Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, националистийн а 500 соьмана тIехула даьлла дов, Бусалба нехан дог-ойла аьшнаш йарна блогерна таIзар дар, кадыровхоша лачкъийначу Щепихин Арегна хан тохар. Цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 119-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн сий дайъинчу Щепихинна хантохар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #119
500 сом бахьанехь даьлла дов
500 соьман кехатан дизайн карлайаккха Iалашонца кхаж тасар йукъахдаьккхина Оьрсийчоьнан банко. Нохчийчоьнан куьйгаллина а, z-патриоташна а йукъахь дов а долуш. И нисделира Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, цуьнан куьйгакIел болчара а банко лелочунна шаьш реза ца хилар дIахаийтинчул тIаьхьа. Цара чIагIдора, ахчана тIехь Грозный-Сити комплекс хила ца луучеран агIо лаьцна банко бохуш.
Интернетехь билгало харжа Iалашонца кхаж тасар бахьана долуш дуккха а комментареш а, къийсамаш а нисбелира. Нохчийчоьнан Ӏедалша жигара дакъалецира оцу акцехь цхьана агIор, вукху агIор бара гӀарабевлла тӀамана гӀортор йен блогерш а, националисташ а. Цара харжамхошка кхайкхам бира Эльбрус ломан суьртана кхаж таса, "Грозный-Ситига" толам ца баккхийтархьама аьлла.
Коьртачу банко дӀахьедира, "цхьацца гIишлошна кхаьжнаш алсамдаха Iалашонца техникан гӀирсех пайдаэца гӀертарш алсам хиларна", шайна новкъарло йо нийсонца кхаьжнийн хьесапаш дан аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн а, националистийн а 500 соьма тIехула даьлла довЦул а хьалха Нохчийчоьнан къоман политикан а, арахьарчу зӀенийн а, зорбанан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад девне велира Оьрсийчоьнан коьртачу финансийн институтца. Цо латкъам бира Коьртачу банко националисташна гӀортор йеш йу, къаьмнашна йукъахь цабезам а гӀаттош бохуш. Цуьнан бахьана дара - кхажтаса цхьа кеп бен ца йитина хилар, иза а Госуслуги сервисехула верификаци йинчул тIаьхьа.
Эльбрусера и толам схьабаккха луучу Кадыров Рамзана меттигерчу бахархошка кхайкхам бира жигара хила аьлла. Нохчийчоьнан урхалхочо кхаьжнаш тосучарна йукъа йиллира керла арахецна 17-гIа итт iPhone а. Цхьана телефонан мах бу 800 долларна тIера хьала (2015-чу шеран гIадужу-беттан 15-чохь йолчу курсаца и хуьлу оьрсийн соьмашка дерзийча 63 эзар гергга).
Эльбрусана кхаж тесначунна аьлла конкурсаш кхайкхийра иштта z-патриоташлахь гIарабевллачу блогерша а, политикаша а: масала, зударшца къийсам латто «Божарийн пачхьалкх» кхоьллинчу Поздняков Владислава а, тIеман корреспондент олучу Коц Александра а, Москвара думин депутато Даванков Александра а. ТIаьххьара цIе йаьккхинчо шен агIоне йазбеллачаьрга бохура 100 футболка а, «Керла адамаш» партин мерч а, лаьмнашна бухарчу санаторихь садаIа путевка а йукъайиллина ша кхаьжнаш тесначарна аьлла.
Эххар а, кхажтасар сацийча, шина а агӀоно иза шайн-шайн толам болуш санна тӀеийцира. Тхан сайто зорбане йаьккхина, эксперташца цхьана оцу девна духе кхиъна, йазйина артикл.
КХИН А ХЬАЖА: 500-зза къурд алар. Кехатан ахчана тIехь стенна оьшу Кадыровна Соьлжа-ГIалаПутин Владимиран агӀончаша ахчанан кехат тӀехь хир долчу суьртах лаьцна къийсамаш бечу йукъанна РИА Новости олучу пачхьалкхан хаамийн агенталло зорбане йаьккхира Оьрсийчоьнан гӀаланийн алапийн тӀегӀанашка хьаьжжина рейтинг. Къилбаседа Кавказан республикийн коьрта шахьараш йу алапаш лахара долчу регионашлахь – Нальчик, Элиста, БуьритIе, Черкесск, ишта 500 сом кехатан ахчана тIехь хила хьийзина Соьлжа-ГIала а.
Нохчийн сий дайъинчу Щепихинна хантохар
Кху кӀиранах Москвара Пресненскан кIоштан кхело набахтехь даккха пхи шо хан тоьхна хьалхо кадыровхоша лачкъийначу Щепихин Арегна. Прокуратурано доьхура, цунна 6 шо хан тоха бохуш. Кхело бехке лерина Щепихин, ницкъ бийр бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш, халкъашлахь цабезам кхолларна а, экстремизме кхайкхамаш барна а, динан синхаамаш сийсазбарна а.
КХИН А ХЬАЖА: "Кадыровхой мел чӀогӀа Ӏедална мутIахь хиларх, уьш царна хийра бу". Инстаграмехь нохчий сийсазбечу стеган гӀуллакхахАдвокат Сотникова Оксана кхелехь къар ца лора, ша Iалашвечо ницкъ бина бац, цу тIе, цо бехк шена тIе а лаьцна, ша лелийначунна дохко а ваьлла иза бохуш. Социалан машанашкахь ксенофобин видеош йаржош хиллера Шепихин Арега, иштта цо сийсазбора нохчий а. Мангал-беттан 3-чохь Москвара Ярославан цӀерпоштнекъан вокзалехь лачкъийна дIавигинера иза. Щепихинна йиттинера, гечдар доьхуш видео дIа а йазйайтинера цуьнга. Официалан доцчу хьостанаша дийцарехь, иза лелийна Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думин депутат волчу Делимханов Адамца уьйраш йолчу наха. Шаьш лелийначунна жоьпе озийна вац царах цхьа а.
Кадыровна лийна блогер политикан тутмакх лаьрра
"Политикан тутмакхашна гӀортор йар. Мемориал" проектан бакъонашларъярхоша политикан тутмакх хилар къобалдина Веган Христолюб (бакъйолу цIе Кузнецов Дмитрий йу). Динан синхаамаш сийсазбарна а, нацизм къобалйарна а бехке а вина, таӀзаран колонехь даккха кхо шо хан туьйхира цунна. Кхин цхьа бахьана а дара, Журавель Никитан гӀуллакх а, Кадыров Рамзанан политика а, Къуръан а, бусалба дин йемал деш цо видеош йахар а.
Ша пацифист а, космополит а, динан хьехамча а ву бохуш волчу Христолюб Веганна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх долийна хиларх гIараделирам 2023-чу шеран лахьан-баттахь.
Блогер бехкевинра, боху, Къуръан дагорна Нохчийчохь кхеле озийначу Волгоградера студентана Журавель Никитана гӀело йинчул тӀаьхьа, цо бусулба дин а, Къуръан а аьшнаш деш дӀахьедарш дича. Иштта Вегано кест-кеста критика йора шен видеошкахь Кадыров Рамзанан политикана.
ТӀаьхьо блогер жоьпе озийра ишта, нацизм къобалйарна, Украинана дуьхьал тIом бан тумакхашна вербовка йарх дуьйцуш, Дуьненан ШолгӀа тӀом боьдучу хенахь дуьхьал лаьттинчу Советан эскарна луьйш видео дIайазйарна.
2025-чу шеран чиллан-баттахь набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна ца Iаш, психиатрна тIе лелар а хьийхира цунна. Блогер реза ца хиллера шена тоьхна таIзар тIелаца, гIадужу-беттан 13-чохь тIамана дуьхьал хIоттийначу пикетехь лецира иза. Карарчу заманчохь Веган цхьана баттана лаьцна ву, цул тӀаьхьа иза нуьцкъала таӀзаран колоне хьажор волуш ву.
«Мемориалан» белхахошна хетарехь, блогеро Къуръанах лаьцна динчу дӀахьедаршца зулам дац, цо дина къамелаш догIуш дацара аьлла, хьесап дойла йу. Веганна тIаьхьабовлар, иза Украинера тIамана дуьхьал хиларца дузу бакъоларйархоша.
ГIалгIайн вахархочунна диверси йан гIортарна хан тоьхна
ГӀалгӀайчоьнан Лакхарчу кхело 10 шо хан кхайкхийна меттигерчу вахархочунна Сакалов Ахьмадна, шогачу хьелашкахь йолчу таӀзаран колонехь йаккха. Цунна бехке диллина лелха хӀуманаш шегахь лелор а, цIарца йуьйцуш йоцчу цхьана мехкадаьттан-энергетикан комплексехь эккхийтар дан кечам бар а. Оцу гӀуллакхах лаьцна кхин кIорггера дуьйцуш дац.
Кхело бинчу хаамца, Сакаловс набахтехь токхур ду хьалхара кхо шо. Иштта 700 эзар гӀуда а тIедожийна цунна.
Дагадоуьйту, бехкбуьллучийн версица, вовшахтоьхначу цхьана тобанан декъехь «Оьрсийчоьнан экономикан кхерамзалла а, тIамана дуьхьало йан» ницкъ а эшо Iалашонца эккхийтар дан дагахь хилла Сакалов. "Цунах дозуш доцчу бахьанашца" диверси йан аьтто ца баьлла.
Сакаловс билггал хIун дакъа лаьцна а, цуьнан лаам хIунда хилла а, "вовшахтоьхначу тобанехь" болчу нехан терахь а - билгалдаьккхина дац. Хууш дерг ду, и гӀуллакх бехккъасторхойн тешаша динчу дарашна а, "йозанан тоьшаллашна" а тӀехь дӀахьош хилар.
ХIара шо доладелчхьана Къилбаседа Кавказехь 280 стаг лаьцна ву терроризм лелорна шеконашца, шайна йукъахь кхечу пачхьалкхашкара тобанех а, "украинхойн националистийн формацех" а дӀакхета гӀортар долуш. Ишта дӀахьедина ФСБ-н директоро Бортников Александра. И тайпа лецарх лаьцна шен хаамаш тIехь кхерамзаллин сервисо, дукхахьолахь, билггал тоьшаллаш ца до лецначийн бехк хиларх а, йа цу гӀуллакхехь шайн хааделлачу тоьшаллех а.
Иштта ницкъахочо даре дира лецначарна йукъахь кегийрхойн дакъа алсамдалар, иза Бортниковс дузу интернетехула балха нах эцар алсамдаларца а, дозанал арахьа дешначу динан дайн жигараллаца а.