Нохчийчохь йартийн цIераш хийцаро Думехь гIовгIа эккхийтина, керла ахча йукъадаккхар къуьйсу тIеман корреспондеташа Кадыровца, нохчийн совдегаро тIаме кхайкхар йемалдина - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 119-чу подкастехь.
Йартийн ц1ераш хийцар баледалар
Нохчийчохь йартийн цӀераш хийцарх лаьцна болийна къийсамаш боьрзуш бац. Пачхьалкхан Думехь хьалхарчу йешарехь къобалбира меттигерчу парламенто кховдийна некъ, амма шуьйра дийцарш долийра цунна гонах, царах дӀакхийтира республикан куьйгалхо а.
ЦӀе хийца лерина кхо станица йу: Серноводская – Серноводск аьлла, Наурская – Невра аьлла, Шелковская – Терек аьлла. Низаман проектан чулацамехь йаздина ду, оцу кепара керла цӀераш «гIала» бохучу дашца цхьаьнайогIуш хир йу. Нохчийн тӀемашкахь дакъалаьцна депутат, инарла Шаманов Владимир реза ца хилира и цIераш хийцар къобалдан. ЦӀе хийцар историн иэс дайъа гӀертар лору цо:
"Цигахь оьрсийн мотт буьйцу бахархой аракхийсина ца Iаш, хӀинца цӀераш а дӀайаха хьийза шу! Вайн пачхьалкхан истори йу хӀара! Аша хIун леладо?! Шуьга хоьтту аса!"
Пачхьалкхан Думехь динчу оцу дӀахьедарна жоп луш, Ӏедалехьа йолчу нохчийн йукъараллин пабликашкахь видео гучуйелира, цу тIехь меттигерчу оьрсийн къаьмнех болчу бахархоша депутаташка кхайкхамаш бира, "шайн комментареш шайгахь йита" аьлла. Цул тӀаьхьа кӀира даьлча Кадыров Рамзан а вистхилира, шина постехь.
Царна тӀехь цо инарла Шаманов "чагIалкх" а, зуламхо а ву элира, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдучу заманчохь Хьалха-Мартанахь цо маьрша нах байъина хилар дуьхьал а тухуш. Оцу т1ехула, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, Шамановс "гора а хӀоьттина, гечдар деха деза" меттигерчу бахархошка, цул тӀаьхьа кхеле хIоттона а веза.
Кадыровс буьйцуш болу хиламаш нисбелла 1999-чу шарахь Хьалха-Мартанан кӀоштарчу Ӏалхан-Юьртахь. Human Rights Watch организацино хаамбира, "Запад" тобанан куьйгалла деш хиллачу инарлан Шамановн куьйгакӀел болу наха мел лаххара а кхел йоцуш 14 стаг вийна аьлла. ЧIагIдора, Шамановна хууш хилла эскархоша лелош йолу къизаллаш, амма цо хӀумма а ца дина уьш совцо бохуш. Меттигерчу бахархоша дийцира, нохчийн зударийн тобано дехарш динера инарле, къизаллаш лелар сацадахьара аьлла. Цаьрга ла ца дугӀуш, цо мелхо а кхерамаш тийсинера, нагахь уьш дӀа ца болхахь, тоьпаш тухур йу шаьш аьлла.
2000-чу шарахь Котар-Юьртахь бен-башха доцуш герзаш диттина, маьрша бахархой хIаллакбарна Шаманов бехкехилар тIечIагIдина ду Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а.
Иштта, оццу шарахь лецна балийначу нохчашна тӀехь Ӏазап латторна а бехке лору иза. Цул сов, къоланаш дарна а, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш 18 шо долу нохчийн йоIана Кунгаева Эльзина тIехь ницкъбарна а кхел йина танканийн полкан командир хиллачу Буданов Юрийн хьаькам а вара Шаманов.
Кадыровс аьллачунна дуьхьал Шамановс жоп ца делла, амма кхидӀа а критика йира федералан хьукматашна, цунна хетарехь, цара къобалдан ца дезара йартийн цӀераш хийцар. Къаьсттина цо и хаттар хьажийна къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу агенталлан куьйгалхочуьнга Баринов Игоре. Бариновс дӀахьедира, проект кечъйечу хенахь шех дагабевлла а бац, цу тIе хӀинца а хан йац цIераш хийца аьлла. Агенталлан уставца а догӀуш, цуьнан бакъо йац луьстучуьра низаман проект йухайаккха. Документ шолгӀачу ладегӀаршкахь а дийцаредан дезаш ду.
Кехатан ахчанца доьзна дов
Кху кӀиранах Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йоьзна кхин цхьаъ а йукъараллин скандал хилира Оьрсийчохь карладаьккхинчу пхи бӀе сом кехатийн билгалонех кхаж тасарца доьзна.
Къилбаседа Кавказан федералан гонна леринчу кехатан ахчана тIехь хила луучу гIишлонна кхаж таса аьллера Коьртачу банко. Къасто леринчу гIишлошлахь йара Грозный-Сити комплекс а, Дербентан гӀап а, Эльбрус лам а.
Ша дош лелаш хиларе терра, оцу гIуллакхна а йукъагIоьртира Кадыров Рамзан, цо кхайкхам бира шовкъ йолчу масаьрга а, Соьлжа-ГӀалана доьазза кхаж таса, шайгахь мел йолчу талламан кепах пайда а оьцуш аьлла. Республикан коьртачу шахьарна йуккъехь йолу комплекс, политикана хетарехь, "йуха денйинчу Соьлжа-ГIалин коьрта символ" а, "дуьненаюкъарчу терроризмна" тӀехь толам баккхаран билгало а йу. Цуьнан дешнаша йоккха гIовгIа г1аттийра националисташна йукъахь.
«Ахмат» спецназана критика йеш хиллачу ММА-н латархочо Дивнич Максима шен агIонашка йазбеллачаьрга кхайкхам бира Эльбрусна кхаж таса аьлла. Ткъа "Оьрсийн йукъараллина" хила тарлучу керлачу кехатан дизайн "Оьрсийчоьнна дуьхьал а, христианофобийн диверси" а санна тIеийцира.
Хьалхо 500 соьма тIехь йара Аргангельскан кIоштара Соловецкийн килс.
Байрамов маьрша ву
"Оьрсийн йукъараллин" декъашхошца тасадалар хиллачул тӀаьхьа лаьцна хилла Дагестанера спортхо Байрамов Эрзиман Петарбухерчу СИЗО-ра араваьккхина. Ша дӀахецначул тӀаьхьа шена бехк ца биллар доьхуш, видео дIайазйина цо.
И дерриге а дӀадоладелира адам доцчу, машенаш дIахIитточу меттигехь Байрамов ламаз деш а волуш, Илья цIе йолу тIехволу жимстаг "хьайн ламаз йукъахдаккха" аьлла, кочавахар бахьана долуш. Цо далийнера "миссионерийн жигараллах" долу низам. Дош дашера даьллачул тIаьхьа, и шиъ вовшах леттера. Хетарехь, Илья эшийна хилла. Цул тӀаьхьа ММА-н латархочо Байрамовс дӀайазйинчу видео тӀехь тӀехволучун йуьхьа тӀехь гуш лазийна меттигаш йу, ткъа цунна духьало йечу хенахь цо лелийна урс а ду лаьттахь Iуьллуш.
Ильяса орца дехна хилла "Оьрсийн йукъараллин" декъашхошка. Цара эвхьаза мотт а лебеш, спортхочуьнга дIахьединера "нахана йукъахь ламаз дар дихкина ду", хӀунда аьлча Оьрсийчоь "православин пачхьалкх" йу аьлла. Цул тӀаьхьа бехкзуламан гӀуллакх долийра Байрамовна дуьхьал "харцахьа" леллла аьлла. Бакъду, летачу хенахь Ильяс хьаладаьккхинчу уьрсах лаьцна Талламан комитето хьахош а дац.
Байрамовн гӀуллакхо "шуьйра йукъараллин интерес" гIаттийра, бохура цуьнан адвокаташа. Церан аьтто баьллера шаьш Iалашвийриг кхел а йале, талламан изоляторера араваккха. Цул тӀаьхьа сихонца спортхочо къинтӀера довлар дийхира, ша "лата чухахкаваларна", цо кхайкхам бина шайн хеттарш "низаман гурашкахь листа, агресси а йоцуш" аьлла. Цунна дуьхьал долийна хилла гӀуллакх хIинца а толлуш ду.
Байрамовс бехк цабиллар дехарна жоп луш, "Оьрсийчоьнан йукъаралло" дӀахьедина, цо "лелориг шена таӀзар ца дайта, йа и лахдайтархьама" лелош ду, ткъа иза ша "кхераме, къайлаха лела радикал ву", Оьрсийчоьнан къаьмнийн машарна а, синтемна а кхерам латтош волу аьлла. Байрамовца "Оьрсийн йукъараллин" декъашхоша лелориг а, цара дийцинарг а бакъоларйаран органаша тергоне эцна аьлла, бина хаам бац.
Нохчийн совдегар дуьхьал ву тIаме хьийсорна
Нохчийчуьра нах Украине тӀаме хьийсош бу таӀзарна дуьхьал, ткъа эскаре кхойкху а бохуш, цара дIалехьо нах наркотикаш лелош берш а, къаьркъа молу нах а бу. Царах тIамтIехь пайда а бер бац. Иштта хаам бина нохчийн совдегаро Ахметханов Асланбека инстаграмехь ша дIахьочу эфирехь. Карладоккху, 2020-чу шарахь Кадыров Рамзана "газа" элира цуьнах, ковидан дозанаш тоьхначу хенахь къаьркъа мала а, дохка а дуьхьалбалчарна цо латкъам бича.
Билггал эфир маца хилла, хууш дац, амма йуьззина видеон верси тхан редакцехь йолуш йу.
ХӀара ду Ахметхановс шен эфирехь аьлларг:
"Ас хьалха а баьхна, хIинца а боху, наркоманах а, къаьркъанчах а тIемало хир вац. Шен дахарехь, корматаллица тIемало верг вахийтиша цига. Цуьнга байтийша и тIом. Йарташкахула дуьйладелла лела шу, шайн метта тӀаме ваха цхьаъ лоьхуш. Шаьш лелориг шайна а дош хетий шуна? И тодакхаш гул а йеш, уьш тӀаме дӀахьежош? ЛартIахь болу нах бахийта, вайн мохк йуьхьIаьржа а ца хIиттош".
Оцу йукъанна Ахметханов реза ву Оьрсийчоь Украинана тӀелатарна. ХIара подкаст дIайазйечу хенахь Нохчийчоьнан Ӏедалхоша аьлла дош дац бизнесхочо йоьдучу эфиехь динчу дӀахьедарх лаьцна.
Охан-баттахь оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос дӀакхайкхийра, Ахметханов ца ваьллачу денна Туркойчу дӀаваха декхаре хилла аьлла. Цо бахарехь, и доьзна дара бизнесхочун кIентан Геремеев Вахин кIантаца даьлла дов бахьана долуш.
Официалехь карарчу хенахь Ахметхановн Оьрсийчохь цхьа а бизнес йац, амма цо кхидӀа а чӀагӀдо ша «Юг-Нефть» компанин долахойх цхьаъ ву бохуш. Кехаташ тIехь и дӀайазйина йу Ахметханов Рохьман Асланбековичан цIарах, хетарехь, цуьнан кӀант ву иза.
Цхьаболчу гонашкахь бизнесхо дика вевзаш ву " ШайтIа Асланбек" цIарца, иза криминалан авторитет лоруш а ву. 2020-чу шеран охан-баттахь коронавирусца доьзна дехкарш долчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо луьра бехк баьккхира бизнесхочуьнгара камера хьалха. Хьо "стаг вац", "Делан неӀалт дахнарг ву", "газа" а йу хьо элира Кадыровс.
Мехкан куьйгалхо оьгIазвахийтинарг дара, маларш моьлуш, хIоттийначу тойнехь Ахметхановс хӀаваэхь герзаш детташ, къаьркъа малар дихкинчу нахана неӀалт кхайкхор.
Путинан цӀарах керла кӀошт, Кадыров Адамна лерина спортзал
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир винчу дийнахь Соьлж-ГӀалахь схьайиллина цуьнан цӀарах керла микрорайон. Цигахь дакъалоцуш вара республикан куьйгалхо, шеца цхьаьна Оьрсийчоьнан премьер-министр Новак Александр а волуш. Оццу дийнахь Теркйистан кӀошта вахара Кадыровн кӀант – Кадыров Адам, шен цӀарах спортзал схьайиллина хилар дӀакхайкхо.
Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь гӀишлошъяр дерзар президент винчу денца нисдалар -цунна "баркалла ала билгало" йолуш ду аьлла Кадыровс. Путинан кӀошт 2027-чу шарахь бен йерриг а йина йер йолуш йац, Кадыровс а, Новака а церемонехь схьадиллина гIишлонан "хьалхара цхьа дакъа". Нохчийчоьнан Ӏедалша дийцарехь, 330 эзар йеакӀов метр хӀусамаш дӀалоцуш йу и схьайиллина меттиг. Барам бирзинчул тӀаьхьа республикин куьйгалхочо дIахьедира журналисташка, ша Путин Нохчийчу кхайкха дагахь ву йерриг а микрорайон схьайоьллучу дийнахь аьлла.
Оццу дийнахь Теркйистан кӀоштарчу Iелин-Йуьртахь спортзал схьайоьллучохь дакъалаца вахара Соьлжа-ГӀаларчу барамехь а хилла волу Кадыров Адам. Цу комплексан цӀе Dustum тиллина, республикан куьйгалхочун кӀентан сий деш, кӀоштан куьйгалхочо Хасанов Хьамзата дӀакхайкхийна ма-хиллара. UFC -н латархо Чимаев Хьамзат а вара Кадыров Адамна улло ваьлла церемонихь.
Dustum аьлла билгало жигара хьалхатоьттуш йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 17 шо долчу кIанта Кадыров Адама. 2000-чу шерийн йуьххьера схьа дуьйна и цIе лелайора Кадыров Рамзана, хIинца Dustum йоза тIехь кепканаш а, футболкаш а лелайо Адама а, цуьнан доттагIаша а.
Стохка чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийра Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" Путинан цӀе тилла сацам хилла шен аьлла. 2008-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГӀалахь йу Путин Владимиран проспект – иштта Кадыровн цӀарах а.