – къоьлла, лакхара белхазалла, тӀекхача аьтто болу социалан лифташ цахилар, нуьцкъала ахчанаш дахар, нах лечкъор, гӀело йар, шайггара дуьхьал доху бехктакхаман гӀуллакхаш, нах байар – цуьнан ойла йича, дукхахболчу нехан хан йац ГӀалин де санна долчу формалан кепехь даздечу денойн бала кхача. Кадыровн денца-м церан бала банне а бац", - билгалдаьккхира цо.

  • МеттахӀоттийна а, кхин тIе а кхиош йолу а Соьлжа-ГIала республикин бахархошна машаре а, стабилалла а хиларе сатийсаман символ хилла ца Ӏаш, меттигерчу Ӏедалан амбицеш а, Кадыров Рамзанан куьйгакIел болчу хьаькамийн кхиамаш а дIагайта гIопаста хилла йаьлла. Ӏаламат дика а, йаккхий а проекташ а, арахьара трансформаци а йелахь а, карлайаьллачу коьртачу шахьаран хьалдолчу фасадна тӀехьа лаьтта гӀалин бахархошна хьалха лаьтта экономикан проблемаш.
  • 2004-чу шарахь кхоьллина Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд, цуьнан куьйгалхо йу Нохчийчоьнан карарчу хенахь урхалхо волчу Кадыров Рамзанан 70 шо долу нана- Кадырова Аймани. Цу организацих масийттазза КадыровгӀеран "кисанара бохча" элира, цу фонде ахчанаш дахка декхаре бо пачхьалкхан бюджетан белхахой. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллан "Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь хIоттийначу санкцийн тептарехь йу и фонд.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG