ТӀом боьдучу кхоалгӀачу шарахь Оьрсийчоьнан регионийн бюджеташ ледарчу хьолехь йоллушехь, меттигера Ӏедалш декхаре ду тӀеман министраллица контракт йинчарна луш долчу ахчанийн барамаш совбаха. Йуккъерчу хьесапехь хӀора кхаа-беа баттахь 500 эзар сом тӀекхеташ ду царна. Уггар лакхара барам бу карарчу хенахь Ханты-Мансийн автономин гонашкахь - 3,2 миллион ₽. Уггар лахара – 500 эзар сом – Нохчийчохь ду. Оцу йукъанна, ур-атталла ахчанан барамаш уггаре а лакхара болчу регионашкахь а алсамдолуш дац контракташна куьйгаш йаздан луучу нехан терахь, дийцира Сибирь.Реалии агенталле эскаре нах гулбечу тIеман комитетийн белхахоша. Царна хетарехь, "тӀамехь ахча даккха" лууш хилла массо а хӀинцале а дӀавахана ваьлла аьлла. Цу йукъана тӀеман министралло керла хӀилла долийна: церан рекламехь хӀинца гойтуш ду, кестта тӀом чекхбер бу, цундела цхьана ханна луш долу ахчанаш схьаэца таро йу, цхьана а тайпа кхерам а боцуш.
"Баккхийнаш бисина"
Оьрсийчоьно алсамъйаьккхина 2025-чу шарахь контракташца тIаме бига эскархой тIекхайкхаран план, дийцира марсхьокху-бутт чекхболуш тӀеман министраллан коллегин кхеташонехь цуьнан урхалхочо Белоусов Андрейс. "Кху шарахь оха сов йаьккхина контрактца эскаре дӀаэцаран план. Нах вовшахтохар йукъарчу хьесапехь кхочушдо плане хьаьжжина", - дIахьедира министро.
Товбеца-беттан 2-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочун гӀовсо Медведев Дмитрийс хаам бира, 2025-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Оьрсийчохь 2I0 эзар сов контракт йина аьлла, и терахьаш дукхах долчу хьолехь стохкалерчу терахьашца дуста йиш йу, амма церан нийса хилар тӀечӀагӀдан таро йац.
Оцу йукъана, нагахь санна Украинин герзахойн ницкъийн дуьхьалойар дечкен-бутт тӀекхачале йукъах ца далахь, Инарла штабан дезар ду нахана товш боцу сацам бан: йа тӀелатар сацо деза, йа керла мобилизацин тулгӀе йоло йеза, йаздо INSIDER-T агенталло. Тайп-тайпанчу тӀеман хьостанаша дийцарехь, Коьртачу штабо кхачо йоллуш хьесапаш дина, шогачу жамIе баьхкина уьш: коьрта гайтам – Донбассера тIама йуккъехула а бевлла 50 киломатр гергга чу баха. Нагахь санна гергарчу беттанашкахь и жамӀ ца хилахь, кхин дӀа а тӀелетаран операцеш йан аьтто хир бац, массо а агӀор персонал алсам ца йоккхуш.
ТIамтIера хьал Iаламат ледара ду. Украинан ВСУ-н ницкъаша чӀогӀа кхачо йина тIеман могӀанашкахь кегийчу кеманашца (БПЛА), цара дуьхьало йо штурман тӀелатарш дан. Танкан колоннаш дӀайаханчу заманан хӀума ду, батальонан барамехь кхиамаш баха йиш йац, ткъа кегийчу тобанашца хьалхавала инзаре боккха ницкъ оьшу, хала а ду. INSIDER-T-н хаамашца, шо хьалха контракташца нах вовшахтоха аьтто болура, ткъа хIинйа кхин ницкъаш алсамбаха аьтто ца болу; цо беккъа цхьана карарчу хенахь хилла эшамаш дӀахьулбо.
– Ахшо хьалха ду хьуна сайна бевзачу нахера хезара суна, цхьа тодакх йахана тхан республикера вербовка йина оццу ХМАО (хIетахь цигахь луш дара даккхий ахчанаш). Ойла йехьа, 200 эзар сом башхалла йара (3,2 млн соьмах), ткъа иза Йошкар-Олы гIалара къилбаседа вахана, цигахь контракт тIеман комитетца йан. Дера хIета ахчана дуьхьа лелаш ма бу. Ишта ца хилча, шаьш патриоташ делахь шайн регионехь "йорах" контракташ йийр йара цара", - дерзийра къамел Марий Эл гIаларчку Анастасияс.
Доллу контракташна хьажийначу ахчанца шолгӀачу меттехь йу Свердловскан кIошт 3,1 миллион соьмаца. 2025-чу шеран зазадокху-баттахь шолгӀачу метте хьалабахархьама регионан Ӏедалша миллион соьмана хьаладаьккхира контрактца болх бечу эскархошна луш долу регионан ахча.
Амма бакхду тIаме баха лууш болу нахсов ца бевлира тIаккха а.
– "Со тӀеман комендатуре йахара, цигахь цхьа стаг бен вацара – 70 шо гергга хан йара цуьнан тIе хьаьжна. Цо хаьттира, 60 шарел сов хан йолу нах дIаоьций цара", - дуьйцу Сибир.Реалиин дехарца комиссариате йахна хиллачу Екатеринбургерчу йахархочо Людмилас. – Делахь, дӀайазвира цара иза. Со чIогIа цецъйаьллера, муниципалан ахчанех лаьцна дуьйцучу хенахь цхьана йоьIан самукъане аз хезча. Билггал цуьнан дахарх богIу мах бара цо буьйцург. И къано, Дала могуш-дийна дIакхачавойла, тамаш бу-кх кхачахь. Цхтана агIор къа хета цунах, шен дисина дахар дIадала кийча вара иза, шех доьзална хIуъа кхаьчна а цхьаъ кхачийта. Ахчанца хьал тиша долчух тера дара церан доьзалехь. Вукху агIор ойла йича- стенна дог лозу цунах, цо ша бина сацам ма бара и.
Сибирерчу шина кӀоштан тӀеман комиссариатан белхахоша дийцарехь, кху тӀаьхьарчу хенахь церан кабинеташка "инзаре къена" йа шайн догIмашца цкъа а дарба хин доцу лазарш долу нах оьху. Тоххара иштачу нахаца контракташ йеш йацара.
- Со нийса кхеттехь, царна ца хуучух тера ду, оццу ХМАО-хь шозза сов ахчанаш олуш дуйла (3,2 миллион ду 1,4 миллионна дуьхьал Иркутскан кIоштахь). Йа церан аьтто бац ур-атталла луларчу регионе дIабаха а. Барнауле боьдучу цIерпошта мах 5 эзар сом бу, ткъа цигахь луш ду 1,9 миллион сом, - бохура Иркутскан кIоштара тIеман комендатурин цхьана белхахочо. – Оха цунах лаьцна цаьрга ца дуьйцу. Вуьшта, масех баттахь наггахь верг бен цу чу вогIуш вац. Цхьа ши къано веанера. Маргиналаш дIабахна дукха хан йу.
Иркутскан кIоштара кхечу гIалахь а иштта билгалдоккху, "контрактхой" вовшахтохар сецна лаьтта вайн бохуш.
– Лууш берш кхечу регионашка боьлху, цигахь луш долу ахча лаккхара ду, ткъа меттигера къаьркъанан кедаш берш бохург санна тIаме дIабигина. Дукха хьолахь буха бисинарш бу къаной а, цомгаш нах а, - бохура комиссариатан белхахочо (къамелхо Iалашйеш оцу гIалин цIе а ур-атталла ца йоккху оха). – Бахьана цхьаъ ду – ахча. Кхин шовкъ йац. Контрактна куьйгаш йаздале хьалха дерриге а хаттарш ахчанан барамна а, пособешна а гонаха хьийза. Иштта хоьтту берийн бешахь лаьттачу раьгIнех, лакхарчу доьшийла дIахIоттарх, дечигах. Амма дукха хьолахь, кредиташ дIадалар тӀаьхьататтарх а, дIа ца луш йаьллачу ханна гечдарх а лаьцна хоьтту цара. Тхан коьрта контрактхой гулбийраш бу - кхелан пурстоьпийн сервис.
ТIамтIе бахийта нах вовшахтухург, царна муьлхха а бонусаш хуьлуьйтур йу шаьш олу.
- ХӀинца тхан аьтто бу нотариусехула а, ЗАГСехула а рагI йоцуш стаг чекхваккха тIеман комиссарито хьажийча, -бохура цхьахйолчу къамелхочо. - Оха тхаьш телефон а тухий, рогӀехь а ца латтийтуш, оцу стеган цхьаьнакхетар вовшахтуху. Масала, баттахь ла а ца доьгIуш, оцу сохьта шинна йукъахь регистраци йан а.
Сибирера комиссариатан белхахочо дийцарехь, ишта сихаллехь ЗАГС-хь регистрацеш йора стохкалера шо довш дутйна а.
– Цхьаммо бохура, шаьшшиъ цхьаьна долу дукха хан йу, амма тӀаме дӀавахале ЗАГС-ехь регистраци йайтира шаьш, луш дооу ахча эрна ца дайта. Вовшашна башха дика ца бевзарш а бара цигахь. Хенара берш дукха бара. Суна дага ца догӀу, йилхина са кхачийначу нускало шен майра комиссаритана белхахочунна уллра йухаийзош. Оцу нахана шаьш стенгга доьлху а. хIун леладо а хууш дара, хIетте дуьххьалдIа коммссариате буьгура цара шайн хIусамдац. Ахчанан дуьхьа, - дийцира къамелдечо.
"Аьшпийн керла тIегIа"
ТӀеман министраллан керлачу рекламан транспаранташа нах тӀаме ийзабо, машар хила герга ду а бохуш. Амма эскаре нах гулбечу комиссаритан белхахоша дийцарехь, керлачу контрактхошна тӀом кестта чекхбер бу аьлла ца хета.
- "Хьайн миллионаш схтаэца кхиа машар хилале" бохург санна хIума ду. ТIеман министралла кринжан керлачу тIегIане йолуш йу, - бохура Приангарьера тхан редакцица къамел динчо. Соьга кест-кеста цу кепара баннераш кхачайора Ӏедалан сайташкара, масала, Госуслуги санначу пачхьалкхан структурашкара, Трампца Путин Аляскехь цхьанакхета кечлучу хенахь. Цара олура: "ХIинцца СВО чекхъйаьлла аьлла, цо дӀакхайкхор ду, ткъа шу миллионаш кисанахь а долуш, тIамтIе дIа а кхачале, йухадерзор ду бохуш. Интересе дара, шахьарера дукхахболчу доттаIашна ишта реклама йинера, регионашкара цхьа а ца воуьйтура. Амма цхьайолчу регионашкахь, тамашен делахь а, кхечу кӀошташкара баннерш гойтуш хилла цара, цигахь "мехаш лакхара" бара. Масала, Иркутскехь а, Камчаткехь а нахана гинера Ханты-Мансийн автономин гонах контрактийн ахчанаш даларх лаьцна йаздина баннер. Ткъа цигахь реклама йеш болчара "лаамхойн" дагахь кхетийта лелош хIума дара и.
Цара хьесап до дерриг а шарахь тӀеман зонехь гӀуллакх дарна хӀора баттахь луш долчу пособийн, уьш регионера а, муниципалитетера а цхьана ханна луш долчу ахчанна тӀе а тухуш, 17-18 миллион сом гергга ахча схьаоьцу. Цара оцу терахьашца Iехабо хьерабвелла нах. Мила Iийр ву цигахь (дийна) дийнна шарахь? Керла тIаме хьийсон нах цхьаммо а хьовсор бац йовхачу меттиге, уьш штурмана йукъа кхуьйсар бу. Нагахь санна, масех баттахь цхьа дела къинхетам а хилла, хьо дийна висахь а- хьан боху, хьо тIемаш бинчийн могIарехь хир ву? Хьо лазийна велахь, тIаккха оццул хене вер ву хьо, и бохург ду, цхьана ханна тIемашна йукъара воккхур ву хьо, тIаккха ахчанаш а кхечу ставкица лур ду. Цундела, хьекъале кхоьллина аьшпаш бу уьш, амма цаьргара бехк баккха хало хир ду. Ткъа дIа хьажа, билггал болчу "лаамхошна" хIоттийначу тептарехь – "махкахь уггаре а лакхара ахча" дӀадаларна тӀаьхьа кхоалгӀа могӀарехь ду 10 миллион соьме кхаччалц декхаршна гечдар. Ткъа 4-гӀа могӀа некъан а, дӀатарваларан а харжашна лерина бу. Цу сохьта кхетаме йу Ӏалашонан аудитори – нах декхарех буьзна бу, урт-атталла некъана дала а доцуш. ТӀаьххьара дакъа – иза-м йеккъа цхьа "треш" йу – маьхза могушалла таллар, дарба дар, реабилитаци йар. Оцу маргиналашна а ца гуш санна, кхин протезаш ца хIиттош, тIамера йухабаьхкина куьйгаш, когаш доцу нах.
Британин тӀеман министралло зерашца, 2025-чу шеран зазадокху-баттахь дуьйна Оьрсийчоьнан эскарехь хӀора баттахь леш болчу нехан терахь жимма лахделла, амма лакхара буьсуш бу. 32-34 эзар стаг вийна а, лазийна а хилла. Би-би-си а, "Медиазонан" а хьесапашца, 2022-чу шеран чиллан-беттан 24-чу дийнера 2025-чу шеран гезамашин-беттан 23-чу дийне кхаччалц Украинехь мел лахара а Оьрсийчоьнан 132 6I4 эзар эскархо вийна. Гергарчу хьесапехь аьлча, масала, Тыван коьртачу шахьарахь Кызылехь бехаш бу оццул Орсийчонан бахархой.