Хьешан цIенна хьалха оьккхуьйтург йилларна шеконашца стаг лаьцна Соьлжа-ГIалахь, нохчийн бакъонашларйархо Арцуев Аслан федералан лехамашка велла, Нохчийчуьра таксхочунна 15 дей-буьйсий тоьхна мухIажарийн политикех лаьцна забарш йарна, цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршонан 117-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Соьлжа-ГIалахь оьккхуьйтург йиллинарг лаьцна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #117
Соьлжа-ГIалахь оьккхуьйтург йиллар
Хьешан цIийнехь машенаш дIахIитточу меттигехь оьккхуьйтург йилларна шеко йолу стаг лаьцна Нохчийчохь, хаамбина "Сапа Кавказ" зорбанан гIирсо. Нохчийн NIYSO боламо а дIахьедира цул а цхьа де хьалха шеконе хӀума карийна аьлла. Соьлж-ГӀалахь а, Гуьмсехь а дуккха а нах лечкъорах лаьцна хаамаш кхочу жигархошка.
Оьккхуьйтург бахьана долуш хиллачух лаьцна дийца даьккхира гезгамашин-беттан 22-чу дийнахь. "Беркат" цIе йолчу отелан машенаш дӀахӀитточу меттигехь карийнера оьккхучу хӀуманах тера цхьа гIирс. ШолгӀачу дийнахь ницкъхоша лаьцна Перман кӀоштахь вина, Москвахь веха 38 шо долу стаг, хаамбинера "Сапан" хьостанаша.
Иштта NIYSO -но тӀечӀагӀдира, цу дийнахь талламан операцеш дӀахьош хилар, шайна йукъахь туристаш дӀасалелочу автобусашна а цхьаьна талламаш а беш. "ХӀинца баьхкинчу туристех а, гергарчу деношкахь Нохчийчу баха дагахь болчарех а и гIуллакх шайн ма-хуьллу къайладахьа хьийза", - билгалдаьккхира боламо.
Оцу инцидентах лаьцна кхин цхьана а йозуш йоцчу хьостано тӀечӀагӀдеш дац. Тхан редакцина хууш а дац карарчу хенахь кхин сов даьккхина хIума.
Стохка шо долалуш Кадыров Рамзана кхайкхам бира, Ӏедална критика йечу нехан доьзалшна бекхам бина ца Iаш, ницкъаца зуламаш дарна шеко йолчу нехан гергарчарна а чIир хьейе аьлла. Шен къамелехь цо хьахийра туристаш байар а. Муха кхуллш йу мехкан Iедалхоша и шалха стандарташ- регионе баьхкинчу хьешашна тIе кховда ца магар а, шен махкахошна тIехь таIзарш дар а, дийцира тхан сайте эксперташа.
Арцуев Аслан федералан лехамашка велла
Нохчийн бакъоларйархо, Европехь болх бечу "Адамийн бакъонашкахула Центр - Ичкерия" йукъараллин директор Арцуев Аслан федералан лехамашка велла. Росфинмониторинган зерашца а догIуш, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна "терроран артиклехула".
Цуьнан тидам бина "Медиазона" зорбанан гIирсо. ГIуллакхан карточки тIехь хаамбо, "бехкзуламан кодексан артиклехула" бакъонашларйархо лаца кхайкхийна хиларх.
Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь, "терроран" артиклца бехкеварх билгало а хIоттош, Арцуев Аслан экстремистийн а, террорхойн а тептаре йазвина хилар къаьстира тхан сайтана а. Хьалхо административан жоьпалла тIедожийра цунна, ша "арахьара агент" ву аьлла, дIа ца хаийтарна.
Нагахь санна цхьана шарахь цу кепара кхо протокол хIоттийнехь,рогӀера зулам бехктакхаман гӀуллакх санна лоруш хила тарло. Амма Росфинмониторинган реестре воккхийла дац.
Карладоккху, Германехь дуьхьалонан акцеш дӀайаьхьира Арцуевс, Берлинехь нохчийн тIемалойн хилла буьйранча Хангошвили Зелимха вер кӀорггера таллар доьхуш. Цул тӀаьхьа 2021-чу шарахь Нохчийчохь ницкъхоша лачкъийнера цуьнан гергара виъ стаг. Стохка чиллан-баттахь юстицин министралло иза арахьарчу агентийн реестре ваьккхира, Арцуевс "Оьрсийчоьнан цхьаалла йохо тарлучу гӀуллакхашка кхайкхамаш бина" аьлла.
Ала догIу, Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад а ву Оьрсийчоьнан тIедилларца дуьненайукъарчу лехамашка велла террорхойн йукъаралла кхолларна а, терроризм къобалйарна а аьлла.
Стохка дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертана йукъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчоьне дӀа ма ло аьлла. Бакъонашларъйархоша дӀахьедира, даймахкахь царна тIехь Iазапаш хьегийта тарло, йа Украинина дуьхьал тӀом бан хьийсон мега аьлла.
Нохчийн таксхочунна таIзар дина мухIажарех лаьцна забарш йарна
Москвара Останкинан кӀоштан кхело тӀечӀагӀдина, нохчийн совдегар Амерханов Ислам халкъашна йукъахь мостагIалла гIатторна бехке ву аьлла. Цо дийцинера, дуккха а такси машенаш совцийна латтош йу миграцин низам чIагIдар бахьана долуш, хIинца Йуккъерчу Азера бахархойн метта кавказхой хир бу аьлла.
Амерхановс дӀайазйинчу видеона тIеIоттавелла хилла "Мигранташ – дерриг а ма-дарра" цIе йолчу телеграм-каналехь экстремизмца къийсам латточу Центран талламхо. Цу тӀехь таксопаркан долахочо дуьйцу, миграцин низамаш хийцадалар бахьана долуш, "хӀора шолгIа азиат Ӏаьржачу тептаре ваьккхина", цундела бӀеннаш машенаша болх сацийна бохуш. Цо дийцарехь, хIинца таксин мах лакхабоккхур бу, ткъа Москвара бахархойн шайн "ма-хуьллу кIеда-мерза хила дезар ду", хӀунда аьлча, луларчу пачхьалкхашкара белхахойн-мигрантийн метта Къилбаседа Кавказера нах хир бу.
"Сайн ма-хуьллу къахьоьгу аса, дуккха а кавказхой кхуза Москва схьабало. UFC-н, MMA-н, латаран, атлетикан чемпионаш –хӀинца цара дIасалелор ду шу", -аьлла дӀахьедина Амерхановс.
"Спарк" зорбанан гIирсо бинчу хаамца, Амерханов куьйгалла деш ву Нохчийчохь регистраци йинчу "Старкар" фирмин, иза йу Оьрсийчоьнан йоккхачу таксийн сервисан официалан партнер.
Кхело йукъа валийначу экспертана хааделла Амерхановн дешнашкахь Йуккъерчу Азера а, Кавказера а нахе цабезам кхолларан тоьшаллаш. Цуьнан рапортехь билгалдаьккхина ду, Амерхановс нахе кхайкхамаш беш хилла, цаьрца дIаса ма лела бохуш. И тайпа кхайкхамаш видео тӀехь бац. Кхин цхьа бахьана дара Амерханов жоьпалле озо – цо "стеган сий дайъар, иза схьаваьллачу махке а, вехачу меттиге а хьаьжжина".
Видео дIайазйинчо кхетийра кхелехь, ша цхьанна а вас йан дагахь вацара, "забаре ролик" йара ша йаьккхинарг аьлла. Цо бехк тIелаьцнехь а, цо кхобуш, цунах тешна жима бер хиллехь а, могушалла ледара йелахь а- кхелахой реза ца хилла таIзар кIад дан, Iедалан къепено магош долу таIзар дина цунна – чохь даккха 15 дей-буььйсий тоьхна.
Диверси кечйарна бехкево ГIалгIайчуьра вахархо
ГӀалгӀайчоьнан Лакхарчу кхело хьалхарчу инстанцехь луьстур ду цу махкара вахархочун, 28 шо долчу Сакалов Ахьмадан гӀуллакх. Цунна бехке дуьллуш ду диверси йан кечам барна а, оьккхуьйтург дIайиллина латторна а, и шеца дӀасалелорна а.
Талламчашна хетарехь, вовшахтоьхначу тобанца цхьаьна Сакалов хиллера йагориг а, энергетика а латточу объектехь эккхийтар дан дагахь, "Оьрсийчоьнан Федерацин экономикан кхерамазалла а, тӀеман таронаш а талхо Ӏалашонца". Диверси йан ца ларийна иза, "йа цунах а, йа вовшахтоьхначу тобанан кхечу декъашхойх а доьзна доцчу бахьанашца", билгалдаьккхина кхелан пресс-гӀуллакххоша.
Сакалов билггал хIун дан дезаш хилла, хIун Iалашо йолуш и лелаш хилла а, оцу тобана йукъахь маса стаг хилла а, цкъачунна хууш дац. Къаьстина ду, и гӀуллакх бехкаш дохкучийн мукIарлонца а, "кехаташ тIехь динчу тоьшаллийн" буха тIехь а" дIахьош хилар. РогӀера кхелахойн ладегӀарш хир ду гIадужу-беттан 6-чу дийнахь.
Дагадоуьйту, стохка лахьан-баттахь Магасан кӀоштан кхело лецира 28 шо долу меттигера вахархо Экажев Рамазан, цхьана нехан тобана йукъахь диверсеш йан кечлуш ву аьлла, бехке а вина. Мехкадаьттан база эккхийта дагахь хиларна кхел йира цунна.
Экажев лацале цхьа-ши бутт хьалха ФСБ-но хаам бира, Магасехь а, Наьсарахь а бархI стагах лаьтта вовшахтоьхна тоба хаайелла шайна, регионерчу энергетикан инфраструктуран гIишлошкахь диверсеш йан а, низамхошна тӀелатарш дан а кечлуш хилла аьлла.
Хамзаевс тIедожийна Дудаевх лаьцна Пугачеван дешнаш зер
Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутат волчу Хамзаев Бийсолтас кехат дахьийтина юстицин министре Чуйченко Константине, Пугачева Аллица хиллачу къамелехь экстремизман билгало хаалой а, арахьарчу агентех низам талхийна меттиг а буй хьожуш, "низамехь таллам" бар доьхуш.
Цу кхайкхаман копи зорбане йаьккхина РТВИ телеканало. Депутатан тидам тӀебахийтина интервьюхь йишлакхархочо Ичкерин хьалхарчу президентах Дудаев Джохарах "оьзда, йахь йолуш, хьекъал долуш" стаг ву аьллачу дешнашна. Депутатана хетарехь, "террорхо ву аьлла къобалвинчу стагах лаьцна оцу кепара хестош аьллачу дешнашца хила тарло терроран а, экстремистийн а жигаралла бакъйаран билгалонаш".
Юридикан агӀор хьаьжча, Хамзаевн кхайкхамо хеттарш кхуллу. Дудаев Джохар цкъа а ца хилла Оьрсийчоьнан террорхойн тептарш тӀехь. Оьрсийчохь йихкина "Ичкерия" террорхойн организаци кхоьллинарг лору иза Хамзаевс. Ткъа цу цӀарца организаци йац реестрехь, цунах тера масех организаци баккъалла а террорхойн санна билгалъяьккхина йелахь а. Йу уьш Ичкерин а, Дагестанан а къаьмнийн конгресс, махкахбаьхначу Нохчийн Республикан Ичкерин Ӏедал, Ичкерин цхьаьнакхетначу диаспоран "Цхьааллин ницкъ" болам, Дуьненайукъара гIоьналлин "Ичкерия" фонд а.
Цул совнаха, Пугачеваца хиллачу къамело юстицин министраллан тидам тӀебахийта мегаш бу, арахьарчу агентех долу низам дохор бахьана долуш, аьлла хета Хамзаевна. Оцу статусехь йу иллиалархочуьнца къамел дина журналист Гордеева Екатерина.
Ишта Кадыров Рамзана а критика йира йишлакхархочунна, цуьнан "корта боцу" ойла хиларна, ткъа Дудаевна бехкаш дехкира халкъан проблемашца "бала цахиларна"
Бакъду, 2016-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Пугачевал а сов вуьйлуш, хестийра Дудаев Джохар, иза "сийлахь стаг" ву а бохуш.