"МуьтIахь хила, Кавказ"? Инарла Ермолов а, ламанхой карабезорзош лелийна инзаралла а

Ахульго эвла оьрсийн эскарша схьайаккхар. Сурт диллинарг ву Франц Рубо (1888)

Маршо Радион оьрсийн сервисо дӀахьош "Развилки" цикл йу. Цу тIехь дуьйцу кхечу кепара хила йиш йоллушехь, исторехь нисбеллачу чолхечу муьрех лаьцна. Муха йара историн альтернативаш, уьш кхочуш ца йеш хӀунда йисира?

Кхузахь шун каро аьтто бу циклан хьалхо хилла сериш.

БӀешерийн кӀоргене хьажа атта дац, амма хьо гӀортахь, карор ду хьуна имперех ведда, йа цо къилбехьа дӀахьежочу, къилбаседехьара Кавказе хьалхабевллачу Кавказан лаьмнин къаьмнийн а, оьрсийн а чолхечу юкъаметтигех лаьцна тептар. Рейдийн а, таӀзаран экспедицин а цикл, машаран дӀахӀоттам а, керла тӀеман гӀуллакхаш а дӀалоцу XVIII бӀешеро, ламанан къаьмнашна а, Терк хи тӀе хьалхабевллачу оьрсийн казакашна а йукъахь рогӀера конфликт йолу хан санна, Гуьржийчу боьдучу некъан урхалла дан къийсам латтош йолу хан санна.

Шейх Мансуран сабIаьрзе тIом

ХIетахь Оьрсийчоьнан администрацина уггар а кхерамечух бара шейх Мансуран болам, цуьнан аьтто баьллера Оьрсийчоьнан экспансица бечу тIамехь Алдына гергарчу йарташкара нохчий а, Дагестанера ламанхой а (лезгинаш, суьйлий, даргинцаш), гIумкий, ур-атталла ГIебартойра а, Кубанера а баьхкина ламанхой а (чергазой) цхьана вовшахтоха. Керла тIебаьхкинчарна дуьхьал гӀаттам, коьртехь османхошца уьйраш йолу суннитийн хьехамча а волуш, дӀаболабелира I785 шарахь. Мансура хьехам бира лоллаца а, феодалашца а, цӀий Ӏанорца а къийсам латторах, Ӏадаташ шарӀан низамца хийцарх лаьцна.

Элано Потемкин Григорийс омра до Кавказан линин эскаршна шайх Мансур йийсаре лаца "цӀий ца Ӏанош дика хир ду" аьлла. Дика лаам! 1785 шеран товбеца- беттан йуьххьехь ши эзар салтичух лаьтта тоба, йоккха ши топ а йолуш, лаьмнашкахь йолчу Алды йуьрта хьажийра. Мансур воций а, бахархоша эвла дIатесна хилар а шена гича, отрядан буьйранча волчу полковника де Пьерис омра дира хIусамаш йагайе аьлла. Ковра юхайирзира, цхьана Ӏин чу а йоьдуш, цигахь Мансуран эскарша го а бинера.

Хьуьнчохь болабелира тIом, цигахь артиллерин дуьхьало йойла дацара. Сунжехула дехьабовла гIоьртира эскархой, ламанхоша тIейетташ а йолуш, дуккха а шайлахь нах хIаллак а хуьлуш. Цхьана инзаречу суьрто собар кхачийра: дуьхьало йан йитина хилла йоллу резевр хIаллакйинера. ТIаккха буй-тIаране бирзира тIом бинчу гонехь. "Хьалха лаьтташ хиллачу иччархойн батальонан а, кӀеззигчу линихь болчу гIалгIазкхийн а аьтто белира гонах чекхбовла, амма бисина гIалгIазкхий а, гренадерийн ши батальон а, церан боллу эпсарш а хIаллакбира. Пьери шаьлташца веринера йоккхачу тоьпа уллохь". Вийра 13 эпсар а, 740 эскархо а. 162 йийсаре лаьцнера.

Оцу кхиамо гӀо дира шейх Мансуран гӀаттамна Кубанехь а, Кабардахь а шорбан. Дуккха а тобанаш схьаоьхура, ткъа Къилбаседа Кавказан имаман эскарехь гулвелира 10 эзаре гергга тӀемало, коьртачу декъана нохчий а, дагестанхой а бара уьш. ТӀом болабелира йоллу Кавказан линехула, Кубанера Терек тӀекхаччалц. 1785 шеран товбеца-баттахь Мансур аренашка охьавахара, цо тӀелетар долийра Кизляран гӀопана, иза йара ДегӀастанехь оьрсийн эскарийн коьрта чӀагӀо. 1785-чу шеран мангал-баттахь шейхан эскаро кхиам боцуш масийттазза штурм йира гӀопана а, цуьнан бӀаьвнашна а. Кизляран гарнизоно артиллерица массо а тӀелетарш юхатоьхнера, Имаман эскарш лаьмнашка йухадевлира.

Ламанхой Гуьржийчу боьдучу некъана тIелата кхерам бара, амма шейх Мансуран эскар декъашка даьржира, цундела шен ницкъаш йуха вовшахтоха дийзира цуьнан. Татартупеа гергахь цуьнан армина дуьхьал йелира полковникан Нагелан тоба. Виъ эзар салти шайца волчу оцу тобано шина тIамехь толам баьккхира Мансуран меттахIиттина воцчу 20 эзар ницкъана тIехь. Историкаша билгалдаккху: «Эшамо барт эгIийра ламанхойн могIаршкахь. ГIумкийн шайн меттигашка йухабевлира, суьйлиша а, нохчаша а вовшийн цIий Iанийра, ткъа кабардхоша шаьш муьтIахь хуьлуш ду аьлла, оьрсашка дIахьедира, ткъа церран туркошна дуьхьал бечу тIамехь гIоьнна шайн тоба йахийтира. Ша шейх Мансур Кубанел дехьавелира».

Шейх Мансур

1787-чу шеран гезгамашин-бут чекхболуш полковникан Рехбиндеран отрядо тӀелатар дира Уруп а, Лаба а хишна йуккъехь чохь дӀахӀоттийначу 600 Ӏаьрбох лаьттачу шейх Мансуран коьрта лагерна. ЧӀогӀа дуьхьало латтийначул тӀаьхьа Мансур цигара араваьккхира. ГӀаттамхойн контртIелатар кхиаме ца хилира, йухабовла дийзира. ШолгӀачу дийнахь Рехбиндеран тобана тӀелатар дира Мансура. ТӀом бечу йукъанна паччахьан эскарш йухатоха буьйлабелира ламанхой. Амма оцу мIаьргонехь Рехбиндерна гӀо дира Астраханера премьер-майоран Львовн эскадронаша а, секунд-майоран Доршанан гренадерийн батальоно а.

