ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Наркотерроризм" йа биэндацар? Ниццехь нохчо вийна


Ниццера полици. Архивера сурт
Ниццера полици. Архивера сурт

ГIадужу-беттан йуьххьехь Ниццехь герзаш деттачу заманчохь ларамаза вийна Нохчийчуьра Ойсхара эвлара схьаваьлла 58 шо долу Тапашев Ойсхар. Кхин а шина нохчочунна чевнаш йина. Тапашев дагалоцуш хIоттийначу митингехь дакъалоцуш вара гӀалин мэр Эстрози Кристиан а, цунна хетарехь, иза "наркотерроризман" бахьана долуш валар нисделла стаг ву. Диаспорехь берш тешна бу, и бохам хилла меттигерчу Ӏедалша бан ма-беззара болх беш ца хиларна аьлла.

ГIадужу-беттан 3-чу сарахь шина машенахь баьхкинчу муьлш бу ца хуучу зуламхоша, къастам а боцуш, герзаш диттинера Мулен кӀоштахь. Гинчара меттигерчу LeI3h телеканале дийцарехь, кафена уллохь хилла бохам бу иза, хIетахь белхан хан чекхйаьлла, садаIа баьхкина хиллера и нах. Ца хууш кхеттачу шина хIоьъна вийна ши стаг: 58 шо долу Тапашев Ойсхар а, 20 шо долу францхо Роян а (цуьнан фамили ца йовзийтина). Кхин а пхеанна тайп-тайпанчу барамехь чевнаш йина, хаам бо префектурано. Царна йукъахь ши нохчо а вара: Висхан а, Тимур а.

И хиллачул тӀаьхьа сихонца Ниццерчу нохчийн маьждиган имамо Магамадов Басхана дӀахьедира, герзаш диттинарш Къилбаседа Африкера схьабевлла нах коьртехь а болуш, къовсамечу тобанаша дина хIума ду и аьлла. Цо иштта дехар дира нохчашка низамаш ца дохор а, бохамех лаьцна шайн-шайна хетарг а ма дийцахьара аьлла.

Тхан редакцица хиллачу къамелехь Магамадовс дийцира, вийна Тапашев шена вевзаш вара, машенаш тойечу сервисехь болх беш а вара иза аьлла. Цхьаннан а шеко йацара Ойсхарах а, йа цуьнан берех а, цхьа а гIуллакх доцург лелош бара аьлла, цуьнан боллу доьзале ларам бара, дийцира къамелдечо. Официалан векалша хьалхо а тӀечӀагӀдинера, байинарш а, чевнаш хилларш а полицехь чоьте эцна бацара аьлла, йаздора France Info агенталло.

"И хиламаш, дийцарехь, наркотикашца боьзна белахь а, зе хиллачех дуккхаъчеран цуьнца цхьа а уьйр йац, хӀунда аьлча, гарехь, герз диттина хилла цигахь хиллачу массо а стагана къастам боцуш", - аьллачу Ниццан прокуроран Мартинелли Дамьенан дешнаш далийна Le Monde газето.

Хилларг "бакъйолу теракт йара" аьлла хета Магамадовна. Цунна хетарехь, герзаца дина тӀелатар Ӏедална дуьхьал провокаци хила мегаш йара, харжамаш хилале хьалха уьш гӀорасиз хилар гайта лерина. Харжамаш герга мел кхочу, Ниццехь хьал талха мегаш ду, аьлла хета Магамадовна. Нохчийн диаспорин цӀарах цо тӀедожийна Ӏедалшна а, ницкъаллин структурашна а зуламхой схьа а лахий, царна шогаллица таӀзар дар. ХӀордан Альпийн префекто Лоран Оттиос а "чӀогӀа" йемал дина и ирча гӀуллакх.

Ниццан мэран гӀовсо Боре Энтонис кадам бина вийначу Тапашевн хIусамнене а, цуьнан доьзале а. Тхоьца къамелдинчу нохчийн диаспорера цхьана хьостано, шен цӀе ца йоккхуш, дӀахьедира, меттигерчу Ӏедалшна эхь хета деза, хӀунда аьлча, Тапашевн аьтто ца баьллера ур-атталла шен мухӀажиран статус тӀечӀагӀъйеш официалан кехаташ схьаэца а аьлла.

Бохам хиллачу меттехь полисхошна карийна гергарчу хьесапехь ши бӀе герз диттина хIоьънаш. ТӀелеттачара лелийначу машенех цхьаъ йагийна, дӀатесна карийна Ниццана 25 километр генахь. Марселера цхьана вахархочун лачкъийна йигина хиллера и машен гезгамашин-беттан 30-чу дийнахь.

Цхьана Iазапех уьду нах, кхечу Iазапан карабоьлху- хIинца Европехь

ТӀаьхьо шеконашца Ниццехь а, Карпентрасехь а лаьцнера ши стаг, хаам бо France Info агенталло. Царах лаьцна кхин сов даьккхина дуьйцуш хIума дац, полицино хӀинца а лоьхуш бу кхин болу бехке хета нах. Хууш дерг ду, гIадужу-беттан 8-чу дийнахь лецначарна бехкаш дахкар- стаг вер а, стаг вен Iалашонца кIелойар, зулам дан дагахь хилар а, вовшахтоьхначу тобанехь зулам дан бартбар, кхерамечу некъашца бахам хӀаллакбар а.

Оццу дийнахь, герзаш диттинарш бу аьлла хетачарна бехкаш тIечIагIдича, Ниццехь митинг дIайаьхьира байъинарш дагалоцуш. И вовшахтоьхнера нохчийгн диаспоро. Царна тIехь йара майканаш: "Дукха хаьлхе дIавахначу тхан дена" (Тапашев Ойсхар), "Дукха хаьлхе дIавахначу тхан вешина" (Роян сий деш).

Тапашев вер а, шина нохчочунна чевнаш йар а терроран акт санна лору шаьш бохура цигахь гелбеллачара. Ниццан мэр Эстрози Кристиан а вара цу митингехь, вийначу стеган доьзалца даггара кадам а беш, чевнаш хиллачарна гӀортор а йеш, талламна тIехь ша терго латтор йу аьлла, дош делира цо. Муленехь тобанашна йукъахь хиллачу герзаш деттарх "наркотерроризм" элира Эстрозис.

Тхоьца къамел динчу Ниццерчу диаспорера тхан хьостанаша дийцарехь, герзаца урамашкахь конфликташ хуьлу, дукхахьолахь, Къилбаседа Африкера схьабевлла зуламан тобанаш бехачу кӀошташкахь. Оцу регионера мухӀажаршна социалан хӀусамаш ло, кхечу меттигашца цхьаьна, Муленан кӀоштахь. Официалехь а доцуш, Нохчийчуьра бахархошна тIедуьллуш хилла, меттигерчу полицино дан оьшург, ткъа полисхоша ма-дарра аьлча деш кIад а дац, бохура редакцица къамел динчара.

Париж а, Страсбург а ца лерича, францхойн Ниццехь дIатарйелла йу кхоалгIа йоккха лоруш йолу дисапора. Меттигерчу бахархоша бахарехь, 15 эзар гергга стаг ву цигахь вехаш. Йерриг а Францехь 70 эзар сов бу республикера нохчий.

Ниццехь дукха хенахь дуьйна болх беш йу нохчийн ресторанаш, кафеш, хазаллин салонаш, спортан клубаш. Царех цхьаннан, "Теаген" цIе йолчу спортклубан куьйгалла деш ву Рив-дю-Пайон кӀоштан мэран официалехь хьехамча волу латархо Асхапов Мохьмад.

Мэро Эстрозис кест-кеста диаспорица йукъаметтигаш лелайо: къовсадаларшкахь дакъалоцу, нохчийн маьждигехь бусулба нехан дезчу деношца уьш декъалбо, гӀала кхиорехь нохчаша лоцу дакъа билгалдоккху, шен цаьрга болу ларам бовзуьйту. Амма цо кхидӀа а хьахош нисло „нохчийн мафи“ олий, Ниццехь бинчу талламийн жамӀашца цхьа а нохчийн вахархо бандитийн зуламашна накъосталла деш ца карийнехь а.

Юристана, бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, гIадужу-беттан 3-чохь Ниццехь хилларг даим а хуьлуш дерг ду.

"Шерашкахь Ӏедалша тӀемаш лаьттачу меттигашкара нохчий а, кхин болу мухӀажарш а дIакхалхабо ледара хьелаш долчу кварталашка. Ткъа цигахь наркотикаш йухкуш йу, урамашкахь зуламаш до, и дерриге а цхьа хила дезарг санна тIе а лоцу. Цу кепара, тӀеман инзаречу хиламех дийна бисина нах йуха а шайн дахарна дуьхьал къийсам латто безачу гонехь дIатарбо. Амма и къийсам – декхар ма дац. Полицино кIад дIа ца дечу меттигашкахь, нохчий шайн доьзалш Iалашбан декхаре хилар, уьш амална сиха бу бохург дац, пачхьалкхан интеграцин а, кхарамзаллин а политика йоьхна дIайаьлла хилар ду. Iазапах, баланех девдда адамаш йуха а нисло харцонна дуьхьал – Европана йуккъехь", - бохура бакъоларйархочо.

Цунна хетарехь, Ниццехь герзаш деттар – Iедалхоша ледарло йар ду.

Тапашев Ойсхар дуьххьара вац бехк боцуш байъинчех. 2009-чу шарахь Ниццехь контртерроран операци дӀахьош вийра 26 шо долу Дошакаев Аслан. Прокуратурано дӀахьедира, иза цхьана а зуламехь дакъалаьцна а вац, полицин тергонехь а вацара аьлла.

2011-чу шарахь Ниццехь вийра нохчийн диаспорехь уггаре а вевзачех цхьаъ волу Эрзанукаев Ӏабдулла. 2020-чу шеран охан-баттахь цу гӀалахь герзаш диттинера, шина нохчочунна чевнаш а йеш. 2022-чу шарахь Ниццерчу прокуратуро хаам бира, 30 шо долу нохчо Бек вийна Ниццехь аьлла, чӀир оьцуш вийна хила тарлуш ву бохура. Нохчийн диаспорера Францехь байъинчийн тептар кхин а шуьйра ду.

  • Европан пачхьалкхашкахь 200 эзар сов нохчо ву вехаш. Уггар а йаккхий диаспораш йу – Францехь, Германихь, Австрехь.
  • Бакъонашларъяран Amnesty International организацино хьалхо кхайкхам бира Евробертана йукъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла. Даймахкахь царна Ӏазап латто кхерам бу, йа нуьцкъаша Украинана дуьхьал бечу тӀаме хьийсон тарло аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG