ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн криминалан авторитетан Шалинскийн метта Дагестанехь кхел йийр йу цуьнан метта ву бохучунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кизляран кIоштара Курбанов Шемалан хьокъехь зуламхойн иерархихь лаккхара дарж дIалацарх бехкзуламан гIуллакх луьстур ду Дагестанехь кхело. Бехкбуьллучийн версица, криминалан нохчийн авторитето Домбаев Ахьмада (Шалинский Ахьмад аьлча дика вевзаш волу) хIоттийна вара иза.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин версица, 2020-чу шеран товбеца-баттахь Дагестанера номер 7 йолчу колонихь Курбановна шен векалан статус йелла боху Домбаев Ахьмада. Цунах лаьцна хаамбина меттигерчу "Дагестанан кегийрхой" гIирсо. Цул тIаьхьа тутмакхашлахь "зуламхойн гIуллакхийн уьйр хилийта" волавелла иза. Лаьцначун хIусамех хьоьвсира 2023-чу шеран йуьххьехь, бакъоларйаран органаша зорбане даьхначу кадраш тIехь гойтуш герз а, патармаш а ду. Курбанов къера хилира, уьш лелон шен бакъо цахиларна.

Оцу гIуллакхехула хинйолчу кхеташонан де билгалдаьккхина дац. Дечкен-беттан 12-чохь цунна дIасавалар доьхкуш барам бовзуьйтур бу кхеташонехь.

Итт шаре гергга чохь йаккха хан йогIу цунна.

Кавказ.Реалии сайто хаамбарца, Курбановн адвокато дIахьедина, Iедалан таIзар кхочушдаран федералан урхалло бехктакхаман гIуллакхан материалаш шайггара вовшахтоьхна аьлла.

2018-чу шарахь Кизляр гIалин кхело бехке лерира Курбанов герзаца талораш лелорна – букмекерийн конторина тIелетта иза бохура, церан 160 эзар сом лачкъош. Набахтехь даккха пхи шо туьйхира цунна.

  • ГIалмакхойчуьра Лакхарчу кхело Гянджиев Шемална дина таIзар тIечIагIдина, колонихь экстремистийн гарана тIелатарна бехкевина. Кхелан версица, Гянджиев "тIехьожург" хилла колонихь, цо "хьалхатоьттуш хилла, Оьрсийчохь йихкинчу "АУЕ" криминалан боламан низамаш" цу чохь. Шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха йалх шой, кхо буттий хан кхачийна цунна.
  • Маьршаваьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу дIавахара криминалан авторитет. "АУЕ" болам Оьрсийчохь экстремистийн лоруш, цуьнан символика йихкинашшехь, цигарчу Домбаевн доккхачу цIийнан (цуьнан мах 300-400 миллион сом лору) кевна тIехь бархI са болу "къуйн" седарчий дара. Амма, мехкан прокуратурана а, полицина а ца гуш санна. Делахь а, нохчийн коьртачу къуьнан статусе гIерта Шалинский Ахьмад даймахкахь дукха ца Iийра, Москва дIавахара иза.
  • 2022-чу шеран йуьххьехь хаамбира криминалан авторитет Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский цIарца вевза) Стамбулехь лацарх. Телеграм-каналийн информацица, Домбаевн а, цуьнца цхьаьна хиллачийн а Iалашо хилла, Туркойчохь а, Европехь а бехачу Кадыров Рамзанан рожан критикашна кIелонаш ян.
  • Краснодар-махкара кхело бехкевира Дзидзишвили, Краснодарский Коба цIарца вевзаш волу, зуламхойн гонашкахь лаккхара дарж дIалацарна. Шогачу хьелашкара колонихь даккха итт шо туьйхира цунна, иштта ши миллион сом гергга гIуда а тIедожийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG