Украинехь т1ом болийчахьана 23 эзар гергга Нохчийчуьра вахархо дӀавахана тIамтIе шайн лаамехь, дIахьедо Ӏедалша. Амма официалан терахьашна тӀехьа гучудуьйлу нах лечкъорах а, царна йечу шантажах а, нуьцкъала тIаме хьийсорах а дийцарш. ХӀун гойтуш ду нохчий эскаре бигийтаран цу кепо: кадыровхой федералан Ӏедална муьтӀахь хилар, йа шайна дуьхьал берш новкъара бахар, йа нохчийн Ӏедална ахча даккха керла аьтто бу и?
2022-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнан Ӏедалша чIагIдо, махкара тIамтIе бохуьйту нах Iамийна а бу, цул совнах шайн лаамехь цига оьхуш а бу бохуш. Оцу йукъанна Кадыров Рамзана кест-кеста тIедуьллу "лаамхойн" терахь алсамдаккха бохуш.
Йуьхьанца Ӏедалша дош делира эскархошна алсам ахчанаш а, пособеш а лур ду шаьш, сий а хир ду "доккха гIазот" даьккхича санна бохуш. Амма дукха маса Кадыров кхерамаш тийса а, нах сийсазбан а волавелира: тIаме баха дуьхьалболчу "малончашна" Iедало гIийла бохкучу доьзалашна аьлла, хIоттийна социалан ахча дIахададе бохуш.
ГIадужу-бутт йуккъе баьлча Куьрчала- кӀоштахь зуда йалийна доьдучу ловзаргахь дов иккхинера, нах вовшах а леташ. Бахьана хууш дац, амма меттигера полицин хьаькам Агуев Рустам тешна ву, и нах деш-дуьтуш боцуш леларна хилла питана дара и аьлла.
"Бакъболу божарий рингехь лета йа тӀамехь шаьш гойту цара, ткха суна гуш дерг хIун ду? Цхьанхьа а болх беш боцу божарий тIелетта хечеш а йуьйхина, вовшахкхетта, леташ хьийза. Ас хӀара могуьйтур дац кху кӀоштахь! Хьо боьрша велахь, Украинехь гайта хьуо! Ас уьш цигахь гойтур бу-кх шуна, гайтина меттигаш а бу. Кхин а вовшех лета лууш болу нах схьа гучубовла, соьга схахаийта, аса шу дерриш а цига дIахьийсор ду", - дIахедира Агуевс шен аудиоца бинчу хаамехь. Социалан машанашкахь йаржийна и аудио.
КIиранах цхьана декъехь латтийра, улло хадархой хIиттийна цIа ваийтира, шен бедарш схьаэца, цул тIаьхьа Украине дIахьажийра
Иштта, таӀзарна меттана, ийза а ца луш, тIамтIе хьийсабора нах. Масала, 2024-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыров Рамзана меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахошна омра дира, административан низамаш дохорна йа "эрна а, оьзда доцу а дахар лелош" бехке бина бахархой фронте дӀабахийта аьлла. Масала, хIотто ца йезачу машен дӀахӀоттайахь, наркотикаш лелийна хаалахь, некъан низамаш дохийна меттиг нислахь. Ишттачу нахана ши некъ кховдо беза, аьлла дӀакхайкхийра Кадыровс: набахте йа шен "майралла гайта йиш йолчу" тӀеман зоне.
Бакъонашларъяран организацеша а, оппозицин нохчийн блогерша а дийцира цу харжамах лаьцна хьалха 2022-чу шеран бIаьста. Амма цу харжамна дуьхьал лаьттарш бара ницкъаллин структураша лечкъийна нах, ткъа уьш тIаме хьийсор, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дахар доцург, "къайлахчу набахтешкахь" Ӏазап латтадора царна тIехь, йа шаьш балех хьалха дохург мах бала декхаре хуьлура.
Лаамхойн дийцарш
Тхан редакцина гучудаларца, 2025-чу шеран гIадужу-беттан йуьххьехь Нохчийчуьра ши вахархо лачкъийра, тӀаьхьо нуьцкъала Украине тӀаме а вахийтира и ший а. Цу нехан цӀераш тхуна йевза, амма кхерамазаллин бахьанашца уьш йовзуьйтуш йац оха. Иштта редакци декхаре йу тхоьца къамел динчу нехан цIераш а цхьаьна къайлайахьа, хIунда аьлча, регионехь цIийнах мел волчунна таIзар дан кхерам латтарна.
Лачкъийначу нахах цхьаъ 23 шо долу жимстаг балха ваха меттиг боцуш волавелла лела дикка хан а йара. Муьлхха а тайпа болх лаха гӀертар массо а агӀор аьтто боцуш доьрзура цуьнан, ткъа белхазаллин хьукмато ур-атталла пособи а ца хIоттийра цунна. Йуьхьарлаьцначун йишас дийцарехь, дог доьхна, дан амал доцуш цхьа наггахь маларх кхетара иза, амма цхьанна а бале ца волура, йа нахана йукъа а ца волура.
Цхьа пекъар вара иза, моза а белур боцуш. Цо карахь герз муха латтор ду а, хууш вац со
"ЧӀогӀа тийна-таьIна, эсала вара иза, балхах къехкаш вацара, амма тхан эвлахь белхан меттигаш йац. Дешна вац иза; хилча гӀишлош йеш къахьоьгура цо", -дийцира зудчо.
Иза тешна йу, шен вешина лулахочо мотт тоьхнера аьлла, иза ницкъаллин структурашкахь болх беш ву:"Дийна делккъахь дӀа а вигина, цхьана кӀиранах полицин декъехь латтийра цара иза. Цул тӀаьхьа цхьана дийнахь цIа ваийтира улло ха а хIоттийна, шен бедарш вовшахтоха, цул тIаьхьа Украине дIавигира иза. Ахча деллехь иза кIелхьараваккха аьтто бер бара тхан, амма цара доьху ахча тхан мичара ду?".
Шайга мел ахча дехнера, къамелдечо ца дийцира.
ШолгӀа Нохчийчуьра вахархо лачкъийнера Соьлж-ГӀалахь гергара стаг шен машенахь дарбан цӀийне вигина вогIуш. Ницкъахоша бехке винера иза, догуш цӀен чиркхаш а долуш, некъа тIехула дIаваханера аьлла. Цуьнца цхьаьна машенахь хиллачу цуьнан доттагӀчо цунна буьллу бехк харцбо. Иза иштта делахь а, машен схьайаьккхина, машенлелорхочунна ши де хан йеллера, лаамхо санна тIамтIе ваха кечам бан.
"Цхьа чIогIа дика стаг вара иза, моза а белур боцуш. Со кхеташ вац, цо карахь герз муха латтор ду. Цхьана а кепара бина кечам а боцуш, зеделларг а доцуш дIавигина иза, доьхна хьал ма ду хIара", - чIагIдо лачкъийна вигинчун доттагIчо.
Кхин цхьана нохчийн вахархочун аьтто баьллера 800 эзар сом дIа а лелла, тӀамах кIелхьаравала. Цхьа ши шо хьалха оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос йаьккхина хиллачу цхьана видеона буха лайк йиллина бохура цо. Оцу тIехула иза дIавига баьхкина а хиллера полисхой.
"Нагахь санна, баккъалла и лайк цо йиллина хиллехь, гӀуллакх кхечу агIор доьрзур дара. Вайна хууш ма-хиллара, цу тайпа хӀуманаш бахьана долуш нах лоьцу, телевизионехула бехкаш а дохуш, церан доьзалера нах дӀа а буьгуш, бехктакхаман гӀуллакхаш дуьхьал а дохуш, доьрзу", - боху тӀамах ахча делла кIелхьаравала таро хиллачун гергарчу зудчо.
И ахча а шина дийнахь вовшахдиттина хиллера оцу доьзало, гергарчу нахера цхьадерг духалург а даьккхина. Амма цхьа бакъ ду, тахана иза ахча делча витинехь а, тешам бац кхин уьш цуьнан коча гIур бац аьлла, бохура зудчо: "Цхьа бутт баьлча йуха а цуьнан кочабаха тарло уьш, хьанна хаьа. Ишта меттигаш суна буй хаьа".
Ахчанаш дахар марзделла хIума ду
Украине тӀаме ца вуьгург ахча далар деа доцчу хIумана тIера долийна дац, республикехь билггал оцу тайпа "коррупцин культура" йолуш йу, цо меттигера бахархой кхин а дуккха а хьийзор бу, аьлла тешна ву Европехь веха "Нохчийн демократийн Ассоциацин" куьйгалхо Исханов Хьусейн.
"ТӀом балале наха ахча луш дара эскарехь гӀуллакх дан баха, йа ца бохуьйтург, балха хIуттуш, йа бехктакхаман гIуллакхах воккхург. Цул сов, билггал х1ора г1уллакхан шен-шен мах бара х1оттйина, хьан гӀуллакх лахарчу талламхошца делахь, нагахь прокуратуре, йа кхеле, йа ВСБ кхаьчнехь", - дийцира цо.
Амма, Исхановна хетарехь, ахчадаккхар – и коьрта мотиваци йац Нохчийчуьра Iедалхошна "лаамхой" бу бохуш, дуккха а меттигера бахархойх тептар вовшахтоха.
"Кадыровс синош духкуш ду Кремло лучу рейтингана дуьхьал. Пайда хилар дац кхузахь коьрта. Цара тӀамна алсам харжаш йо, шаьш бечу пайданал а. Цул сов, оцу системо аьтто бо политикан жигаралла гойтуш болчу, кхераме хила тарлучу кегийчу нехан терахь лахдан: уьш йа республикера дӀабоьлху, йа тIамехь леш бу. Цу тIе Ӏедална дуьхьал болчу нехан гонаш лахдан йиш а йу", - дагадаийтира къамелдечо.
Цу кепара, 2023-чу шеран аьхка кадыровхоша нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн гергара виъ стаг Украине тӀом бан хьажийра. Оццу хенахь, дозанал арахьарчу Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кӀант а хаавелира тӀамтIехь. Цул а масех бутт хьалха ТIехьа-МартантӀехь ницкъхоша лецира Закаев Хьусейн а, цуьнан ваша а. Гергарчу стага Закаев Шемила дийцарехь, Хьусейн эскаре гӀуллакх дан хьажо бакъо йацара: дукхазза букъца долчу лазарца доьзна этIийна вара иза, ур-атталла чомахь охьахаалуш а вацара иза.
Исханов Хьусейнан хьажам ишта хиллехь а, политологна, "Кавказан къаьмнийн ассамблеян" президентана Кутаев Русланна хетарехь, Нохчийчуьра нах тIамтIе хьийсор Кремлна тешаме хилар дIагайтаран некъ бац, амма бекхам баран а, пайда эцаран а гӀирс бу.
"ХӀара цхьа лакхара охьакхачийна омра дац. Инициатива лахарчаьрга схьа йу: кӀоштан полицин белхахошкара а, бехктакхаман белхахошкара а. Церан куьйгаш даьстина ду, цигахь дӀадолало буьззинчу барамехь низам дохор а, бахархошна дуьхьал ма-дарра террор лелор а", - чӀагӀдо Кутаевс.
- Шо доладелчхьана Нохчийчуьрчу ницкъхоша лачкъийна бӀеннаш меттигера бахархой. Уьш дозанал арахьа бехачу нохчийн жигархошна хиъна гӀуллакхаш бен дац. Церан информацица, байинчарна йукъахь бу зударий а, бераш а, хала цамгарш йолу нах а. Мел лаххара а масех стаг велира Ӏазап бахьана долуш, кхин а дуккха а нах Украинерчу тӀаме хьисийра. 2025-чу шарахь Нохчийчохь нах муха тӀепаза бов, деша тхан сайта тӀера хӀокху артиклехь.
- Нохчийн оппозицин NIYSO боламо дIахьедира ТIехьа-Мартанан кӀоштарчу Давыденко йуьртара вахархо Оздиев Ӏиса ницкъахоша лачкъийна хиларх лаьцна. Жигархоша дийцарехь, Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица бертаза контракт йайтира цуьнга, хIинца Украинера тIаме хьажон кечвина иза. НИЙСО-но кест-кеста хаам бо Нохчийчохь нах лечкъорх а, царна гӀело йарх а, цу регионерчу хьостанашна тӀе а тийжаш. Жигархоша бинчу хаамашна цхьа а комментари ца йина Ӏедалша.
- Оьрсийчоьнан эскаран могIарш дузаран цхьа кеп йу – пластикан биргӀанех пайда а оьцуш, ток йоьттуьйтуш, Ӏазап латтор. Тхан сайте цунах лаьцна дийцира цхьана нохчийн кIанта, цуьнга а бертаза куьйгйаздайтира тIеман министраллин контрактана.