Цул тӀаьхьа туркошца цхьаьна ларйира шайх Мансура Анапан гӀап. 1788-чу шарахь цара йухатоьхнера инарла Текели Пётран эскарийн штурм, ткъа 1790-чу шеран йуьххьехь цара дуьхьало йира инарла Бибиков Юрийс динчу тӀелатарна. 1790 шеран гезгамашин-баттахь БатӀал-пашин эскаршца цхьаьна Кубанан лакхарчу декъехь эшийра шайхан ницкъаш, цо йуха а шен эскарца ларйира Анапан гӀап. 1791-чу шеран мангал-баттахь оьрсийн эскаро кхиамца Анапина тӀелатар деш, шейх Мансур лазийра, йийсаре лецира иза, оцу сохьта ха деш, Петарбухе дӀахьажийра.

"Ламанан къаьмнаш Оьрсийчоьнна дуьхьал гӀатторна а, империна доккха зен дарна а", иза чувоьллира Шлиссельбурган гӀопехь Екатерина II-гӀачун омрица, велла дIаваллалц аьлла, хан а кхайкхийна. Цигахь иза велира шен 34 шо долуш 1794-чу шеран охан-баттахь. Шейх Мансуран цIарах легенда хилла Кавказехь, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан империна дуьххьара тIом кхайкхийнарг иза хиларна. Ткъа цуьнан толамо таро лур йара, Туркойчоьнца йоьзна ламанхойн пачхьалкх кхолла, цуьнан агIончаш и лууш а бара.

"Герзан ницкъаца къарбина"

XIX бӀешо долалуш хийцам хилира Малхбален Гуьржийчоьнан аннекси йар, иза дӀакхайкхийра Павел I-чо, тӀаьххьара Александр I-чо 1801-чу шарахь омра а деш. Иза цхьаболчарна лаамехь дара, вукхара бертаза лорура. Кавказан линина а, Гуьржийчоьнна а йукъахь йисира Нохчийчоь а, ГӀебарта-Балкхаройчоь а, Дагестан а. Коьрта буьйранча хIоттийра зеделларг долу инарла Цицианов Павел Тифлисехь, цо Оьрсийчоьнца зӀе латто эскарш доьхура. Цо омра дира, Дарьялан ӀиндагӀехула Гуьржийчу боьду некъ кхераме йоцу Гуьржийчоьнан тӀеман шоссе хилийта аьлла. Цицианов гӀоьртира лаьмнин бахархошца йолу проблемаш йеккъа цхьана ницкъаца йерзо.

Оцу йукъанна нохчашца йолчу йукъаметтигийн исторехь дуьххьара 1803-чу шарахь Цициановс омра дира инрала волчу Шепелевна, ламанхоша кхиийна йалта хIааллакдар, церан даьхний дIалахкар, йааа-мала йоцуш уьш бисийтархьама. Маьрша бахархошна а, "маьрша боцчу" бахархошна а йукъара башхалла хьаха ца йира цо. Мангал-бутт чекхболуш шина полкех а, гIалгIазкхех а лаьтта ши тоба цIеххьана тIелетира Истису а, Наимберды цIераш йолчу йарташна.

Йийсаре лаьцначу нохчийн ницкъ ца кхаьчнера дуьхьало йан. И бахьана долуш 9 стаг вийра, цхьаъ йийсаре лаьцнера, йалта хӀаллакдинера, 960 бежана а, 127 гомаш а, 24 говр а лачкъийна дIайигира. ТӀелеттачу агӀонан эшамаш ца хиллера. 1803-чу шеран аьхка а, гурахь а кхин а шозза рейдаш йира нохчийн йарташкахь майора Савельевс буьйралла а деш. Оцу тIехула регионера хьал кхин тIе а телхира.

Ламанхоша бекхам бора посташкахь лаьттачу кегийчу тобанашна а, пикеташна а, йарташна а тIе а леташ, цу хенахь даьхни лачкъадора, нах йийсаре лоьцура, цул тӀаьхьа уьш дIасахуьйцура. 1803—04-чу шерашкахь нохчий Кавказан линел дехьа а бевлла, Моздокан а, Екатеринодаран а, кхечу кӀошташна а гергахь лелаш бара. 1804-чу шарахь лаьмнин бахархоша дӀакъевлира Гуьржийн тӀеман некъан цхьа дакъа, цуо декхаре бира оьрсийн инарлаш кхин а ларлуш политика лело.

1904-чу шарахь Цициановс шен план йовзийтира Сунжан лини кхолларехь. Амма проект кхочушйан буьйлабелира итт шо даьллачу хенахь, I806-чу щарахь Бакухь инарла кхелхича. Керла буьйралла дан веанчу инарлас Годович Ивана, Кавказан хьокъехь шен план кечйира, цу тIехь цо бакъо йелира нохчашна Кавказан линина гонах дIаьарбала, цо аттачу доккхура дара администрацина тIехь Iуналла латтор.

Иштта бакъо йала дагахь вара иза тIера йасакх ца оьцуш ламанхошка йохка-эцар леладайта а, Теркана гергахь церан даьхни дажийта а. Шен сардалан Iалашонна тIетайра Александр-Хьалхарниг а. Оцу йуккъехула ламанхошлахь гоьбевллачу нахаца а дийуарш дара дIахьош, Нохчийчохь таIазар дан экспедицина кечлуш а хиллера. Цу йукъа йаха йезара оьрсийн эскарийн кхо тоба. Червленная олучу станицера дIахьажийнера инарлин Булгаков Сергейн 4 эзар салти а, гIалгIазкхий а, Моздокера – Мусин-Пушкинан тоба а (2 800 саоти). Ткъа БуьритIера вахара инарла Ивелич Иван 1209 салти хьалха а ваьккхина. Эскаршкахь хиллера 29 йоккха топ.

1807-чу шеран чиллан- беттан йуьххьехь Булгаковн эскарш тIамца Йоккхачу Нохчийчу даха хьалхадевлира, Iаламат дика чIагIйинчу Ханкалан чIожехула. ЦӀий Ӏенош тӀом бинчул тIаьхьа оьрсийн аьтто баьллера Аргун хин тогӀи тӀе кхача, цхьа могӀа нохчийн йарташ а йохош. Шерачу аренца нохчаша тӀом беш ца хиллера, буьйсанна кегийчу тобанашца тӀелатарш а деш.

Ивеличан а, Мусин-Пушкинан а ницкъаш Сунжин лакхенехула дIагIоьртира Булгаковх дIакхета, ворхIозза хилла летарш а ловш.

ГӀойтIера хьуьнхахула чекхвала ка йелира, Булгаковс диъ герз карахь гIоьнна ваийтина ши эзар салти бахьана долуш. Боллу ницкъаш цхьаьнакхеттера зазадокху-беттан йуьххьехь Йоккхачу АтагIахь. Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан уггаре а хьалдолчу йартех йолчу Гермачига а кхаьчна, 5 сахьтехь штурм йира цара, цуьнан бахархоша а, луларчу эвлашкарчу наха а ларъеш йолчу йуьртана. Кхиаме ца хилла тӀелатарш динчул тӀаьхьа, йуьртана цӀе теснера. Оьрсашна баккхий эшамаш хилира - 400 сов стаг вийра, чевнаш йира. Бахархой хьаннашка дӀабахара.

Инарлаша Гудовича а, Буогаковс а жамIаш дечу хенахь паччахье дIахаийтира иштта: "Нохчийн герзан ницкъаца эшийна, хьан Сийлаллина даим а тешаме хила чIагIо йайтина цаьрга. Шайн дина тохар дехха дагахь лаьттар ду царна, оцу хьоле балийна оха уьш, кестолгIа кхин царна чу са догIур дац".

1807-чу шарахь цхьа могӀа нохчийн лаьмнийн йарташа ца бевллачу денна ваIда дира Орсийчоьнна тешаме хила. Меттигерчу къаношна, цаьргахь хьалха хилла бакъонаш йуьтуш, керла пурстопийн бакъонаш кхачийра, уьш зIе йара паччахьан Iедалхошна а, бахархошна а йукъара. 1807-чу шарахь байӀат диначара Ӏедална цхьа а йасакх луш ца хиллера. Гудовича лаьмнашкахь бахархошна таӀзар дийр ду аьлла кхерамаш тийсина ца Ӏаш, шен дош кхочушдан гӀертара, царна пайде некъаш лора цо. Оцу кепара «кӀеда» политика йоьзна йара, Наполеонца а, Персица а, Туркойчоьнца а тӀемаш уггаре а марсабевллачу муьрехь Кавказан бахархошлахь синтем латто лаарца.

Герзан ницкъаца къарбина нохчий, даимна а хьан Сийлаллина тешаме хила дуй биъна

Оцу йукъанна паччахьан администраторша лаьмнийн халкъашна йукъахь паттанаш леладора. Масала, 1810-чу шарахь Оьрсийчоьнна муьтIахь хиллачу гIалгIайн нохчашца тIом бирзинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнна муьтIахь хила уггра а хьалха чIагIо йан дийзира. Наьсарахь куп тоьхна йара Оьрсийчоьнан тоба, шпйлахь 200 салти а, 150 гIалгIазкхи а, кхоъ йоккха топ а йолуш. ГIалгIайн гIаттамхошца цхьаьна 1810-чу шеран мангал-бутт бовш цо тIелатар йухадаьккхира Наьсарара 5 эзар стаг йукъахь волчу тобанан. МостагIчун агIор вийра 200 стаг. Вайнахана йукъара мостагIалла бахьана долуш, паччахьана эскархойн гIортор йоцуш ца мегара гIалгIай, оцу тIехула декхаре хуьлура уьш Оьрсийчоьнан агIонан тIедахкарш кхочушдан. Оьрсийчоьне гIо доьхура керлачу гIалгIайн йукъараллаша, иштта доладелира гIалгIай Оьрсийчоьнах дIакхетар.

Кхин дIа 1808-1812-чу шерашкахь оьрсийн армино цкъа а рейд ца йира Нохчийчу. Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а йукъахь дахаран мелла а маьрша мур дӀабахара Наполеонан тӀемаш болчу хенахь, йохк-эцар кхио аьтто беш. Лаьмнашкахь бехачара даьхний а, юьртабахаман сурсаташ а, куьйга йина хIуманаш а, моз а, кхин долу сурсаташ а духкура, оьцура туха а, аьчка а, кӀадеш а. Йохк-эцаро де дийне тойора шина агIонан йукъаметтигаш. Коьрта буьйранчас, инарлас Тормасов Александра дихкира эскаршна а, гIалгIазкхашна а Теркал дехьа бовлар, тIелеттачарна тIаьхьебевлла болхахь а. Нохчийн йарташна тIелетарш ца дайта а, царна къола ца дайта а лело некъаш дара уьш. Нохчийн къаношлахь уггар а лараме болу нах эца гIертаг политика йара лелош. Оцу шерашкахь дукхахболу нохчий Оьрсийчоьнца маьрша йукъаметтигаш лело гIертара.

"Го лаца вай!"

Амма инарла Тормасов Александр Кавказера дIавахара, ткъа Кавказан лини тӀехь куьйгалла дан хӀоттийначу инарлас Портнягин Семена йухадаьккхира Теркал дехьавала доьхкуш дина омра. Цул тIаьхьа 1813-чу шеран дечкен-беттан 7-чу (19-чу) дийнахь элан, полковникан Эристов Георгийн цхьа эзар ах эзар гергга стаг йукъахь волчу тобано талораш дира нохчийн Бельское олучу эвлахь. Петарбухехь берш реза бацара; элана йуьхьанца совгIаташ ца делира, амма бехкбаккхар а тIеххула дара. Дукха хан йалале Эристовс керла рейд дIайаьхьира, тIаккха орденца совгIат а деш, цунах инарла вира. Муьлхха а кега-мерса девнах пайдаоьцура погонийн а, совгIатийн а дуьхьа. Оццу 1813-чу шарахь оьсрйн эскарша Хевсуретихь рейд йира бунт гIаттон тIера волу гуьржийн эла Александр лацархьама, цигахь хIаллакйира ламанхойн 30 эвла.

1813-чу шарахь инарла Портнягин Семен Кавказан линин буьйралла дечуьра дIаваьккхира. Кавказера хьал талхаро пайда ца бохьура оьрсийн Iедалхошна. Кавказехь буьйралла дечу инарлас Ртищев Николайс йаздинера Петарбухе: "Инарла-майлр Портнягин Кавказан линихь долчу эскарийн буьйралла деш мел ву, цо шен лелар ца хийцахь, хIеттал хIуттур йац тийналла а, паргIато а. Ас Iаламат чIогIа доьху шуьга, иза сан командера дIаваккхар, и бахьана долуш къепедацарех кхин дIа сан доп лойла дац".

Портнягин кхеле велира, масех шарна тIеман гIуллакхна йукъара а ваьккхира, амма тIаьхьо гечдира цунна. Цуьнан метта Кавказан линихь инарла хIоттийра Дельпоццо иван, иза вацара "хьуьнарш" даха лууш. Амма цо куьйгалла даро а ламанхошца долу хьал ца тодира. 1814-чу шарахь Париж схьайаьккхинчул тIаьхьа Кавказан лини маса хьажийра 7 эзар салти, цигахь бухахь хиллачу 6600 гIашсалтина а, 09 эзар кавалеристана а тIе. Амма таIзаре экспедициш цкъачунна дIахьош йацара, мел а машар лаьттара йукъахь.

1816-чу шеран охан-баттахь дуьйна дерриг а хийцаделира, хIетахь паччахьо шен омрица Гуьржийчохь а, Астраханан а, Кавказан а губернешкахь коьрта куьйгалла дан инарла Ермолов Алексей. Иллешкахь вуьйцу инарла вара иза, Польшехь а, 1796-чу шарахь персхойн тIелатарехь дакъалаьцна волу. Наполеонца хиллачу тIемийн турпалхо хилла вара иза, Аустерлицехь а, Прейсиш-Эйлаухь а, Бородинохь а дакъалаьцна а вара, артиллерист санна.

Кхиаме буьйранча вара иза, Ермолов Алексейна паччахьо Кавказехь шена хеттарг дан бакъо йелира. Цо и тIелецира либерализм а йоцуш, муьлхха а гIаттаме гIерта халкъаш совцон пурба далар санна, царна тIехь Iазапаш лело, йа ламанхой ца кхоош, йа тIемашкахь шен салтий а ца ларбеш.

1817—1818-чу шерашкахь инарла Ермоловс кечйира Къилбаседа Кавказ муха схьайаккха йеза дуьйцуш кIорггера планаш, царна йукъахь Сунжа лини кхоллар а, Сунжа бассейнера нохчий арабахар а, Нохчийчоьнан лаьмнийн декъехь гIалгIазкхашца уьш дӀатарбар а дуьйцура. Ишта Нохчийчоьнан лаьмнийн декъехь блокада хIоттор а, лаьмнийн бахархой паччахьан Ӏедална муьтIахь хилийта.

Цу планехь резерв санна пайдаоьцура мехкан къилбаседехьа йолчу Аракчеевн тӀеман станицех. "Кавказ инзаре йоккха гӀап йу, ах миллион гарнизоно ларъеш. Йа штурм йан йеза вай, йа окопаш схьайаха йеза. Штурм йахь беза мах охьабилла дезар ду. Цундела го бийр бу вай!" – чӀагӀдора ша Чингисханан тӀаьхьенах ву аьлла, нахана хьалха дӀакхайкхийначу Ермоловс.

Инарла Ермолов Алексей

Ермоловл а хьалха хилларг реза бара ламанхой шерачу аренашкахь охьаховшо а, цаьрца белхан йукъаметтигаш лело а, ткха керла хьаькам уьш цигара лаьмнашка дIабахийта а. цигахь уьш бисийта а. Дийнна нохчий эвланаш (Кара-агач, Байрам-аул, Осман-Йуьрт, Генже эвла, Баматбек-Йурт, Хасав-эвла, Казах-мурза-Йурт) дIахьовсийра лаьмнашкара Нохчийчу. Ермоловн политико харжам бойтура нохчашка: мацалла ле хьо лаьмнашкахь, йа дуьхьало йо ахь.

8181-чу шеран охан-баттахь Червленная станицехь Ермоловс дӀакхайкхийра Теркаца йолчу нохчийн йартийн къаношка: "Суна маьрша курхалчаш ца оьшу. Цхьа къастам бе бохура: муьтIахь хуьлу шу, йа вуно къиза хIаллакдо шу".

1818-чу шеран стигалкъекъа-баттахь керла ультиматум хIоттийра инарлас – йийсархой а, бевддарш а, закъалтхой а схьало аьлла. Лаьмнашкахь бахархошна тIехь тахана а дац, бевдда баьхкина, бусалба дин тIеэцна нах дIалуш.

Ша кавказхой йемалбечу хенахь дешнаш ца кхоадора Ермоловс. "Шен кавказхошкахьа болу хьежам Ермоловс ишта коьрта дешнашца беилгалбоккхура- боьха хIумнаш, зуламхой, йамартхой, талорхой, курхалчаш, эхьдоцурш, хьайбанаш олий", - йаздина историко Лазарян Сергейс.

Суна маьрша курхалчаш ца оьшу. Цхьа къастам бе бохура: муьтIахь хуьлу шу, йа вуно къиза хIаллакдо шу

1817-чу шеран гIадужу-беттахь инарла Ермоловс сихонца кхоьллира Сунжа хин йуккъерачу агӀор Преградный Стан аьлла чIагIо. Оцу хиламера болабелла лору Кавказан тӀом. I8I8 шеран мангал-баттахь Грозная гӀап йан йолийра, Ханкалан чIожехула Терк а, Сунжа а хишка кхача некъ дӀакъовла.

Бахархошна тӀе керла декхарш дехкира: йалта а, дечиг а дӀакхачор, оьрсийн эскарна 500 сту -ворда "маьхза" латтор а. Нохчашна йукъахь дов иккхира: аренца беха нохчий реза бара Ермоловн тIедахкарш кхочушдан, ткъа лаьмнийн бахархой тӀамна кечам бан буьйлабелира. 1818-чу шеран марсхьокху-баттахь Шира эвлана гергахь лаьмнийн бахархой тӀелетира гӀашлой улло а бевлла, йоьдучу оьрсийн коврана. Ермоловс гӀоьнна хьажийра гӀашлойн ворхӀ рота а, йиъ йоккха топ а. И бахьана долуш лаьмнийн бахархой эшийнера.

1818-чу шеран гезгамашин-баттахь сардалан керла тIедахкарш дIакхайкхийра аренашкахула бехачу нохчашна лерина. Царна тӀехь дара коллективан жоьпалла тIелоцуш чӀагӀо йар: паччахьан урхаллина муьтӀахь боцурш берриге а лаьмнашка дӀа а бахийтина, "къу" а, цуьнан гергарнаш а оьрсийн Ӏедалшка дӀабала, ца хуьлчу далахь - юрт йагор йу аьллера. Царна тӀедуьллура шайн йарташкахула "муьтIахь боцу" нах чекх ца бовлийтар, царна дуьхьал хаддаза гӀарол латтор, тӀеман операцеш дӀайахьар. Нагахь санна жимма а бехк баккха хIума нислахь, сардала кхерамаш туьйсура, эвланаш хӀаллакйийр йу, доьзалш бухкар бу, закъалтана лецнарш ирхухкур бу аьлла. Шел хьалха хиллачу нехан ламасташ кхидӀа а дӀахьош, цо дика «лаьмнийн бахархошна йукъахь барт бохийра, цхьа тайпа вукхунна дуьхьал а доккхуш», йаздина историко Экштут Семёна.

"Уьш инзаре Iадо волавелла со"

Старая Сунда йуртахь эскархошна а, меттигерчу бахархошна а йукъахь хиллачу кIезигчу девно масех Сунжан эвла йохийра, адамаш лаьмнашка дӀадаха дийзира. 1819-чу шарахь йолийра Внезапная гӀап йан. Иза йан новкъарло хилийта гӀоьртира нохчийн а, дагестанхойн а тобанаш. Цу аьхка гӀишлошъярна гергахь лаьмнашкахь болчу бахархошна а, оьрсийн эскаршна а йукъахь тӀом хилира, цу тӀехь оьрсаша толам баьккхира. 1819-чу шеран гезгамашин-беттан 15-чу (27-чу) дийнахь гӀашлойн йалх рота а, 700 гIалгIазкхий а тIеман беа гIирсаца тӀелетира Дади-йуьртана.

Оцу нах Iадош динчу тIелатарх лаьцна инарлас Поттос йаздина: "ХIора хIусам схьайаккха дагахь хиллера штурм йеш. Доккхачу декъана артиллерино тохарш дора уггар а гергарчу меттигера, вуьшта аьлча, бIе гIулч генара. Инзаре и тIом лаьттира пхеа сахьтехь, и Iалашйеш хилла массо а вийначул тIаьхьа, бакъду аьтто хилира церан чевнаша гIора эшийна 14 стаг дIалаца. КIезигчу зударех а, берех а къинхетам бинера, амма шозза сов бара цара байинарш а, эвлахь цIе тесча баьгнарш а. Бух ца буьтуш хIаллакйира йоллу эвла". Вийнера цигахьт 500 сов нохчо, оьрсех велларг вара 61, лазийнарг – 200.

КIезигчу зударех а, берех а къинхетам бинера, амма шозза сов бара цара байинарш а, эвлахь цIе тесча баьгнарш а

Дади-Йуьртахь хиллачух лаьцна жамIаш иштта дира Ермолов Алексейс: "Делкъал тIаьххьалц бира и къар ца лун тIом, хIинццалц лаьттинчу тIемашкахь хIаллак ца бинера тхан оццул нах. МостагIчун агIор берриш а, герзаца хилларш, хIаллакбина. БӀе шовзткъа кхаччалц зуда а, бер а йийсаре лецира, салташа къинхетам бинера царах, тIехIотта накъост воцуш уьш бисарна, шайх къинхетам бар а доьхура цара. Амма дуккха а алсам нах байина йа цӀенош чохь белира герзан а, цӀеран а Ӏаткъамах). Эскархоша дика хӀонс кхаьчнера, хӀунда аьлча, йуьртара бахархой талорхойх уггаре а гӀарабевлла бара, ткъа цара дакъа ца лоцуш цхьа а къоладар хуьлуш дацара. Дукхах болу бахам цӀергахь хӀаллакьхилира церан. 200 цӀенох лаьтташ йара эвла".

Инарлас яздинера: "И тайпа масал цкъа а гина дац кху регионехь, ас и гайтина царна, къизалла дIагайта, и йаржорхьама. Иза реза вара, кхечу кехат тӀехь йаздинера цо: "Со лаьмнашкахь ву, вайца мостагӀалла долчу къаьмнашна йукъахь йоккха эрчо йаржош".

Кавказехь оьрсийн эскаршна тӀехь куьйгалла деш, хIуманана пусар дечу Ермоловс дихкинера парадашца эскарш кӀаддар, алсамдаьккхира кхача латтор а, чагӀар латтор а, бакъо йелира царна киверийн меттана куйнаш лело, рюкзакийн меттана гатанан тӀоьрмигаш юкъадаьхнера. Ткъа чоанан меттана -йоца кетарш, омра дира онда казармаш йе аьлла, ишта Тифлисехь лазартне а йинера, массо а агӀор тӀемалойн дахар тодан гӀиртинера иза.

Цо уггар хьалха шен эскарш тӀамна кечдора; барзакъца а, парадан майданахь лелочу муштрех а бала бацара цуьнан, тӀаьхьо Николай I-чун инспекцеша бехкаш дехира цуьнгара оцу тIехула, цуьнан дов делира инарлица Паскевич Иванца. Ермоловс Кавказан урхалла дора доллу Iедал шен карахь а долуш, ша хIитточу Iалашонашца, озабезамаш боцуш, ницкъаца къам къар а деш, мухха а баьккхина толам гIоле а хеташ.

Лазарян Сергейс билгалдоккху: "Ермолов кхаьчна Кавказе иза схьайаккха, къарйан, шен къинхьегамна дуьхьал совгIаташ даха, оцу къарйинчу кепехь Кавказ Оьрсийчоьнна дIайала а. Кхаа шарахь Кавказ хийца дагахь хиллера иза, цунна чIогIа ца деза дечунна тIехь муьлхха а "текхна хилар".

1819-чу шарахь Ермоловс дихкира нохчашна Нохчийчоьнел арахьа йохка-эцарш лелор. Дагестанхошна дикхинера Азербайджане а, Гуьржийчу а, Нохчийчу а кхачар. Магош дацара Нохчийчу а, Дагестане а йуург кхачор а. Луларчу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а кIошташна йукъахь а магош дацара йохка-эцар. Цунах кхеташ бацара ур-атталла Ермоловн куьйгакIел берш а, ткъа хIаллак йалуш йоцчу коррупцино гIо дора оцу дехкаршна тIехвийла.

1820-чу шарахь инарлаша Ермоловс а, Грековс а, аренашкара мобилизаци йинчу ницкъех пайда а оьцуш, керла некъаш дохкура, хьаннаш дӀа а хьокхуш. Хьаннаш дӀайохуш, тапча тоха йиш йолчу меттигехь дӀайохура цара уьш, нагахь санна латтано бакъо лахь, некъан дехьа-сехьа 500 метре кхаччалц. Толлий а, Герменчук а ярташ йохийна, Дербишан а, Шелчиха а аьлнаш йохийна. Толли, Гермачиг эвланаш хIаллакйира, Дербиш а, Шельчиха а йохийра. 1820-чу шарахь Нохчийчоьнан хӀора йуьртара бохург санна делегацеш кхаьчнера Грозненская гӀопе. Инарла Ермоловс баккхийчаьрга бехкам боцуш муьтӀахь хилар тIедожийра, амма цхьа а гаранти ца лора таӀзаран экспедицеш совцор йу аьлла. 1821-чу шарахь Ермолов бахьана долуш, цо хаддаза "массо а бандитийн бен" олучу йоллу Нохчийчохь аьлча санна, гIаттам болабелира. 1821-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Майртуьпахь "нохчийн йукъара" гулам хилира. Цигахь гӀаттамхойн тӀеман куьйгалхо хаьржира Таймиев Бейболат, ткъа синан куьйгалхо аьлла билгалваьккхинера Майртуьпара Мохьмад. ТӀаьхьо царех дӀакхеттера къеда Ӏабдул-Къадир а. Царна дуьхьало йеш, инарла Греков Николайс 1821-чу шеран аьхка Майртуьпан кӀоштан йарташ йохийра. 1822-чу шеран дечкен-баттахь Грековс Соьлжа-ГIалахь гулйира таӀзаран тоба: гӀашлойн кхо батальон, гIалгIазкхийн кхо полк, 13 топ. Таймиевс шен ницкъаш Шелахь гулбира, иза дӀакъевлира окопашца а, оьрнашца а. Амма Греков Николай Жимачу Нохчийчу гIоьртира, масех юьртахула чекх а ваьлла, нохчаша йитина хилла оьланаш дIасайаржийра цо. Йарташ хӀаллакйийр йу аьлла, кхерам а туьйсуш, закъалтхой дIабалийтира цигара, эскаршна кхача а, фураж а латтийра. 1822-чу шеран чиллан-беттан 8-чу (20) дийнахь Аргун хих дехьа а бевлла, хьалха динчу тӀай тӀехула эскарш тӀелетира гӀаттамхошна. Чиллан-беттан 9-чохь (21) тӀом бира, цуьнан жамӀ къастийра оьрсийн артиллерино. 1822-чу шеран чиллан-беттан 12-чохь (24) йина луьра штурм бахьана долуш, Шела а, Йоккха АтагIа а схьайаьккхинера, тIаьхьа хIаллакхйеш.

Кумыки муьтIахь хилийта Iалашонца Ермоловс таIзаран экспедицеш хьажийра гIумкийн эвлашка. 1818-чу шеран гIадужу-баттахь ши эзар стаг йукъахь волу инарлан Пестель Андрейн тоба гоне йерзийра ламанхойн гIаттамхоша а, дагестанхойн тобанаша а Башлы гIалахь. Кхаа дийнахь тIемаш бина, 500 гергга тсаг вийначул тIаьхьа, Дербенте кхечира уьш. Ермоловс бина бекхам инзаре бара. Дербентера набахте хьажийра Пкстель Андрейс 29 гIаттамхо, дукхахберш кегийнах а, кхиазхой а бара уьш дикачу цIийнех схьабевлла. Къанойн а, къедийн а доьзалхой. Царах 17 стаг ирхъолла аьллера Ермоловс, бисинчех, кхиазхойх "къинхетам бира", уьш латтийра Дербентехь. Шен омрана тIехь инарлас йахдинера: "Оьшуш дац хиллачух лаьцна паччахье дIахаийта, хIунда аьлча, кхузахь со векал вина ву Оьрсийчоьнна йамарбевлла нах байъа". Лаа дацара шен сардалах лаьцна Александр Хьалхарчо цхьана хенахь алар: "Ермоловн дог, цуьнан мача санна Iаьржа ду".

1819-чу шеран гIура-баттахь Ермолов Акуш эвла гIоьртира. Боцца тӀом бинчул тӀаьхьа, акушенцийн гIаттамхой эшийра, ткъа бахархоша чIагIо йира Оьрсийчоьнан паччахьна тешаме хила.

Оццу хенахь Казикумухан Сурхай-хан тӀелетира ЧӀираган гарнизонна 1819-чу шарахь, йерриг аьлча санна иза хIаллакйира, амма декхаре хилира йухавала. Ермоловс сацам бира Казикумухскан ханалла схьайаккха а, лакхой шен куьйга кӀел берзо а. Лакхойн гIаттамхой тIе а гулбина, Хосрех эвлахь куп тоьхнера Кунбуттай Сурхайс.

Иштта кхаьчнера цига бертахойн луларчу маьршачу йукъараллашкара ламанхой а. 1820-чу шеран мангал-баттахь луьра тӀом хилира Хосрех эвлайистехь. Йуьхьанца паччахьан эскарш масийттазза йухадевлира, амма тӀом чекхболуш, артиллериа тIе а йетташ, ламанхой сихха тӀеман аре дӀатаса буьйлабелира, эзар сов стаг вийнера, 600 йийсаре лаьцнера. Инарла Ермоловс воккхаверца хаам бира паччахье: "Стохка долийна Дагестан схьайаккхар дирзи, ткъа хӀара пачхьалкх, дозалла деш, тӀеман дог-ойла йолуш, дуьххьара муьтӀахь йолу, хьан паччахьаллин сийлаллин дезачу когашна хьалха охьайоьжна. Шен хIусамах ваьккхина Сурхай ведда Согратле…".

Ермолов хьагӀ йолуш вара Дагестанан кегийра ханаллашца, уьш дӀа а тесна, тӀеман кепашца урхалла дан йиш йу аьлла хеташ. Территорина тӀехь урхалла дан цо юкъайаьккхира кхелан пурстоьпийн институт, уьш коьртачу декъана тӀеман хьаькамаш бара. Церан Iалашо йара ламанхойн дахарна тIехь терго латтор.

1819-1821-чу шерашкахь цхьа могӀа эшамаш хиллачу дагестанхойн элийн латтанаш йа оьрсийн вассалашна дӀа а луш, оьрсийн куьйга кӀел дӀахӀиттийра, йа дӀадаьхнера. Амма ханех кхетара церан куьйгакӀелберш, керла веанчу Ермоловл а, цо хӀиттийначу нахал а.

"Байинчу нахалахь бара цхьана а хIумана гунахь боцурш а"

Ермоловн политика доккхачу декъана товш йара Александром Хьалхарчунна. Паччахьан сацамца, I820-чу шарахь доллу Iаьржачу хIорданйистера гIалгIазкхийн эскар дIатуьйхира Гуьржийн Къаьстинчу корпусах, цунна цIе тиллира Кавказхойн Къаьстина корпус аьлла. Ермоловс гIалгIазкхашна латта делира Кубанан бердайистешкахула долу, цунах шина шарахь мах а ца ийцира.

I82I-чу шарахь Тарковн шамхальствехь Каспий хIордана гергахь Бурная аьлла гIап йира. Иза йуьллуш, балхана новкъарло йан гӀоьртинера суьйлийн хан Ахметан эскарш, уьш эшийнера. 1823—1824-чу шерашкахь дӀайаьхьира цхьа могӀа таӀзаран экспедицеш Закубанскан чергазашна дуьхьал. 1824-чу шарахь элана Шервашидзе Михаилна дуьхьал гӀаттам бина Ӏаьржа-хӀордан кӀоштара абхазаш герзан ницкъаца муьтӀахьалле балийра.

"Хьайн лайхбуьзна корта охьатаIабе, Кавказ, къарло: вогIуш ву Ермолов!"- йаздина Пушкин Александра. Амма Кавказ къар ца лора. 1825-чу шарахь боккха гIаттам хилира Нохчийчохь. Товбеца-беттан 8-чохь (20) ламанхоша схьайаьккхира Амираджиюрт пост, Герзель пост йапккха а гIоьртира уьш.

Товбеца-беттан 15-чохь 3360 стагах лаьтта тобанца а, йаккхий тоьпаш а йолуш, схьакхечира инарлаш Дмитрий Лисаневич а, Николай Греков а, го бина латтош йолу Герзель гӀап паргӀатъйаккха. Товбеца-беттан 18-чохь (30) Герзел-эвлахь гулвеллера 318 гIумкийн а, нохчийн а къано. Цаьрга вистхуьлуш а волуш, вийра инарла Греков, ткъа Лисаневична чевнаш йира гIумкийн (йа, кхечу версица, нохчийн) моллас Учар-Хьаьжас. ЦӀий Ӏано бахьана дара, ша схьало аьлла, тIедожийначу Лисаневична моллин оьгIазвахар. Шаьлта йаьккхина инарлашна тIелеттера иза.

Греков верна а, лен чов йина хиллачу Лисаневича "Шаьлта хьакха царех" аьлла, омра дан ларорна, салташа йа берриш а байинера уьш, йа вийнера цига кхайкхина валийна хилла 200 гергга къано. Историка Потто Василийс йаздина: "Дуккха а гIумкаша, бохам гича, салташкара тапчанаш схьайаьхнера; вукхара шаьлтанашца дуьхьало йора, берхIийтта салтий лазийнера, делахь а уьш берриг а цу меттехь эгнера". Беллачарлахь хиллера цхьана а хIумана бехке боцурш а, оьсашна муьтIахь берш. Дарбеллачу салташа кхоа ца вора цхьа а, шайн бIатрга хьалха мел хIоттинй азиатхой духаршца берш охьабохура цара».

1825-чу шеран марсхьокху-бутт чекхболуш нохчийн гӀаттаман хьалханчан Таймиев Бийболатан тобанан Грозный гӀап схьайаккха гӀертар кхиаме ца хилира. Лахьан-беттан 25-чохь (гIуран-беттан 7-чохь) Калиновская йуьртан гергахь инарла Ермолов йийсаре лаца гӀоьртира Бийболат. Цунна жоп луш, Ермоловс куьйгалла а дег, Йоккхачу Нохчийчу таӀзаран экспедици йира 1826-чу шеран дечкен-чиллан беттанашкахь. ХIаллакйира АтагIара эвланаш, Чахкери, ТIехьа-Марта, ГихтIера йарташ а. Дечкен-беттан 30-чу дийнахь (чиллан-беттан 11-чохь) Аргун хи тIехь хиллачу тӀамехь нохчийн а, лезгинийн а эскар эшийра. Доллу 1826-чу шарахь эскар кхин а масийтаза гIоьртира Нохчийчу, хьаннаш хьокхуш, некъаш дӀа а дохуш, оьрсийн кхачаза йарташ маьрша а йохуш. Дуьхьало йен йарташ лаьтта тIера дIахьокхура, ткъа ламанхой кхин а генна лаьмнийн кIоргене дIалоьхкура. "Ермоловн сагатдора нохчийн зударийн а, берийн а Iаьнначу цӀийно ала, цхьа а бух бац", - йаздо историко, инарлин биографо Гордин Яковс.

Цецвала хӀума ду, Ермоловс кӀезиг тидам бар 1824-25-чу шерашкахь империна кхераме хилла керла болам — мюридизм — кхоллабаларан. Ярагский Мохьмада а, цуьнан мурдаша а ламанхойн кхетам самабаьккхира, гӀазот герга хилар дӀа а кхайкхош. Дукха хан ца ийшира, и идеологи шуьйра яржо.

Пятигорскехь йу хIара Ермоловна хIоттийна мемориал

Ермолов тешна вара, Кавказ иштта хиларх, цо ницкъаца кхерор бен кхин цхьа а некъ тIеоьцуш бац аьлла. Иза доккха гӀалат дара, амма Ермоловн цхьа а шеко йацара ишта царна тIехь урхалла дар - нийса кеп хиларх. 1827 шеран дечкен-беттан 11-чохь (23) Ставрополехь балкхаройн элийн делегацино дехар чуделира Балкхари Оьрсийчоьнан субъект хилийтар доьхуш. Амма оцу гӀуллакхо гӀо ца дира Ермоловна шен Кавказан проконсулан дарж дита. 1826-чу шарахь дуьйна инарла Иван Паскевич хьажийра Кавказехь эскаршна куьйгалла дан, формалан кепехь Ермоловна бен муьтӀахь хила везаш вацара иза.

Хила тарло, Николай I-чо, 1827-чу шеран зазадокху-баттахь, Ермолов шен даржера дӀа а ваьккхина, цуьнан хIусамашка ваха дIахьажош, лаьмнийн къаьмнашца цуьнан хилла юкъаметтигехь и системан сакхт дагахь хилла хилар. Паччахьан дукха везачуьнца, цуьнан Кавказера керлачу "бIаьргаца" Паскевичца конфликт йоцург, эскарехь къепедацарш хилар, декабристашца утйраш хиларх шеконаш хилар а доцург а. Инспекци йечу инарлас Дибич Ивана хаам бира Николай I-чуьнга: "Инарла Ермоловс хӀинца а цхьана а кепара кхетийна вац со, бахархойх лаьцна ас динчу йозанех, амма таханлерчу дийне кхаччалц сан йиш йац хьалха хилла ойла хийца. Йаккхий ледарлонаш йу, зуламаш дарх, харцо лелорах бина латкъамаш…цхьана а кепара царах тоьшийла дац". Цигахь аьрзнаш дора, «эскарш ледара хьал долуш ду, низам доцуш ду, дӀасадаржийна ду, корпусехь рогӀера доцу къоланаш до; масех шарахь нах реза бацара шайн алапашна, массо а хӀуманца къоьлла йара, техника буьззина тидамза йуьту" бохуш.

Паччахьо омра дора Дибиче: "Сан дегайовхо йу, аьшпаш боттар дика хеташ волчу, шена пайден хетачу, сан тIедахкарш цхьана а кепара дош ца хетачу стаге ахьо хьуо Iехавойтур вац аьлла". Амма Дибич дуьхьал вара Ермолов балхара дӀаваккхарна, 1827-чу шеран зазадокху-бут тӀекхачале Ермоловн а, Паскевичан а йукъаметтигаш телхира, кхин дIа цхьаьна гӀуллакх дан аьтто а боцуш. Амма, схьагарехь, кхин цхьа аргумент йара цу сацамехь хьалхарчу могӀарехь. Иза дацара сурсаташ а, эскарш а ца тоар, йа Персица тӀом бан кечам барца доьзна дов, амма дара, эскарш Ермоловна тIех сов мутIахь ду аьлла, паччахьан кхерам хиларца. И бахьана долуш дара иза дӀаваккхар а. Кавказера шен сардал инарла даржера дӀаваккхар халахеттера эскархошна а, эпсаршна а. Амма Ермоловн къинхьегамца Оьрсийн империна муьтӀахь хилла къаьмнаш сатуьйсуш дара дикачу хийцамашка.

Амма керлачу Ӏедалехь эскарехь бухера хӀумма а ца хийцаделира. Амма коьрта буьйранча хилла Паскевич Иван хьийзара "арахьарчу тIамехь" – Туркойчоьнца а, Персица а леташ. Паскевич куьйгалла дечу "Ермоловн" эскаран аьтто белира 1827-чу шеран марсхьокху-баттахь Нахичеван схьайаккха, ткъа Эриван (Ереван) — гIадужу-баттахь. 1828-чу шеран чиллан-баттахь Туркманчай эвлахь Персица машаран барт бира, цуьнца Персино дӀайелира Эриванан а, Нахичеванан а ханаллаш Оьрсийчоьнна, иштта барт бира 20 млн детин соьмашкахь ахча дала.

Эскарш гIад дайначу хьолехь дара, низам доцуш, дIасадаржийнера уьш, корпусехь къоланаш дан долийра

1828-29-чу шерашкахь Туркойчоьнца хиллачу тӀамехь Паскевичан эскарша дӀалаьцнера Карс, Ацхур, Ардахан, Баязет, Диадин бӀаьвнаш. 1829-чу шеран мангал-баттахь Карсера Эрзуруме боьдучу новкъахь Селег-пашин эскаро куп туьйхира, цигахь хилла дакъа дIа а лоцуш. Иза лардеш хилла волу ГӀагкъий-паша а, цуьнан штаб а йийсаре лецира.

Трофейш йу аьлла дIайаьккхира 31 топ, баккхий артиллерин гIирсаш, йуург. "Шина дийнахь хIаллакйира ши арми, шайна йукъахь кхозза сов алсам оьрсийн дакъош долу, графа Паскевича буьйралла деш хилла", - аьлла дара толаман реляци тIехь йаздина. И тодламаш баьхначул тIаьхьа Паскевича шен эскар Анатолиин шахьара Эрзуруме теттира, тIедожийра и схьало шайна аьлла.

Туркойчоьнца Адрианополан барт бале а, цул тӀаьхьа а, шел хьалха хиллачо санна, чоьхьарчу лаьмнийн тӀамехь онда жигаралла ца гайтира Паскевич Ивана. Керлачу сардало уггаре а хьалха тӀедожийра шен куьйга кӀел болчарна, хӀордан йистера адыгийн гӀаттамаш совцор, туркойн десанташ дӀахӀитта аьтто ца хилийта. Эскарша шапсугийн а, абадзехийн а мехкашкахь чӀагӀонаш хӀиттийра, Гагран чкъор схьалецира, Сук-Су мыс а, Пицунда бухта а дӀалецира.

Паскевича шен тидам тӀебохуьйтура, аьтто баьлча, регионехь кхелан а, административан а сферашкахь лелош долу зулам дӀадаккхарна. Цо кечдира эрмалойн григорианан килсан урхалла деш долу низамаш, сацам бира Тифлисера "сийлахь школех" гимнази йан. Иштта цигахь кхоьллинера сийлахьчу мехкарийн институт, кхолла йолийра къоман библиотека а. "Тифлисские ведомости" газет арахеца долийра. Оцу кепара урхалла даран зеделларг долуш, Паскевич дӀавахара Кавказера 1831-чу шарахь, полшхойн гӀаттамца къийсам латто. дӀабаккха.

ХӀетте а, Ермолов воцуш масех шарахь ламанхошца лаьттина тӀеман къийсам лахбелира: Туркойчоьнца а, Персица а тӀемаш ловчу хьелашкахь Iедалхоша шайна а, кхечарна а проблемаш ца лоьхура, меттигерчу бахархошна дуьхьал керла бух боцу кампанеш а ца йолайора.

Инарлас Ермолов Алексейс буьйралла дечу Кавказан тӀамо 1812-чу шарахь хиллачу Даймехкан тӀеман турпалхочух вира XIX-чу бӀешеран уггаре а къизачу оьрсийн колонизаторех цхьаъ. Хаддаза цабезаман а, оьгӀазлонан а майда кхоьллира цуо, массо а инарлин тӀаьхьенна а, церан дуьхьалончашна а цхьатерра Iаткъам беш. Ермолов Кавказера дӀаваханчул тӀаьхьа а тӀеман чаккхе гуш йацара.