ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цунах лаьцна мел аьлларг хьакхало КадыровгIарах". Нохчийн Iедалхойн Дудаев Джохаре болу хьежам муха хийцабелира


Хинволу президент Дудаев Джохар къаношца цхьаьнакхетта, 1991 шо
Хинволу президент Дудаев Джохар къаношца цхьаьнакхетта, 1991 шо

Ичкерин дуьххьарлера хилла президент Дудаев Джохар "оьзда, гIиллакхе, хьекъал долуш стаг вара" Пугачева Аллас алар бахьана долуш йуха а дийцадаьккхина Нохчийчоьнан историхь цо дакъалацарх лаьцна. Кадыров Рамзана йуьхь йаьккхира йишлакхархочуьнгара, цо "кхетам боцу" мах хадор ду аьлла, ткъа Дудаев бехкевина шен халкъаца бала цахиларна. 2026-чу шарахь регионан урхалхочо Пугачевас аьллачул а лаккхара мах хадош къамел дира Дудаевх лаьцна, иза "сийлахь" стаг ву аьлла. ХIун хийцаделла цул тIаьхьа, къастийра тхан сайто.

Пугачевас Дудаевн мах хадор а, цуьнах йисинчу зудчуьнга Дудаева Алле, Ичкерин президент вуьйчуьра кIелхьараваккха ницкъ цахиларна къинтӀера йалар дехар а уггаре а чIогIа дийцарединчух ду оцу хиллачу доллу къамелехь. И дешнаш бахьана долуш Оьрсийчохь цхьаболчара иллиалархочунна "терроризм къобалйар" аьллачу артиклехула кхел йан йогIу бохуш, кхайкхамаш бира, вукхара ветеранаш аьшнашбарна ахмиллион цуьнга охьадиллийта бохура.

Интервью зорбане йаьлла пхи де даьлча, Нохчийчоьнан Ӏедалхоша а жоп делира оцу дешнашна. Мехкан информацин министро Дудаев "террорхо" ву элира, ткъа Пугачева бехкейира, "конституцин къепе ларъеш хиллачу" 300 эзар нохчийн бахархойн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а иэс сийсаздарна. "Джовхара йамарто лелор бахьана долуш" а, цуьнан сателлитийн рожо а уьш хIаллакбина бохура цо.

Кадыровн да - Ахмат-Хьаьжа - ша а вара Дудаевн агIончех цхьаъ

Цул тIаьхьа цхьа ши сахьт даьллачу хенахь вистхилира цу хьокъехь Кадыров Рамзан а – Ичкерин президент Дудаев волчу заманчохь цуьнан да мехкан муфтий хIоттийна вара, зорбанан министро хьесап дарца, оцу "ссателлитан рожах" вара иза ша а, "Оьрсийчоьнан оккупанташна" джихIад кхайкхорца, Iедалхойн а, Ичкерин президентан а курсана тIетайна волу. Ичкерин хьалхара президент хилларг "террорхо" ву ца бохура Кадыровс, Дудаев Джохарна йеш йолу критика цуьнан "инарлин амбицешца а, позицешца а, нохчийн халкъан бакъйолу проблемаш тидаме ца эцарца " а йара аьлла, доза а тухуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо цуьнан метта "халкъан мостагӀий" а, "йамартхой" а бу аьлла, билгалбехира Пугачева а, Березовский Борис а.

Йа диканиг, йа хIуммаъ?

Дудаев Джохарах лаьцна наггахь бен дош ца олура Кадыровс, амма хIинццалц схьа – лерринчу ларамца. 2009-чу шеран охан-баттахь Оьрсийчоьнан парламентан официалан зорбанан органехь интервью арахийцира Кадыровца дIайазйина, цу тIехь цо Ичкерин хьалхара президент "хьекъал долуш стаг вара" олу. Кадыровс дийцарехь, иза бер долчу хенахь, хIора Iуьйранна автобусахь Соьлжа-ГIала воьдура иза, сарралц мацалла валла гIали йуккъехула дIасалелара, "къоман турпалхо гаре сатуьйсуш". Бакъду, хIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен хIетахь хилла беран ойланаш "пропагандо" кхоьллина йара бохура.

2014-чу шарахь Донбассехь тӀемаш буьйлабеллачул тӀаьхьа Украинан агӀор тӀом бечу нохчийн декъана Дудаев Джохаран цӀе тиллира, амма цуо Ӏаткъам ца бира Кадыровн йукъараллехь цуьнца йолчу позицина. Украинин агӀор тӀом бечу нохчашка бинчу кхайкхамехь цо бехке вира батальонан буьйранча Мунаев Ӏийса, "шен коьрта буьйранча, Ичкерин президент дӀатесна аьлла". Амма бакъду, оцу хенахь Дудаев нийсачу новкъа воьдуш цахиларх Кадыровн дӀахьедарехь цхьа а ойла йацара.

ГIожмашца кеманаш охьаэгор ду бехира оха, ткъа и миска вийра

20I16-чу шарахь пачхьалкхан ТАСС агенталлан журналисто Кадыровс шен дех Нохчийчоьнан хьалхара президент хӀунда аьлла шега хаьттича, цо дуьххьалдIа жоп делира, "Кремло хьийхира ишта" аьлла. Нагахь санна Дудаев хьалхара президент лоруш велахь, "тӀаккха Ичкери а къобал йан еза" суверенитет йолу пачхьалкх санна, ткъа "ХаттабгIар а, БасаевгӀар а" "низамехь болу политикаш" санна, кхетийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Ишта баьхнехь а, Кадыров Рамзана хӀетте а билгалдаьккхира, 1990-чу шерашкахь "ур-атталла Джохаран кӀанта а са ца гатдора цунна, ша санна" бохуш.

Оццу шарахь Нохчийчоьнан Ӏедалхойн кхеташонехь Кадыровс, хьул ца деш, хазахетарца, йух-йуха а элира Дудаев "сийлахь стаг" вара, "бакъволу къонах" а – шен ойла цхьана кепара хийцайелла хиларх цхьа а шеконаш а йоцуш.

"Сайн дагчохь, ас лоруш ву Дудаев, хӀунда аьлча, иза сийлахь стаг вара. Шен заманахь, цо гӀуллакх динчу меттехь, цунна кхаьчна Советан пачхьалкхан массо а лакхара совгӀаташ – иза баккъалла а сийлахь стаг вара, амма тхо хӀетахь цунна йамарт девлира. ХӀинца вай гойтур ду царна! Оха элира, вай кеманаш Iасанаш Iуьттуш, чудохкуьйтур ду, ткъа и миска, вийра",- латкъамбо цо.

Дудаевна "йамартдевллера" бохучу шен тезисехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо карладаьккхира шен дас олуш хилларг. 2004-чу шеран стигалкъекъа-баттахь НТВ-на ша йеллачу тӀаьххьарчу интервьюхь Кадыров Ахьмада дийцира, Дудаевн йиш йацара Нохч-ГӀалгӀайн Республикан Лакхарчу кхеташоно, коьртехь Завгаев Доку а волуш, тӀеэцначу йозуш йоцу пачхьалкх хиларан декларацина дуьхьалвала. Цундела "байракх схьайаькхина", "халкъ кIажбухе дигира". Бакъду, цуьнан кӀанта нахана хьалха цкъа а аьлла дац, шен дас санна: Дудаев "республике валийна, Москвано дIахIоттийна" вара боху дешнаш.

"Оццул лакхара мах хадийра цара, Кадыров эшна а вуьтуш"

Кадыров кхеташ ву, нохчашка хаьттича, церан Дудаевга болу хьежам дикачу агIор, хастаме хир буйла, боху нохчийн йукъараллан а, политикан а гIуллакхдархочо Кутаев Руслана. Ичкерин хьалхара президент волчу заманчохь "Кавказ" олучу мехкадаьттан концернан коьртехь вара иза, ткъа хьалхара тӀом чекхбаьлча республикин вице-премьер хӀоьттира иза.

"Суна хетарехь, хӀара шен конкурентах лаьцна ишта хаза аларна йина реакци бен йац. Кадыровна хӀинца ша а хета оццул сийлахь а, ницкъ болуш а, Ӏаткъаме а. Ткъа иза бакъ ду, иза Ӏаткъаме а, ницкъ болуш а, хьал долуш а ву, амма и ши стаг, Дудаев а, Кадыров а, вовшашца вустийла дац. Дудаев хьолана тIаьхьаваьлла лелла вац цкъа а, иза къахьоьгуш вара нохчийн йозуш йоцу пачхьалкх хилийта гIерташ", - билгалдоккху къамелдечо.

Кутаевна хетарехь, тайп-тайпанчу хенашкахь Кадыровс "хастаме" дӀахьедарш дина, нохчийн халкъо цуьнца лелочу ларамна сий дан дезаш хиларна.

"Ткъа хIинца йоллу пачхьалкхехь а йевзаш йолчу оцу примадоннас изза до – тIаккха Кадыровга ца ладелла и, цунна хетта хила тарло кху хьолехь шен имидж лахлур йу аьлла: Дудаев оццул лакхара хета, цхьанхьа ша эшна хетта цунна", - бохуш, кхетадо цо.

Тоххара хилла символан маьIна муххале а ца дайна Дудаевн, мелхо а кхин тIе а къегина цуьнан къонахчун васт

Ша а Дудаевх "хьекъале" а, "сийлахь" а стаг ву баьхначу Кадыровс, Пугачевна жоп луш цуьнан дешнийн кIоргене ца гIоьртира, мелхо а шен политикан тешаме хилар тӀечӀагӀдан а, карарчу хенахь шен идеологин ориентаци гайта а оьшуш хиларал а, билгалдаьккхира нохчийн оппозицин блогеро Белокиев Ислама тхан сайтана йеллачу интервьюхь.

"Кадыров ладам боцуш верриг а Москвах воьзна ву. Хьалха федералан центр кхетара, тIеман чевнаш хIинца а йерзаза болчу нохчийн дог-ойла лара йеза аьлла. Цу шерашкахь, герзаца хиллачу гIаттамхоша къийсам латторца цхьаьна, къобал деш дара кхузаманан нохчийн пачхьалкх "кхоьллинчу дай" хастам бар. Цу тIе Дудаев Джохарна луьра критика йарх халкъ кхеташ дацара, хIунда аьлча, Кадыровн да Ахьмад-Хьаьжа ша а цуьнан улорчу нахах цхьаъ хилла хиларна. Цундела, Дудаевх лаьцна аьлла муьлхха а дешнаш, шеко йоццуш, шаьш КадыровгӀеран доьзалх хьакхалуш хир дара", - билгалдоккху къамелдечо.

Хьал хийцаделира Украинехь буьззина тӀом болабелча: нохчийн йозуш ца хиларан агӀончийн аьзнаш алсамдовлуш ду, ткъа Дудаевн васто, шен хьалха хилла символан маьӀна лардина ца Ӏаш, Оьрсийчоьнца тӀамехь нохчийн батальонаша дакъалацарца, кхин тIе а къагийна цуьнан васт, кхин дIа а дуьйцу Белокиевс.

"Цундела Москван сил чIогIа сагатдо Дудаев хесторо, - къаьсттина и дешнаш кхарна мостагIий хетачу украинхошкара а доцуш, нохчашкара а доцуш, оьрсаша аьлла хиларна. ТӀаьххьарнаш Путинна дуьхьал хиларх хӀинца а цхьана кепара кхето а, ур-атталла и тӀеэца йиш йу, амма мел кӀезга а, цара гойтийла йара мостагIалла, Нохчийчоь маьрша хила луучаьргахьа озабезам а боцуш", - дерзийра цо.

  • Украинан агӀор тӀом бечу нохчийн тIемалоша жигара кхиош йу шайн информацин каналаш, диаспорийн куьйгалхошца уьйраш чӀагӀъйеш. И гӀуллакхаш церан бакъонаш ларъярна а, Нохчийчоьнан пачхьалкхалла меттахӀоттайахь, уьш хинйолчу политикан системе йерзорна а тӀехьажийна ду. Кавказ.Реалии сайто дийцира нохчаша оцу тIамехь дакъалацаран бахьанех а, церан болам сийсазбарх а, 2025-чу шеран йуьххьехь дуьйна керла Ӏалашонаш кхоллайаларехь тӀамо бинчу тӀеӀаткъамах а лаьцна.
  • Дудаев Джохар вийра 1996-чу шеран охан- беттан 21-чу дийнахь Гехи-Чохь спутникан телефонехула къамел дечу хенахь ракеташ тоьхна. Цу дийнахь хиллачух лаьцна ма-дарра дагалецира тхан редакцица хиллачу къамелехь, тIаьххьара Дудаевца къамел динчу Боровой Константина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG