Украинехь тIом болийчхьана Оьрсийчоьнан эскарера ведда 50 эзар гергга стаг- 2024-чу шеран зераш ду уьш тIеман министраллера арадевлла. ТIом боьду доьалгIачу шарахь совцаза ду Къилбаседа Кавказера а, къилбера а кхелаша шайн лаамехь тIеман дакъош дIатийсинчу нахана дуьхьал даьхна гIуллакхаш листар. Мелхо а церан терахь кхуьуш догIу. Мобилизаци йинарш а, контрактхой а стенна уьду, царна ден долу таIзар бехкзуламан гIуллакх бен а хIунда дац, къастийра тхан сайто эксперташца цхьаьна.
Официалан статистика
2024-чу шеран дечкен-баттахь "Мобилизация ДНР Live" телеграм-канало зорбане даьхна Къилбаседа Федералан кӀоштара "СОЧникийн" (шайн лаамехь декъера дIабахначийн) тептарш, 26 эзар сов стаг ву цу тIехь. И документаш проекте кхаьчнера сепаратистийн "ДНР-н" тӀеман министраллан белхахошкара.
Оцу хаамашна а, ткъа иштта Украинерчу "Суна ваха лаьа" проекто тӀамах веддачу 36 эзар эскархочух хIоттийначу тептарна тӀе а тевжаш, "Важные истории" гӀирсан журналистийн аьтто баьлла мел лаххара а 49 эзар стеган цIераш билгалйаха.
Царлахь ву, масала, Волгоградан кIоштан гвардин 20-чу дивизин эзар гергга эскархо, уьш лаца кхайкхира шайн лаамехь тIеман декъера бовдарна. 858 контрактхо а, I50 мобилизаци йинарг а, ши салти а ву царлахь. Шайлахь 26 жимахволу эпсар, цхьаъ майор, шиъ полполковник а волуш.
Официалехь и тайпа хаамех лаьцна Оьрсийчохь хоуьйтуш дац: бакъо йоцуш тӀеман дакъа дитарна а, дезертиралла лелорна а бехкевинчунна таIзар дарх сацамаш зорбане ца боху кӀоштан кхелан сайташ тӀехь, ткъа и гӀуллакхаш Оьрсийчоьнан Федерацин Лакхарчу кхелан декъе дӀакхачош дац.
2024-чу шеран статистикана йукъадахначу кӀеззигчу зерашлахь хууш ду, 12 баттахь йерриг а Оьрсийчохь 9200 стаг бехкевина хилар эскарехь гӀуллакх дарна дуьхьал зуламаш лелорна. И терахьаш хьалха хиллачу шарца дустийла йац: 2023-чу шеран статистикехь банне а бацара тIом ца бархьама бевддачу нахах лаьцна хаамаш.
"СОЧникашна" дуьхьал доху бехктакхаман гӀуллакхаш алсамдовларх лаьцна жамӀаш дан йиш йу билгалчу кӀошташкахь кхелан тептарш листича. Масала, Соьлжа-ГӀаларчу тӀеман кхело 2024-чу шарахь тӀеман дакъошкара бевддачу нахах кхаьсттина дукха гIуллакхаш листина, хьалха хиллачу кхаа шарахьчул а, ткъа и терахь кхин дӀа а кхуьуш лаьтташ. Стохка хьалхарчу эха шарахь бакъо йоцуш дӀатесна 41 гӀуллакх долийна хиллехь, кху шеран хьалхарчу эха шарахь 48 гӀуллакх ду.
ТIаьххьара кеп
ТIамера идар бахьана долуш бехктакхаман гӀуллакх айдар а, Украинаца дӀахьочу тӀамехь Оьрсийчоьнан эскархошна баккъалла а набахтехь йаккха хан тохар а башха кеп йу, боху "Идите лесом" проектан бакъонашларъярхочо Чувиляев Ивана.
"Iалашо йу – и стаг йуха а тIамтIе дIахьажо, цуьнга тIом байта, цунна кхел а кхайкхочул а, иза набахте хьажочул а", - чIагIдо Чувияевс.
Кхеле кхаьчна, баккъалла а таIзарш дина хиларх лаьцна кхин а дӀоггара хаа йиш йу апелляцин сацамашкара. Тхан редакцино карара шо доладелчхьана Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхелера документаш толлуш къастийна, дуккха а хьолашкахь, мел кӀезга а, шолгӀа веддачул тӀаьхьа, бехктакхаман гӀуллакхаш схьадиллина хилар. Дуьххьара веддехь, дукхахьолахь, шен декхарш кхочушдан йухаберзабо уьш.
Декъера хIун бахьанашца уьду ца дуьйцу, йа доьзалан хьелашца доьзна хуьлу и, йа эскархойн бакъонаш талхорца доьзна ду. Иза тидамехь латтош ву "Дозор в Волгограде» боламан куьйгалхочо Кочегин Евгенийс.
"Суна-м лаьара шуьга ала, эскархой тIамах уьдуш бу, церан кIорггера тIамана дуьхьало гIаьттина аьлла. Амма дукха хьолахь тхан регионехь цхьа шех хьакхалуш долу бахьана хуьлу -кх и, масала, зуда "сакъоьруш" хуьлу, цуьнан хIусамда шен лаамехь тIеман декъера дIавоьду и гIуллакх къастон. Йа, масала, берашка хьажа», - дийцира Кочегина.
Адыгейра мобилизаци йина хилла, набахтехь даккха 5,5 шо тоьхначу Мусаелян Юрийс кхетийра шен тIамтIера вадарх, цо бохура, шен цомгаш волчу дега хьажа дезара шен аьлла. Шена динчу таIзарна дуьхьал цо бинчу латкъамехь йаздина ма-хиллара, эскархочун да, ОвхIанистанехь гIуллакх дарна совгIат дина ву, операцеш йина хиллера цунна, дегI карара даьлла, хьажа стаг воцуш висинера иза. Мусаеляна дийхира, шена дина таIзар йуха листахьара аьлла, хIунда аьлча, шен дега-нене, хIусамнене хьажа ша воцург кхин стаг цахиларна. Ша чохь витахь, шайн доьзална доккха тохар ду, ткъа тIамехь ша лазийна а ву, дарба оьшуш ву, ткъа колонихь могушалла кхин тIе а ьалхар доцург. Нислур долуш хIума дац. Кхело цуьнан латкъамаш тергоне ца ийцира, таIзар а хийцаза дитира.
"Дахаран чолхечу хьелашца" - да цомгаш хиларца-кхетийра шен тIеман декъера дIавахар Суворовн цIарах доьналла а, майралла а гайтарна мидал йеллачу, мобилизаци йинчу Королев Александра а. Цуьнан адвокаташа бахарехь, ша дена тIехIотта вахмийитар дехнера цо, амма хан ца йеллера цунна, тIаккха ца ваьллачу денна стохка мангал-баттахь цхьангара а пурба а доцуш дIаваханера иза. Шен цхьацца гIуллакхаш цхьалха а даьхна, йуха комендатуре тIевеанера. ГIадужу-баттахь кхелхира цуьнан да. Кхаа баттахь цIахь Iарна Новочеркасскера кхело Королевна колонихь даккха йалх шо туьйхира.
ХIокху дийцаро а, тешаша харц тоьшаллаш динехь а, цхьана а кепара оьшу хаарш тIамтIехь Королевгахь цахилар бахьана долуш, цуьнгахь вуно вон хьал хIетахь хилла хилар а тидаме ца ийцира апелляцин инстанцихь.
Церан доьзалашца, шайн дахарца доьзна бахьанаш хиларал совнах, дукха хьолахь пачхьалкхан агIор церан бакъонаш хьоьшу, цунна а уьду эскархой тIамтIера. Царах ду, масала, чевнаш йинчул тIаьхьа дарба дайта реза ца хилар а, Печеричкин Максима гIуллакхехь санна. Шена дарба дан лаарна баттахь сов декъера дIавахана Iийнера иза. Пятигорскехь цунна набахтехь даккха 6 шой ахшой хан кхайкхийра, и сацам къовсарх гIуллакх ца хилира цуьнан. Ставрополера контрактхо Нижельский Дмитрийс дIахьединера шен тIеман декъехь, ша дарба деш хиларх лаьцна, амма дарба чекхдаккха ца ларийра иза, иза лецира, колонихь даккха йалх шой, кхо буттий хан а тухуш. Астраханан кIоштарчу Сатубалдиев Рафхата дIахьедира, ша эскарера дIаваьккхина хила везаш вара, цуьнан эшначу могушалла бакхо ца лора цунна кхин дIа а эскарехь гIуллакх дан. Беа баттана шозза ведда меттиг нисбаларна, арахь йаккха 5 шой ахшой хан туьйхира цунна. Оцу йукъанна апелляцихь Сатубалдиевс дехнера шина шарна набахте хьажор ша, амма цунна дуьхьало йира кхело.
Украинина тӀелатар дарехь дакъалаьцначара латкъамаш бо, шайн дегӀан могашаллица хилла ца Ӏаш, синмехаллашца а проблемаш хиларх. Масала, бакъо а йоцуш цӀа ваханчу контрактхочо Северин Вячеслава кхелехь дийцира, шен да цамгаш хилар бахьана долуш "чолхе психикаца хьал" доллушехь, шен буьйралло дукха хенахь дуьйна шена цIа хьажа-хIотта ваха бакъо ца лора аьлла. Северин лецира 15 баттахь тIеман декъе йуха а ца влгIуш, Iарна. Волгоградан кхело йукъарчу хьолера колонихь даккха пхи шо туьйхира цунна.
Йалх шо кхачийра Соьлжа-ГIалара контрактхочо, кхаа беран дас Никитин Иванна. Цо а дIахьедора, шен могушалла талхарна лоьрийн комиссех чекхвала ца вохуьйтуш буьйралло латторна вон хьал дара шегахь аьлла. Реабилитаци йинчул тIаьхьа тIеман декъе йуха ца веанера иза, Нохчийчуьра контрактхо Шипиев Руслан гIоьртира колонихь даккха шена йалх шо тохарна дуьхьал латкъам бан. Санаторийра ваьллачул тIаьхьа тIаме йуха ваха везий ца хаьара шена аьлла. ТаIзар хийцаза дитира.
Мила ву бехке?
Цкъацкъа Оьрсийчоьнан эскарша дуьххьалдIа шайн куьйгалла, талламчаш йа тIеман министралло луш долу ахча хIоттош берш бехкебо. Масала, Астраханера Карабалаев Нургазыс дIахьедира, кхаа кIиранах ша гIуллакх дечу тIеман декъе йухаваха ахча доцуш кхаа кIиранах гергга Iийнера ша. И бохург дара, эскархочунна догIуш долу ахчанаш дIалуш дац.
Ставропол-махкарчу Ипатовера контракт йинчу эскархочунна Уваров Сергейна пхи шой ах шой хан тоьхнера. Цо чӀагӀдора, ша дарбан цӀийне кхачийнера, шен командирна а и хууш хиллера бохуш. Эххар а шена бехктакхаман гӀуллакх долорна цо бехке дира дисциплина йоцу тӀеман дакъа. Уваров цхьаммо а лоьхуш вацара аьлла, оцу декъан цхьана векало кхелехь тӀечӀагӀдинехь а, цунна тоьхна хан ца хийцира.
Арми – и дIакъевлина меттиг йу, набахти санна
Адыгейра Кабехов Iамира арз дира талламчаша тӀеӀаткъам барна. Цо бахарехь, гӀалин кхелехь хиллачу тешаша йухаэцнера таллам дIахьочу хенахь бертаза шайга дайтина хилла тоьшаллаш. Амма кхело иза тергал ца деш дитинера. Ницкъахоша Iаткъам бина ца Iаш, бале лаьцнера иза хIусамнанас а цхьана. Муха, хӀун бахьанашца, хууш дац. Кхеле хеттарш дан иза кхайкха аьтто ца баьллера; пачхьалкхера йедда хилла иза. Баттахь сов шен декъехь ца хилла аьлла, 5 шо ах шо хан туьйхира Кабеховна йукъарчу рожан колонихь. Кхело тидаме эцнера цунна хьалха а таIзар дина хилар. 2022-чу шеран дечкен-баттахь 3 шо хан тоьхна хиллера цунна, цхьана стеган чоьта тIера ахча лачкъорна а, кхерамаш тесна йа ницкъ бинап къола дарна а.
"Суна хетарехь, оцу стагаца шех Iиттало бахьанаша декхаре бо эскархой дукха хьолахь, шайн позицеш дӀатаса. И хила тарло цуьнан дахарна кхерам хиларца, нагахь санна, нагахь санна оцу полкера нах шайна хьалхара бала тийсахь, тIаккха тIамера йухавоьрзур ву олийла дац иза. Ткъа цо эскархойх ца бо тӀамна дуьхьал болу жигархой – цо билгалдоккху, уьш мел кӀезга а цхьана хӀуманах кхеташ хилар. Оцу дерригенан а чакхе муха хир йу кхеташ болу хьекъал долу нах цу йукъагIерта лууш бац", - бохура Кочегин Евгенийс.
Кху шарахь латкъам биначу "дезертирийн" гӀуллакхашна йукъахь цхьана бехкевинчу стага бен дӀахьедина дац, "буьйранчаллин ледарлонаш бахьана долуш" а, "герз доцуш" цхьацца тIеман Iалашонаш кхочушйан ша дIахьежорна а веддера ша аьлла. Иза вара Ставропол-махкарчу Будённовскера боккхачу доьзалан да Гусаков Сергей. Хетарехь, ша набахтехь латточу хенахь тӀеман министраллица контракт йинера цо.
Гусаков шозза бехке таIзар дина ву: 2023-чу шарахь набахтехь даккха ахшо хан тоьхнера цунна, герзаца стагана гIело йарна. Гусаковна тӀаьххьара таӀзар дина 2024-чу шеран гIуран-беттахь, ткъа цу шеран охан-баттахь тӀаме вахара иза.
Цул тӀаьхьа кхо бутт баьлча, тутмакх хилларг ведира тIамтIера, товбеца-баттера дечкен-батте кхаччалц
Цигара дӀа, йуха а шолгӀачу дийнахь веддера тутмакх хилларг, кхаа баттахь къайлаваьлла а хан йаьккхира цо. Шен тӀаьххьарчу дашехь Гусаковс дӀахьединера, "шен гӀуллакхаш, шен дахар а, могашалла а ларъйан йезаш хиларца доьзна дара и, хӀунда аьлча, буьйранчаллин ледара координаци бахьана долуш, лерринчу тӀеман операцин гурашкахь тӀеман миссешка хьажийнера персонал кара ледара герз а делла", - аьлла ду апелляцин латкъамехь.
Йуха а тIом бан ваха Гусаков реза хиллашехь, кхело бархI шо хан а кхайкхийна, набахте вахийтина иза.
Изза таӀзар дина Шемахь а, Нохчийчохь а хиллачу тӀемашкахь дакъалаьцначу "чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан ветеранна" Астрахан кӀоштера Рамазанов Маратна а. Дуьххьара эскархочун гIуллакх дечуьра веддера иза 2023-чу шарахь, ахшо цIах даьккхинера цо. Лаьцначул тIаьхьа жоьпалле ца озийнера иза, амма йуха а тIамтIе вахийтира. Кхо кIира даьлча йуха а веддера иза. ТIаккха Казахстане дIавахара Рамазанов.
Цигахь даьккхинчу шарахь цу махкахь гражданалла а эцна, хууш доцчу бахьанашца Оьрсийчу йухаверза сацам бинера цо. Иза дозанехь сацийра, Рамазановс Оьрсийчоьнан миграцин урхалле ша шолгIа гражданалла эцарх лаьцна ца хаийтина аьлла. Цул тӀаьхьа цунна бехке диллира бакъо йоцуш дакъа дIатасарна, тӀеман даржах а ваьккхира.
Бакъонашларъярхо Чувиляев Иван реза ца хилира Оьрсийчоьнан эскарш Украинина тӀелатарехь дакъалаца реза ца хилар ша пачхьалкхо питанаш лелорна дуй-те бохучух лаьцна дийцаредан.
"ХIаъ, тIеман министраллера хьаькамашна адамаш нехаш хета. Шайна хьалхара бала дIахьийсабо уьш. Кхин цхьа а билгалдаккхар дац кхузахь, хила йиш а йац, хетарехь. ТӀехь харцо лелочу стеган кхин хIун мотиваци хир йара, ша хьийзор цунна хӀунда ца тов, и дерриге а дийца хьашт доцуш д. ХӀунда ца лаьа стагана тӀамехь дакъалаца? ТIом бан ца лаьа-кх. Нах байъа а, ша вала а ца лаьа-кх. Йух-йуха и дийца оьшуш а дац", - аьлла хета бакъонашларйархочунна.
Волгоградера "Дозоран" векало билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь, вайна хууш долчу дийцарийн буха тIехь бен хьесапаш дойла йац.
"Арми- дӀакъевлина меттиг йу, набахти санна. Нагахь санна нах оьздангаллин бахьанашца тӀом бан реза ца хиларан гӀуллакхаш нислахь, системина ца лаьа цунах лаьцна дийца. ХIун хаьа цунах лаьцна дIахаахь, кхинберш а дуьхьалбовла тарло. Цундела, эскархойн коьртехь муьлхха а негативан ойланаш ца хилийта, ишта йолу информаци къайлахьо. Тхох цхьанна а таро йац цуьнан талламбан, наггахь тIеман министраллшкара гIарабовлу хаамаш боцург", - боху Кочегина.
Иштта цо кхин а тӀетуьйхира, шайн дакъош дита лаам а, аьтто а хиллачу салтех бен дийца йиш йац вайн; ткъа масса эскархо ву тӀамах вада лууш, амма и тайпа аьтто боцуш, цунах лаьцна дуьйцийла йац аьлла.