ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ереванехь нохчийн йоьIан кхалхар. КIиранан жамIаш


Баймурадова Iайшат
Баймурадова Iайшат

Эрмалойчохь нохчийн йоьIан йалар, Боснира араваьккхина ши нохчо, "Ахмат" спецназана лийначунна гIуда тохар, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 120-чу подкастехь.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Ереванехь йелла карийна нохчийн йоI

Кху-беттан 19-чу дийнахь Ереванехь йелла карийра Нохчийчуьра 23 шо долу Баймурадова Iайшат, доьзалехь бечу ницкъах йедда йахана йара бохура иза. Эрмалойчуьра полицино бинчу хаамца, хиллачун хьелаш толлуш ду. Иза йалале масех де хьалха, цуьнан накъосташа дийцарехь, инстаграмехула шена йевзинчу Иминова Карина цӀе йолчу зудчуьнца цхьаьнакхета йаханчул тӀаьхьа тIепаза йайнера иза. "СК SOS " кризисан тобанерчу бакъонашларъйархойн хаамашца, Иминовас харцдерг дийцина хилла шех лаьцна. Нохчийчохь хилла а йу иза, республикера дӀабаханчу кхечу нахаца а зӀене йуьйлуш хиллера иза. Иштта социалан машанашкахь регионан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера нах а хиллера цуьнан социалан машанера аккаунте йазбелла.

Шех Баймурадова Ӏайшатах лаьцна хууш дерг, иза нана йоцуш кхиъна хилар, цуьнан да цхьана хенахь ницкъахо хилла хилар, йоI дуьненчу йаьллачу кхоалгIачу дийнахь цуьнан нана, карара йоI йоккхуш дас дIайахийтина хилар ду. Доьзалехь гIело латтош хилла Iайшатехь. Цуьнан 20 шо кхаьчча дас цунна кхин дIоггара вевзаш а воцчу стаге маре дIайелла хиллера иза, дукха ца Iаш, оцу стагах дIакъаьстира Iайшат, цигахь вина кIант а ву цуьанан.

2024-чу шеран гIуран-баттахь Баймурадовас гӀо дехна хилла "CK SOS" а, "Марем" а цIе йолчу кризисан тобанашка, цул тIаьхьа шо даьлча аьтто баьллера церан иза махкара арайаьккхина, Эрмалойчохь дIатарйан. Болх а беш, шен социалан машанера аккаунт а лелош хиллера Iайшата, цо олура, боху, шена бакъоларйархо хила лаьа. Бакъонашларйархошца динчу къамелашкахь йоIа дийцинера, шен денана Кадыров Ахьмадан шича хилла бохуш.

Баймурадова йелла аьлла хаам баьржинчу шолгӀачу дийнахь Нохчийчоьнан омбудсмен Солтаев Мансур лен волавелира Къилбаседа Кавказехь ницкъ лайначу зударшна гӀо деш йолчу Ӏедалан Ӏуналлехь йоцчу кризисан тобанашна. Ша буьйцурш муьлш бу билгал а ца доккхуш, Солтаевс бехке бира бозуш боцу бакъонашларъярхой, цара "леррина доьзалан институташ а, ламасташ а талхош, хӀаллакдеш ду" аьлла. Кхин а цхьа де даьлча омбудсмено комментари йира Баймурадова Ӏайшат йаларх лаьцна, иза йелла йац, йийна йу аьлла, билгалдоккхуш.

Цо бахарехь, цхьана кепара хаамаш бу цаьргахь, йоӀана гӀо дина кризисан тобан белхахой цу гӀуллакхна бехкехиларх, Солтаевс чIагIдарехь, нохчийн Ӏедалан сий дайа гӀерташ хилла уьш.

Цхьа а тоьшалла ца гайтира омбудсмено, амма оццу видеохаамехь, кху шина шарахь дуьххьара, цо хьахийра республикера йедда хилла кхин цхьа нохчийн йоI- Сулейманова Седа. 2023-чу шеран мангал-баттахь Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн гӀоьнца Санкт-Петербургера даймахка цӀа йалийра иза. ТӀаьхьо Солтаевс видео йаржийра социалан машанашкахь, Седа уллохь а йолуш дIайазйина. Дукха хан йалале, СК "SOS"-ан бакъонашларъярхоша чIагIдарца, йоӀ гергарчара йийна, цуьнан дакъа кешнел арахьа дӀадоьллина. Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш – Петарбухехь а, Нохчийчохь а санна – дуьхьал йу Седа йийна хила тарлуш хиларх бехктакхаман гӀуллакх талла, ткъа ша гӀуллакх а - эзарнаш бахархоша латкъамаш биначул тӀаьхьа бен ца диллира.

ХIинца Солтаевс чIагIдо, Сулейманова "лачкъийна йигина, цхьанхьа лачкъийна латтош йу" оццу кризисан тобанийн белхахоша бохуш. ХIинца а ца далийра цо цхьана а кепара тоьшаллаш, тергамза дитира оцу гIуллакхехула талламчийн биэндацар а.

"Марем" кризисан тоба вовшахтоьхначу Анохина Светланас бохура, Эрмалойчохь Баймурадова Iайшат йерах лаьцна дуьйцуш, йоI йийна хила тарло Нохчийчуьура муфтиятна а нохчийн божаршна а, бусалба динна а иза лерна.

"Седа [Сулейманова], вайна дагадогӀуш ма-хиллара, йийна шен нене, ша маре йоьдуш йу оьрсийн кIанте аьлла, дийцинчул тӀаьхьа. Ткъа Iайшатах Iоттаделларг суна хетарехь, цо йитина комментареш бахьана долуш ду. "Сий лардеш" вуьйриг оцу адаман гергарчийн карах нислуш ду, амма кхузахь йоӀ йийна, цо шога дIахьедарш дарна", элира Анохинас.

Боснира араваьккхина шиъ нохчо

Туркойчуьра схьакхаьчна, ши нохчийн вахархо Дакиев Мухьаммад а, Алдамидзе Iаьрби а лаьцна, Босни-Герцеговинера араваьккхира, церан террорхойн тобанашца уьйраш хиларна шеко йолуш. Ткъе итт шераш гергга хан йолу и нах Сараевон аэропортана гена йоццучу меттигехь хIусам лаьцна, дIатарбеллера гIадужу-бутт йуккъе баьллачу хенахь. Уьш мичахь бу гучудаьлла арахьарчу къаьмнийн сервисерчу инспекторшна.

Къайлахчу сервисийн а, кхерамазаллин а урхалло а, арахьарчу гӀуллакхийн сервисо а бинчу хаамца, Дакиевн а, Алдамидзен а уьйраш йу "Исламан пачхьалкх" шех олучу, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино терроран вовшахкхетаралла санна билгалъйаьккхинчу тобанца.

Оцу шина стагехь, туристаш бу аьлла, йина регистраци ца хиллехь а, дуьненайукъарчу лехамашкахь а боццушехь, Боснин-Герцеговинан Ӏедалша уьш шайн пачхьалкхана кхераме леринера. Туркойчу уьш дӀабахийтале, йоццачу ханна иммиграцин центрехь латтийра.

Кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу бахархойх долчу низамца а догӀуш, Боснин а, Герцеговинан а пачхьалкхана кхерам латтош волу стаг сихонца йуха хьажон мегаш ду, иза схьавеанчу махка.

Меттигерчу Iедалхоша чIагIдарехь, Дакиев тоххара а лаьцна хилла ву 2024-чу шеран гIура-баттахь Истанбулерчу Сийлахь Мария килсана тӀелатар дан кечлуш йолчу тобанехь дакъалаьцна аьлла, шеко йолуш. Талламчаша ишта чӀагӀдора, террорхойн ДаIишан тобанхошца уьйраш йолу нах цара Оьрсийчуьра а, Туркойчуьра а Мексике дIахьежош хилла, цигара дIа Америке а бохуьйтуш.

Маршо Радион Балканан сервисо билгалдаккхарехь, Украинехь тIом болабелчхьана Босни, Герцеговине оьхучу нехан терахь лакхадаьлла хаало. Царах дукхахберш, оцу пачхьалкхехула Европан кхечу мехкашка дехьабовлучу заманчохь кхочуш бу цу пачхьалкхе. Даймахкара Iедалан рожех уьду уьш, йа бертаза Укриане тIом бан хьийсорах къаьхкина хуьлу.

"Ахматана" лерна гIуда тоьхна

Оьрсийчоьнан эскарна йукъадогIучу "Ахмат" декъана лийна аьлла, гӀуда тоьхна Белгородерчу йахархочунна. Цо латкъам бинера, тӀамехь дакъалацаран меттана, республикера эскархой "отелашкахь Iаш бу, хьерабевлча санна, гӀали йуккъехула машенаш хоьхкуш" аьлла.

38 шо долчу Ирина цIе йолчу зудчунна дуьхьал долийначу административан гӀуллакхах лаьцна хаам бина "Пепел" зорбанан гӀирсо. Церан хаамашца, кху шеран зазадокху-баттахь цу зудчо комментари йитина хилла z-блогеран Романов Владимира йазйинчу постана бухахь.

ХIеттахь Романовс йаздинера, Украинин герзахойн ницкъаша тӀелатар дар бахьана долуш, "Ахматан" эскархой кIошта йухаберзош бу аьлла.

Меттигерчу йахархочо шеконе диллинера «Ахмат» батальонан Украинан эскаршна дуьхьало йан ницкъ хилар, цуьнан тӀемалой бехке бинера цо, уьш тIемашкахь а бац, наркотикаш лелайо цара, Белгородера йукъара къепе йохайо аьлла.

Эххар а иза бехкейира Оьрсийчоьнан эскарна "дискредитаци" йарна, 30 эзар сом гӀуда а тIе а дожош. Кхело цуьнан комментари лорура "Ӏедал лахдеш а, "Ахмат" лерринчу батальонан декъе болу тешам дIабоккхуш" а йу аьлла.

Хьалхо масийтаза хаамаш баьржира, мел кӀезга а цхьадолу кадыровхойн дакъош тылехь позицеш дӀалоьцуш ду бохуш. ГIура-баттахь дуьйцура, "Ахматан" эскархоша Белгородехь нах бехачу гӀишло чохь эккхийтар дина, царех цхьаъ велла, полицин белхахо лазийна аьлла.

Дронаша Дагестанна дина тIелатар

Кху кӀиранах дронашца тӀелатар дина Дагестанна. ГIадужу-беттан 22-чу дийнахь Ӏуьйранна, Оьрсийчоьнан тӀеман министралло тIечIагIдарца, республикехь бархI дрон чуйаийтина. Оцу кепара видеош, суьрташ дахар дуккхаъчу регионашкахь дихкина доллушехь, масех дрон тIелеташ йаьккхина видео йаржийна. Цхьайолчарна тIехь гуш ду меттигера бахархой, таллархойн герзах пайда а оьцуш, дронаш йохо гӀерташ хилар.

Украинан тIеман ницкъийн коьрта штабо дӀахьедира, ХӀинжа-ГӀалин мехкадаьттан заводах кхетта аьлла.

The Insider газето йаздарехь, Ӏалашо хилла церан -Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха лоруш йолу ХӀинжа-ГӀалара мехкадаьтта дӀасалелоран база. ASTRA телеграм-канало йаздо, мехкадаьттан сурсаташ арахоьцучу "Дагестанан керла технологеш" заводана а тохар дина, ишта кхин а цхьа дрон оццу индустрин зонера коммерцин гIишлох кхетарх .

Дагестанан Ӏедалша комментари йеш йац тохарш динчул тӀаьхьа хиллачух лаьцна. Мехкан куьйгалхочо Меликов Сергейс дӀахьедина, дронийн Iалашо хилла "цхьахйолу завод" аьлла.

Оцу йукъанна мобилан зIена новкъарло хиллера, уггар а а гIарайаьллачех мессенджер а ледара болх беш йу тахана а.

ГIадужу-беттан 20-чу дийнахь Оьрсийчоьнан къилбаседанера бахархой латкъамаш бан буьйлабелира телеграман а, вацапан а болх галбаьлла хиларна.

Доьду кӀира йуккъе даьллачу хенахь цу кепара латкъамаш бира мессенджерш болх беш цаиларна йоллу пачхьалкхера

иттаннаш регионашкахь. Роскомнадзоро бакъдира, мессенджерашна "цхьана декъехь дехкарш" дина аьлла, чIагIдора "зуламхошна дуьхьало йан" Iалашонца динера и шаьш аьлла.

Ичкерино ПАСЕ-га дина дехар

Оцу йукъанна Ичкерин агӀончаша тIедожийна ПАСЕ-хь шайна къамелдан платформа хилийтар, Оьрсийчоьнчух къаьстина, Украинан агӀор тӀом бечу Ичкерин дакъоша кхайкхам бина Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблее (ПАСЕ) нохчийн оппозицина диалог дӀайахьа шакъаьстина платформа кхолла аьлла. Иштта жоп делла тӀемалоша ПАСЕ-но махкахбаьхначу оьрсийн демократин ницкъашца "дийцарш дан" йукъара портал кхолла сацам барна.

Страсбурге кхайкхам дIахьажийна Ичкерин герзахойн ницкъийн а, Дудаев Джохаран цӀарахчу батальонан а, шейх Мансуран цӀарахчу батальонан а куьйгалхойн цӀарах. Цу кехатан авторша дӀахьедира, шаьш ПАСЕ а, кхечу дуьненайукъарчу организацешна а, ткъа иштта маьршачу дуьненан пачхьалкхашна а гӀортор йеш хилар, «Кремлан Ӏедалан криминалан политика а, Москвано бӀешерашкахь дӀахьош йолу империалистийн политика а йемал йеш».

Оцу йукъанна, Ичкерин дакъойн куьйгалхошна хетарехь, нохчийн оппозицин структурашца къамелдан шакъаьстина портал хила йеза. Цара дӀахьедира, тӀом болабеллачул тӀаьхьа, Украинин Лакхарчу Радано цуьнца богӀуш болу сацам тӀеэцна аьлла.

Цул совнаха, кхайкхаман авторша хьахийра I997-чу шарахь Оьрсийчоьнна а, Ичкерина а йукъахь бина машаран барт а, иза де-факто Кремло республика йозуш цахилар къобалдар ду аьлла лору цара.

"Оха тIедожадо ПАСЕ-на а, кхечу дуьненайукъарчу организацешна а Нохчийн Республикан Ичкерин йозуш ца хилар ларар а, нохчийн халкъо шен маршонехьа латтош болчу къийсамна гIортор йар а. Цу хьокъехь оха кхайкхам бо ПАСЕ-га, деоккупаци йан къийсам латточу нохчийн ницкъашца диалог дӀайахьа шакъаьстина платформа кхолла аьлла. Къаьсттина оцу гIирсан аьтто хир бу Оьрсийчоьнан тӀелатархоша а, меттигерчу коллаборанташа а адамаллина дуьхьал лелийна долу дуккха а тIеман зуламаш листа", - аьлла ду Страсбурге бинчу кхайкхамехь.

ГIадужу-беттан I-чу дийнахь ПАСЕ-но сацам бира Оьрсийчоьнан демократин ницкъашца диалог дӀайахьа портал кхолла. "Цхьа могӀа критерийн буха тӀехь хӀоттам къасто безаш болчу платформин декъашхойн аьтто хир бу Ассамблеяца йукъарчу хьашташ кхочушдаран хаттаршкахь шинна а агӀор хийцамаш бан. Иштта ПАСЕ-н сессешкахь цхьацца йолчу комитетийн кхеташонашкахьдакъалаца аьтто хир бу церан", - аьлла ду организацино бинчу хаамехь билгалдаьккхина.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG