Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна, Нохчийчуьра блогерш чоьте эцна, йагорг йуттучу меттигехь герз диттина нах лоьху ГIалгIайчохь - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду оха Маршонан 118-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #118
Нохчийн кхиазхочунна хан тоьхна
Шен нийсархошна тӀелатар дарна бехкевечу 15 шо долчу нохчийн кхиазхочунна Мурдиев Романна (Муслим а олу цунах) цхьа шой, 11 буттий хан кхайкхийна набахтехь йаккха. ХIинцале а 21 бутт баьккхина цо СИЗО-хь, хьалхо мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, иза лацар низамехь дац аьлла.
Кхелан сацам бина Москварчу Савеловскан кIоштан кхело, йаздира "Коммерсант" хьосто. Муьлхачу хьелашкахь хан йоккхуьйтур йу Мурдиевга, цкъачунна хоуьйтуш дац. Оцу йукъанна республикерчу "Чечня Сегодня" агенталло билгалдаьккхина, иза лаьцна латтон хан тидаме эцна, кхиазхочунна тоьхна хан цхьана шаре кхаччалц охьайаьккхина аьлла. И хаам мичара схьабаьлла, йаздеш дац цара. Кхелан сайта тӀехь цхьана а кепара и тӀечӀагӀдина дац; бехкевийриг берхIийтта шаре валанза кхиазхо хиларна, таIзар динчун гIуллакхехула документаш зорбане дахар дихкина ду.
КХИН А ХЬАЖА: "Ший а агIо оцу гIуллакха тIехь ловзуш йу". Кхиазхой латарна тIехула Кадыровн Бастрыкинца довМурдиев а, кхин а виъ кхиазхо а бехке веш ву харцахьа леларна, дуьйцург ду, вовшашца хьалххе барт а беш, шайн нийсархошна тӀелатарш дар. Официалан версица, бехкебечара урамехь къастош хилла, шаьш кочабаха нах, царна питана а деш, цул тIаьхьа царах цхьаъ лата волалуш хилла. Вукхара, Талламан комитето чIагIдарехь, хьоьхуш хилла мича тоха йеза, йа шаьш а дакъалоцуш хилла летачарна йукъахь. Цу гӀуллакхехь 8 стаг ву цара тIелатар дина аьлла билгалваьккхина, царах цхьаъ кхиазхо ву. Талламхоша йаржийначу видеога хьаьжча, лаххара а цхьа йоӀ йу и кхиазхойн леттачарна йукъахь.
Мурдиевн гергарчара чӀагӀдо, шайн кIант бехке вац бохуш. Мелхо а 12 шо долу шена вевза кIант Iалашван гIоьртинера иза, оцу девна йукъахь хиллачу кхечу кIанта лелочу къизаллех бохуш, кхелахой тешон хьийзара уьш. КIентан адвокато а дIахьедора, цу гӀуллакхехь дакъалоцуш болу массо а кхиазхой кегийчу къаьмнийн векалш бу, ткъа цу йукъахь хилла кхин шиъ талламчаша оцу гIуллакхна бехкеволчуьра дIаваьккхина, хIунда аьлча, «цхьана къоман тоба йара" шайн боху верси йухуш хиларна. "Чечня Сегодня" агенталлина йеллачу интервьюхь Мурдиевс а билгалдаьккхира, шена "маймал" а аьлла, шен накъостана тIехьашхула тIекхетча, тIаккха леттера шаьш аьлла.
Нохчийчоьнан бакъонашларйархочо Солтаев Мансура дӀахьедира, "беран деша а, могашалла Ӏалашъян а йолу бакъо йохош йу" аьлла. Цо бахарехь, бехкевийриг дагца лазар долуш ву, амма цӀахь дIасавалар а дихкина латторна, "шен-шен хенахь лоьраша беш хиллачу талламах" ваьлла иза аьлла. Цо кхайкхам бира Мурдиев таламан изоляторера араваккха аьлла.
Мурдиев Муслимана тIехIоьттира ишта Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Талламан комитетан а куьйгалхой "шайн меттигашкахь хевшина бац" аьлла, бехкбаьккхира Нохчийчоьнан урхалхочо. Цунна жоп луш Талламан комитето кхиазхой леташ дIайазйина хилла видео дIасайаржийра, и гIуллакх ма-дарра теллина шаьш аьлла, дIа а хоуьйтуш.
Нохчийчоьнан Ӏедалша кест-кеста къамел до дозанал арахьа бехаш болчу нохчашкахьа гIо дохуш. Цу йукъана меттигерчу бахархойн бакъонаш саццаза йохош йу оцу регионехь.
Нохчийчуьра блогерийн реестр
10 эзар сов стаг аккаунте йазвеллачу инстаграмера блогершна тIедиллина хилла регистраци йар - дирзина. Ӏедалша и инициатива блогерийн болх кхин тIе а нисбан а, царна цхьацца пайде хIума йукъадаккха а Iалашонца долийна шаьш боху, ткъа цунна резабоцурш тешна бу, шайна тIехь терго латтон а, дешан маршо къовла а дагахь долийна хIума ду и ду аьлла.
Регистраци йан реза цахиллачийн аккаунташ шаьш "социалан машанашкара дIайойур" йу аьлла Iедалхоша, и хьакхалуш ду дозанал арахьа бехачу нахах а цхьаьна. Забаре контент зорбане йоккхучарна тIера динан хьехамаш бечарна тIе кхаччалц болу махкара блогерш шайн паспорташца тIебахка безаш бара Соьлжа-ГIаларчу зорьанан министралле.
Регистраци йирзинчул тIаьхьа дIахьедира, шайн болх сацон тарло, йа цхьа новкъарло хила тарло моьттуш, кхоьруш болу блогерш паргIат хила мегар ду аьлла. "Кхин а дика болх хир бу шуна", - чIагIо йира Нохчийчуьра кегийрхойн кураторо, и регистраци йайта дагадеанчу Сугаипов Iамира. Иза хIун ала гIертара, хууш дац. Ишта цо дийцира, "Шеран блогер" йа "Шеран коуч" номинацешкахь совгIаташ дIасадоькъур ду шаьш аьлла. Уггар а тоьллачарна, бохура, леррина карточкаш лур ду "Къоман кIант", "Къоман йоI" аьлла. Кхин сов даьккхина цунах лаьцна а ца дийцира.
КХИН А ХЬАЖА: "Цензура а, нахана кхерамаш тийсар а". Нохчийчохь блогерш чоьте эца болийнаТхан редакцица къамел дан реза хиллачу блогерша, шайна а, махкахь бехачу шайн гергарчу нахана а сингаттам баккхарна кхоьруш, цIераш къайлайахьар а доьхуш, дийцира кадыровхоша йукъайаьккхинчу инициативех лаьцна. Цхьана турпалхочо – Асхьаба- пхеа шарахь ша лелийна, шена дикка пайда бохьуш хилла аккаунт дIайаьккхира. Изза дина, масала блогерша Эмиев Iаьрбис а, Вахарагов Асхьаба а.
Тхоьца къамел динарг тешна ву, Ӏедалшна тIеIаткъам бан а, шайна тIехь терго латто а, шайгара сом даккха а, шайн цхьа идейш хьалхайаха а Iалашонца долийна хIума ду и аьлла.
Цхьа шо а ду итт эзар стаг шен агIоне йазвеллачу пачхьалкхера блогершна регистраци йар тIехь долу, амма меттигерчу инициативо кхин а сов дӀакъовлу блогерийн бакъонаш. Иштта хета цу хьолах лаьцна тхуна комментари йан реза хиллачу медиаюристана. Ишта элира цо: "Кхузахь хазаниг хIун ду аьлча, Iедалхоша дуьйцуш дац, шайн тIедахкарш кхочуш ца динчарна хIун таIзар дийр ду шаьш, церан "аккаунташ социалан машанашкара дIайахар" доцург. Кхеташ дац, муьлхачу низаман буха тIехь нохчийн Iедалхоша йаздийр ду «ВКонтакте» йа телеграман куьйгалле, аккаунт, йа канал, йа тоба дIайаккха аьлла. Схьагарехь, санкцеш низаман гурашкахь хир йац. Цундела кхерам лаккхара лаьтта, амма юридикаца боьзна бац и".
Билгалдаккха догIу, хIара дуьххьаралера хIума дац Нохчийчохь блогерша лелориг низаме дерзо гӀертар. Нохчийн гIиллакх-оьздангалла машанехь дохийна аьлла хетачу нахана кхерамш туьйсу, камерашна хьалха а хIиттабой, бехкаш доху. Амма тахана а Iедалхоша кечдина арахецна документ дац, "нохчийн ламасташца" догIуш муха лела деза хьоьхуш.
Бензин дуттучохь герзаш диттинарш лоьху полицино
ГӀалгӀайчохь бензинан станцина гергахь дрифт хилла, хӀаваэхь герз диттинчул тӀаьхьа полицино лоьхуш йу машенлелорхойн цхьа тоба. ХӀаваэхь герз деттар къаьстина доьхкуш низам тIеийцира республикехь 2020-чу шарахь, бахьана дара зуда йалочу хенахь машенийн коврашна йукъахь герз кхуьйсуш хилар.
Хьалхо интернетехь видео гучуйелира, ГӀалгӀайчохь а, Москвахь а регистраци йина иттех сов машен «Лидер» олучу йагориг йухкучу станцина уллехь лаьтташ гойтуш. Станцина хьалха дрифт хIоттийнера веа машенлелорхочо, кхин а масех машенлелорхочо а, пассажираша а хӀаваэхь тапчанаш а, автоматаш а йетта йолийра.
2020-чу шарахь ГӀалгӀайчоьнан Наьсаран кӀоштара къанойн кхеташоно, махкарчу бусалба динан Ӏилманчийн хьехамашца, сацам тIеийцира, шайн а, нехан а дахарна кхерам латточу нахана 50 эзар сом гӀуда тухуш. ХӀетахь цхьаболу эксперташ шек бара и барам эвсаре хирг хиларх.
Дехкарш доллушехь, хӀаваэхь герз детташ а, машенаш кхерам болчу кепехь хоьхкуш меттигаш хаддаза нисло ГӀалгӀайчохь а, кхечу Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а. 2023-чу шеран гIура-баттахь ГӀалгӀайчоьнан а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан а дозанехь хIаваэхь герзаш диттира муьлш бу ца хуучу наха, тIехь номерш йоцчу машен чуьра. ТӀаьхьо полицино билгалдаьккхира, герз диттинарш Пригородный кӀоштара Дачное цIе йолчу эвла нускал дуьгуш йоьлхучу машенийн коврана йуккъера хиллера аьлла.
Ала дашна, Нохчийчохь Соьлжа-ГIалин мэрино 20I5-чу шарахь тIечIагIдинчу низамашца, магош дац ловзаргахь къаьркъа мала а, герзаш детта а. Оцу тIехула ницкъаллин структурашкахь белхаш беш хилла кхо стаг балхах вохийра хIетахь.
Ницкъахошна тӀелата кечлуш Буйнакскера 4 вахархо лаьцна
Ницкъаллин структурийн белхахошна тӀелатар дан кечлуш хилла аьлла, лаьцна талламан изоляторе хьажийна Буйнакскера 4 вахархо. Талламчаша чӀагӀдо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин полицин декъехь эккхийтар дан дагахь хиллера уьш бохуш. Цхьа а тоьшалла ца далийна, уьш билггал цу гIуллакхна гунахь хилар тӀечӀагӀдеш.
ХӀинжа-ГӀаларчу Советский кӀоштан кхелан пресс-гӀуллакххоша йовзуьйтуш йац лецначийн цӀераш. Официалан версица, шеконашца лецначех цхьаммо эцна, шегахь латтийна хилла боху лелхачу хӀуманийн компоненташ – и дерриг а ду официалехь дуьйцург. Кхин болу лецначу нахана хIун бехкаш дехкина, хууш дац.
Бехктакхаман гӀуллакх долийна низамхой байа гӀортарна а, бакъо йоцуш оьккхуьйтург кечъйарна а. Кхело лаххара а шина баттана, лахьан-беттан 25-чу дийне кхаччалц, лаьцна латтош бу уьш, таллам бина баллалц аьлла.
Кху аьхка, товбеца-баттахь, Дагестанерчу Буйнакскехь эккхийтар дан кечам беш вара аьлла лецира I6 шо долу жима кӀант. Низамхоша ца хаийтина кӀентан цӀе а, йа иза дакъалаца тарлуш хиларан билггал долу тоьшаллаш а. ТӀаьххьара виъ стаг лацар оцу гӀуллакхца доьзна ду йа дац а, хууш дац.
Украинана дуьхьал тӀом болабелчхьана Оьрсийчохь йукъараллин кхерамазаллина дуьхьал зуламаш дарна бераш бехкедар алсамдолуш ду – терроран а, герзаца йолчу тобанашкахь дакъалацаран а, бакъо йоцуш герз лелорна а артиклашца кхелаш йо царна тӀехь. Низамхоша, дукхахьолахь, шайн кӀезигчу пресс-релизашкахь цхьа а тоьшалла ца гойту, и лецна бераш билггала бехке хила тарлуш хиларх.