Нальчикера йукъараллин гӀуллакххочунна Тетуев Хьадисна гӀуда тоьхна, мостагIалла гӀатторна. Бахьана дара, цо историх лаьцна йазйина артиклаш. Шен белхаш тӀехь балкхаройн талламхочо йаздора чергазийн диаспора Оьрсийчоь йекъа гӀертарх а, Кавказан тӀемаш боьлхучу заманчохь "чергазошна геноцид" йина бохург харцдеш. Оцу йукъанна Тетуевс критика йина хилла, цу тIемашкахь эгнарш дагалоьцуш хIоттийначу митингехь, стигалкъекъа-баттахь нах лийцира. Тхан сайто теллина, историн дуьхь-дуьхьал лаьтта ши хьажам низамехь боцуш хӀунда нисбелла.
Цабезам йа мостагIалла гIатторах йолчу административан артиклехула 10 эзар сом гIуда тIедожийра Тетуевна гезгамашин-беттан 24-чохь Нальчик гIалин кхело. И сацам баран бахьана дара цуьнан кхо артикл: "Экстремизман байракх", "Панчеркесизм а, Оьрсийчоь йохорехь къийсам а", "Официалан дӀахьедар" цӀераш а йолуш. Кхелан эксперташна карийна царна тӀехь "цхьана тобанан негативан мах хадор, церан къомах болчу хьежамашца", къаьсттина чергазашца. Тетуевс латкъам бира цу сацамна. Цунна хетарехь, говзанчашна ца тоьънера и тайпа мах хадо оьшуш долу историн хаарш.
Билгалдаккхар. ГIебарта-Юалкхаройчуьра дукхахболу бахархошна (55%), 2020-чу шарахь бахархой ларарца, шаьш "гIебартой" лору. Росстато тайп-тайпана къаьмнаш чу оьцу оцу йукъараллина, церан гӀебартойн мотт дика хааре хьаьжжина. Царех дукхахберш адыгаш/чергазий санна дӀайазбина бу. Балкхарой республикехь кӀезиг бу, гергарчу хьесапехь 13 % гергга. Амма республикехь вехачу 900 эзар вахархочух 26 эзар стаг бен вац шаьш чергазий ду бохуш.
Административан санкцеш кхайкхийна хилла Тетуевн публикацеш хӀинца дӀайаьхна автора. Амма цхьанна тӀехь цо дIахьейина хилла йолу теманаш хӀинцале а дIасайаьржина, ГӀебарта-Балкхаройчохь уггар а йийцаре йен тема хилла дӀахӀиттина уьш. Масала, кхело далийначу "Экстремизман байракх" зорбанехь историко тӀедожийнера Инарла прокуратуре сихонца Оьрсийчоьнан Федерацин хӀоттаман дакъа йолчу Адыгейн Республикан карарчу хенахь символ йолу "чергазийн байракх" экстремистийн йу аьлла дӀакхайкхор.
Республикера Iедалхошна оьшуш йац цхьана а кепара бахархойн институташ
Оццу блогехь зорбане йаьккхина хиллачу, хӀинца дӀайаьккхинчу материална тӀе а тевжаш, Тетуевн стигалкъекъа-баттахь хIоттийна хиллачу постехь цо кхин а дуьйцу шен аргументах лаьцна. Цунна хетарехь, "Чергазийн байракхан де" билгалдаккхар а, Кавказан тӀемашкахь белларш дагалацар а йукъадаьккхина дозанал арахьарчу жигархоша, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело а, юстицин министралло а къобал базчу "Оьрсийчоьнна дуьхьал сепаратистийн боламо", иштта Америкерчу Къилбаседа Кавказан талламхоша а. Цо билгалдоккху "адыгийн геноцидан миф" "Оьрсийчоьнан Федерацин цхьааллина дуьхьал" къийсаман коьрта агӀо санна хилар.
Тетуевс бехке до ГӀебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан а, Адыгейн а Ӏедалш а, ткъа иштта меттигера Ӏилманан центраш а "виртуалан а, параллелан а истори" кхолларна. "Тахана оцу республикашкахь пачхьалкхан Ӏедалш декхаре ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а "адыгийн геноцидах" бина сацамаш оцу республикийн йукъараллин къоман боламийн тӀеӀаткъамца, Малхбузера къайлахчу сервисийн ма-дарра куьйгалла а деш тIеэцна хилар къобалдан".
Шен публикацехь Тетутев тIетовжу ткъе итт шо хьалхалерачу регионалан акташна. Хьалхара "адыгийн геноцид йемалйарх" официалан документ ГIебарта-Балкхаройчохь тIеэцна 1992-чу щарахь Лакхарчу кхеташоно, оцу хенахь советан социалистийн республика йара и. Цул тIаьхьа 1994-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан парламенто Оьрсийчоьнан Федерацин йукъахь пачхьалкхан думе кхайкхам бира, геноцид йина ъилар къобалдар доьхуш. Ши шо даьллачул тIаьхьа изза тIедожийра федералан Iедалхошна Адыгейн Пачхьалкхан кхеташоно (Хасэ).
Делахь а "адыгийн геноцид" Оьрсийчохь официалан тIегIанехь тахана а тIелаьцна йац, Кавказан тIом официалехь берзар ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а стигалкъекъа-беттан 21-чохь депортацехь хIаллакхилларг дагалецар санна билгалдоккъуш делахь а.
Ши хьажам- ший а Оьрсийчоьнан цхьааллина дуьхьал?
Тетуевн Къилбаседа Кавказан историх боьзна хьежамаш Оьрсийчоьнан Ӏедалша таханлерачу йукъараллин позицица богӀуш цахилар каро хала ду.
Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Кавказан тӀемашкахь белларш дагалоцуш хиллачу митингана йукъаралхочо критика йар лахарчу тӀегӀанера инициатива йара. Кху шарахь официалан органаша дуьххьалдIа новкъарло йира: лаххара а йалх стаг лаьцнера, "митинган" артиклехула, ткъа полици гIоьртира церан маршана дуьхьало йан.
Кавказан тӀом берзар дагалоцуш и тайпа барамаш официалехь Нальчикехь дӀахьош бацара 2020-чу шарахь дуьйна. Йуьхьанца коронавирус бахьана долуш дозанаш тохарца доьзна йукъахбехира и барамаш, цул тӀаьхьа дихкира "Украинехь тIом баларца доьзна", - аьлла, дийцира Адыгейн координацин кхеташонан куьйгалхочо Бешто Аслана.
Вуьшта адам вовшахкхетий урамашкахула хIора шарахь чекхдолу, Iедалхой и барам бийцаребан дуьхьал хилахь а. Бакъ ду, 2022-чу шарахь ах эзар стаг цу кепарчу барамехь дакъалацам кийча хиллехь, цул тӀаьхьарчу шерашкахь, кхерам алсамбаьлча, церан терахь масех бӀенне кхаччалц лахделира.
ГIебарта-Балкхаройчохь дехаччу цхьана а къомана беш эшам бац – уьш берриш а цхьатерра хала беха
Дагалецаман дийнахь йукъараллин барамаш дӀабахьар дехкаран политика ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Ӏедалан регионан инициатива лара йиш йац: стохка и тайпа марш вовшахтохарна "Адыгэ Хасэ" болам кхоьллинчу Сообцоков Ильясна гIуда туьйхира Адыгейра кIоштан кхело.
Чергазийн жигархошна кест-кеста кхин а маьӀне тӀеӀаткъам бо. "Хабзэ" чергазийн организаци кхоьллина, цуьнан куьйгалхо волу Кочесоко Мартин – Тетуевс "Оьрсийчоьнан Федерацин цхьааллина дуьхьал къийсам латто кхойкхуш волу питанча" ву аьлла, йуьхьарлаьцна ву 20I9-чу шарахь дуьйна. Цунна наркотикаш тийсинера, таIзар дира; "Мемориало" дIакхайкхийна, иза политикан бахьанашца хьийзош хилар.
Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Кочесоко дIавахара Оьрсийчуьра, 2023-чу шарахь "арахьара агент" ву аьлла, дIакхайкхийра иза.
Тхан сайтана йеллачу интервьюхь жигархочо дийцира, ша республикехь болх бечу хенахь "Хабзэс" школашкахь историн а, мотт Ӏаморан а хьокъехь културан барамаш дӀахьош хиларх а, иштта йукъараллин кампанешкахь дакъалоцуш хиларх а - масала, ненан меттанаш Ӏамор йукъара дӀадаккхарна дуьхьал.
Гезгамашин-баттахь ГӀебарта-Балкхаройчохь йехачу Circassian Media журналисто Тупцокова Ларисас хаам бира, шена дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх долийна, экстремистийн вовшахтохараллехь дакъалацарна аьлла. Жимма хьалха редакцино дийцира, Circassian Media фейкан сайтаца Гуьржийчоьнан културан министраллан структурин декъан проектаца -"Чергазийн културан центрца" йоза гIертарх. Оьрсийчохь экстремистийн йу аьлла, дӀакхайкхийна йу и.
"Чергазойн конгрессан" лидеро Кик Касас стохка хаамбира шен да-нана дехачу хIусаме талламаш бан ницкъахой бахкарх лаьцна, цаьргара телефлнаш схьайаьхна хиллера. Украинана дуьхьал болчу тIамехь дакъа ма лаца аьлла, арахьарчу пачхьалкхашкара чергазойн диаспоран цхьа могIа лидерша Оьрсийчохь бехачу чергазошка кхайкхам бинчул тIаьхьа нисделира и.
Краснодар-махкахь бусулба дин тӀеэцначу блогеро Гнеев Мансура (Бориса) "адыгийн геноцид" къобалйе аьлла, кхайкхам баро "Оьрсийн йукъараллин" а, цул тӀаьхьа низамхойн а тидам тӀебахийтира стохка. Официалехь "кхечу динийн векалех лаьцна ледара къамелаш дарна", цунна гӀуда тоьхна хиллехь а, полицехь дIайазйинчу видео тIехь цо къинтӀера довлар дехнера "адыгийн латтанех" лаьцна ша динчу къамелашна.
Геноцидах лаьцна дуьйцучу Гнеевс "дайн латтанаш" Iалашдечаьрга кхайкхамбира, цкъа хьалха Краснодаран кIоштан доза адыгашна йухадерзаде аьлла. Халкъашна йукъахь гамо йаржорна цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина, иза лаьцначул тIаьхьа Гнеевн хIусамнанас дийцира, цхьахволчу ницкъахочо талламаш бечу хенахь а хьахийра блогеро адыгех лаьцна аьлларг.
"Цакхетамаш ца хилийтархьама"
Тетуевна тIаьхьабовлар Ӏедалан позицица ду аьлла, кхетадойла йац. Иза дӀахьош ду боьдучу тӀемна а, телхина экономикан хьолана а йуккъехула "йуьззина тийналла" оьшуш хиларна, бохуш дуьйцу "Маьрша Черкесси" ассоциацин куьйгалхочо Яганов ИбраьхӀима. Оьрсийчохь иза "арахьара агент" ву аьлла, дӀакхайкхийна, терроризм бакъйарна бехктакхаман гӀуллакхехь лоьхуш ву, ткъа Тетуевс шен артиклехь къастош билгалваьккхина иза.
"Оьшуш йац мехкан Iедалхошна цхьана а тайпа бахархойн институташ, шайггара лелар, цхьана а халкъан бакъо къийса, хIунда аьлча, "СВО-на" керла нах оьшу. Карарчу хенахь экономикан хьал де-дийне телхина догIу, социалан харжаш йан а дукха ницкъ тоьар бац, къаьсттина къаьмнийн мехкашкахь. Iедалхошна хIинца оьшург тийналла йу, цхьана а агIонан, цхьана а стеган, йа йукъараллин организацийн бакъо йац цхьаъ дийца, хьал талхон хIума лело", - кхетийра цо.
Оппозицигахьа болу нах а бу меттигерчу элитана йукъахь
Тетуев санна болу йукъаралхой тахана, мелхо а, мIаьргонах пайда а оьцуш, кхин цкъа а Кремле дIахаийта хьийза шаьш а, шайн халкъ а- балкхарцаш, тешаме хилар, кхин дIа а дуьйцу цо.
"ГӀебартойн-Балкхаройн махкахь дехачу цхьана а къаьмнашна новкъарло йеш йац - массо а цхьатерра ледара вехаш ву. Ткъа церан баланаш гӀебартойн хьаькамашкара бац, амма боллу хьаькамашкара бу, карарчу хенахь луларчу пачхьалкхехь тIом эккхийтинчу федералан центрера а. Ткъа Оьрсийчоьнан пачхьалкхехь дерриг а хьал дӀанисдаллалц, къоман субъекташа шайгахь болчу гӀирсех пайда оьцур бу шайн интересаш ларъйархьама. Цу тIе даьлча, балкхаройн а бакъо ма йу маблха кIелара шайн меттиг ларъйан. Ткъа иза ларйина ца Ӏаш, шоръйан а", - дуьйцу Ягановс.
Къилбаседа Кавказан эксперт а, Джеймстаун Фонд олучу Америкерчу Ӏедалан йоцчу талламан организацин аналитик а волу Гобл Пол реза ву ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Ӏедалш Москвана дуьхьал довла йиш йац бохучух. Амма, цунна хетарехь, Тетуевца хиллачу инциденто гойту, республикерчу элитана йукъахь оцу хаттаре болу хьежамаш федералан тӀегӀанехь санна шера цахилар.
"Суна хетарехь, царна гӀоле хетара и хаттар дӀадаьлча, кхин а алсам дийцаредечул а. ХIунда аьлча, и хаттар дух-духа мел дуьйцу, церан проблемаш кхин а алсамйуьйлу. Кхеташ ду, меттигерчу элитана йукъахь оппозицина реза болу нах хилар, амма цунах лаьцна ддиллина дийца йиш йац", - аьлла, дерзийра шен къамел Гобла.
- 1864-гӀа шо кхаччалц лаьттинчу Кавказан тӀеман а, массо а агӀор чергазий Османан импере дӀабахийтаран а жамӀехь чергазийн халкъах пхи процент гергга бен ца дисира шайн дай баьхначу махкахь. Карарчу хенахь дерриг а дуьнентӀехь 50 сов пачхьалкхехь бехаш бу чергазий. Уггар йоккха чергазийн диаспора — тайп-тайпанчу хаамашца, 2,5 млн тӀера 3,5 млн стаге кхаччалц йехаш йу Туркойчохь.
- Чергазийн организацеша XIX бӀешарахь Оьрсийчоьнан империно шайн халкъана дуьхьал лелийнарг геноцид лору: къаьмнийн цхьаболу векалш байинера, вуьйш Османан импере дӀабигира. Йеххачу хенахь чергазий массо а агӀор байар геноцид санна къобалйина пачхьалкх йара - Гуьржийчоь.
- Шо долалуш Украинан Лакхарчу Радас къобалдира 1763-1864-чу шерашкахь Кавказан тӀамехь Оьрсийчоьнан империно чергазийн халкъана геноцид йар. Депутаташа йемал дира империн гӀуллакхаш, чергазий массо а хӀаллакбарехь а, уьш шайн историн даймахкара нуьцкъала арабахарехь а зе хиллачаьрца солидаралла а гойтуш. Цу кепара къобалйира чергазийн "репатриаци йан а, шаьш къасто а" йолу бакъо.