ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа а тамашийна хӀума хир дац": Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацина леринчу рапортехь дуьйцу Къилбаседа Кавказера хьолах лаьцна


Нохчийчуьара адамаш, гайтаман сурт
Нохчийчуьара адамаш, гайтаман сурт

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонехь ладоьгӀна Оьрсийчуьрчу хьолах лаьцна лерринчу докладхочо Кацарова Марианас инчу дIахьедаре. Цу документа йукъахь къаьстина мах хадийна Къилбаседа Кавказан. Тхан редакцино бакъонашларъярхошца дийцаре дира регионехь низамаш дохош хиларх дуьненан тIегIанехь чIагIдан дезаш хиларх.

Оьрсийчоьнах лаьцна рапорт йовзийтира Женевехь дӀайаьхьначу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан 60-чу рогӀерчу сессехь. И лерина йара 2024-2025-чу шерашкахь пачхьалкхехь хиллачунна.

Оцу хена чохь, чӀагӀдо документ т1ехь, Оьрсийчохь дӀайаздина ду йалх эзар гергга адамийн бакъонаш талхорца доьзна гӀуллакхаш. Ӏедалхоша репрессеш а, авторитаран контрол а жигаръйаккхарца хьал кхидӀа а телхина лаьтта, билгалдаьккхира Кацаровас. Цу Ӏалашонца цара лелош йу шуьйра низамашдахаран база, шайна йукъахь "терроризмах" а, "экстремизмах" а, "арахьарчу агентех", "оьшуш йоцчу организацех" а лаьцна низамаш а долуш, ишта эскарна "дискредитаци йеш", цунах лаьцна "фейк-хаамаш" баржор а долуш.

Цул сов, лерринчу докладхочо билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан Ӏедалша бахархойн йукъараллин, адамийн бакъонашларъйархойн, юристийн, журналистийн, политикийн маьрша гӀуллакхашна криминализаци йеш хилар. Уьш "мостагӀий" санна гойтуш, ткъа иштта лартIахь хIума лору дискриминаци лелор а, зударшна а, мехкаршна а, Оьрсийчохь йихкинчу ЛГБТК+ йукъараллина а, кегийчу къаьмнашна а, мигранташна а тIехь ницкъбар.

Документ тIехь 20 рекомендаци йара, Оьрсийчоьнан Iедалхошна хьажийна. Царна йукъахь ду Ӏазапаш лелор таллар а, и зуламаш йукъара дахар а тIедожор,"экстремистийн" йа "террорхойн" статус луш йолу процедура кхелан Ӏуналлица хилийтар, ЛГБТ-н нах хьийзор сацор, йан а йоцу "Оьрсийчоьнна дуьхьал сепаратистийн болам" бехкар дӀадаккхар - цу йукъа тоьхна кавказхойн организаеш а. Ишта кхайкхам бина Ӏедалхошка зударшна а, мехкаршна а дуьхьал къийсам латтор а, доьзалехь ницкъ барна таӀзарш йукъадахар а, уьш тIаме хьийсон Iалашонца, кегийчу къаьмнашна тӀехь ницкъ бар дӀадаккхар а.

"Кхерам латтар"

И йоллу рекомендацеш дуьххьалдIа йоьзна йу Къилбаседа Кавказца. Оцу йукъанна Кацарова Мариянас хIоттийначу рапортехь къаьстина дакъа лерина ду регионна. Цу тӀехь билгалдоккху, республикашкара хьоло, къаьсттина Нохчийчуьра, «гойту адам Iадийна хилар, царна дуьхьал динчу зуламашна таIзар деш цахилар», оцу «гоно аьтто бо цхьаьнгара йаьллачу ледарлонна цIийнах мел волчунна жоьпалла тIедожон, нуьцкъаша нах лечкъон, царна тIехь Iазапаш хьега а, кхел йоцуш таIзарш дан а».

Масална дуьйцу 17 шо долчу Хумашев Эскерханан доьзална бекхам барх лаьцна. Охан-баттахь уьрсаца тIелеттера иза ТIехьа-Мартанара чоьхьарчу гIуллакхинй белхахошна. Цхьаъ лен чевнаш йира цо, дуьхьал герз тоьхна вийра иза ша а.

"Кхиазхо вийначул тӀаьхьа Нохчийчоьнан Ӏедалхоша цуьнан дакъа гайтира школан дешархошна а, Ӏедалан векалшна а [митинг олучу меттехь]. Цуьнан да, низамехь доцуш лецира Москвахь, цул тIаьхьа Нохчийчу дӀавигина, цигахь гӀело а йира", - аьлла ду хаамехь.

ХумашевгIеран доьзална хиллачунна бехке ву аьлла цу документа тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цо диллина дIахьедира зуламхой леринчу нехан гергарчарна тIехь таIзарш дийриг хиларх кхеле а ца хьоьжуш. Шайн доьзалхойх дас-нанас жоп далар – меттигера ламаст ду бохура цо.

Иштта рапортехь йаздина ду, Нохчийчоьнан Ӏедалша "нах вовшахтоьхнера, шайна йукъахь ЛГБТ-н нах а, Кадыров Рамзанан критикаш а болуш, цаьрга бертаза харжам бойтура: йа эскарехь гӀуллакх, йа набахтешка.

Оцу кепара гIуллакхаш нисдаларх денна кест-кеста дIахьедо бакъонашларйархоша а, бозуш боцчу ночийн жигархоша а.

Церан хаамашкахь дуьйцу, республикехь низамехь доцуш лаьцна латточу нахана хьалха лаьтта харжам иллюзи йу, хӀунда аьлча, СИЗО-ра йа набахтера ишта а, вуьшта а тIамтIе дӀахьовсор бу, тӀаккха хьелаш кхин а луьра хила тарло.

Документ тӀехь иштта хьахош ду дечкен-баттахь гӀарадаьлла Устрада-ГIалара 19 шо долу Тазуркаев Висхан кхалхар а. Кацарован рапортехь чӀагӀдо, иза 2024-чу шеран дечкен-баттахь лаьцна хиллера, гей волчу шен цхьана доттагӀчуьнца зӀене ваьлла аьлла, цунна тӀехь гӀело йира, ток а йоьттуьйтуш: "Лаьцначохь велира иза. Иза валаран бахьанаш теллина дацара. ХӀара гӀуллакх дуьйцу документашца чIагIдина, ЛГБТ-н нах лоьцуш хилар, царна тIехь къизаллаш лелор а" а хоуьйтуш.

Нохчийн " NIYSO " боламо дIахьедина, Тазуркаев цо болх бечуьра лачкъийна вигарх а, полисхоша цунна тIехь къизаллаш лелорах а, цул тӀаьхьа лечу хьолехь цӀа а валийнера аьлла. Ткъа цуьнан гергарчарна дихкинера хиллачух ма-дарра дийцар. ХӀинццалц цхьа а информаци йацара, жима стаг гей-доттагӀчуьнца зӀе хилла аьлла лачкъорах.

Рапортехь билгалдаьккхина ду Дагестанера 26 шо долчу вахархочунна Магомедов Магомедна тIехь ницкъбарх лаьцна а. Цунах лаьцна а дийца даьккхира дечкен-баттахь. Подмосковьехь лецира Магомедов, полисхоша ток йеттийтинера цунна, хьийза а винера, шайн оьшу мукIарло де бохуш. Ур-атталла, Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс а комментари йира цу инцидентах лаьцна, цо дехар дира Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре и гӀуллакх шен леррина Ӏуналлехь цо латтор доьхуш. Республикан куьйгалхочо билгалдаьккхира, Къилбаседа Кавказерачу нахана тӀех сов тидам латтор "цкъацкъа къаьмнашна а, динашна а йукъара барт эгIош а, цабезам гӀаттош а леош хуьлу" аьлла.

"Магомадовс шена тӀехь гӀело йарх лаьцна хаам бинчул тӀаьхьа, "Исламан пачхьалкх" олучу тобанца доьзна бух боцу бехкаш гучудевлира [цунна дуьхьал]... Ӏазап латтийна хиларх кхелан экспертизан тоьшаллаш доллушехь, таллам болийна бац", - билгалдаьккхина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацина дӀакхачийначу рапортехь.

Ишта дан а ду и – зазадокху-баттахь Талламан комитето дуьхьало йира дагестанхочун дIахьедарца бехкзуламан гIуллакх айдан. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца до, полисхоша лаьцначунна тIехь гIело хьегийтина хилар. Официалехь Магомедов лаьцна в бакъо йоцуш герз дарна а, и шегахь латторна а. Бехкбуьллучара дIахьедора, Шемахь бехачу, лехамашкахь болчу «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан агIончийн гергара иза хиларх.

Йозуш йоцчу хьасташа и хаам тIечIагIбина бац.

Хетарехь, кхин сацам бац: диктатор кхалхарца тхан синош кIелхьарадаха тарло

Шен ойланийн маршонах а, маьршша хетарг ала бакъонах а лаьцначу декъехь хьахийна ду гӀалгӀайн имамаш Тамасханов Мохьмад-Башир а, Султыгов Мохьмад а лацарх. БIаьста царах шеконаш йара, 2023-чу шарахь махкара ницкъахошна цхьа могӀа тӀелатарш динчу нахаца уьйраш хиларх, бохура динан дайшна дан лерина зуламаш хууш хилла, амма низамхошка хаам ца бина цара бохуш.

Болчу хаамашца, уьш Ӏалашоне лаьцна хилла церан динан хьежамаш бахьана долуш, пачхьалкхаца боьзна болчу официалан исламан динан дайн позицеш къовсаме йохуш", - аьлла ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацина дӀакхачийначу рапортехь.

Товбеца-бутт бовш ГIалгIайчохь лецира кхин а цхьа имам -Дзейтов Назир. Тапча а, патармаш а карийна бохура цуьнгахь. Iеламчаца хилла къамел зорбане даьккхира полисхоша. Цу тIехь цо дуьйцу, шен "ГIалгIайн къоман маршонан Комитетан" куьйгалхочьунца къамел хиларх и болам цо вовшах а тохале. Оьрсийчохь "арахьарчу агентийн" а, "оьшуш йоцчу организацийн" а реестре йазйина йу Комитет. Ишта Росфинмониторинган террорхойн, экстремистийн тептарехь а йу. Жигархоша дIахьедира, Дзейтовна тIехь Iазап хьегна аьлла. Цул совнах, Къилбаседа Кавказера хьолах лаьцна къастийна билгалдаьккхина ду: "Зударий, къаьсттина Нохчийчохь а, Дагестанехь а гендеран бахьанашца харцонех Iитталуш хиларх, дуьйцу кхузахь бертаза маре бахийтар, "сий лардеш" бойур бу бохуш, кхерамаш тийсар а".

Масала ду аьлла, дуьйцу нохчийн йоIаца Авторханова Лаурица нисделларг. Кху шеран чиллан-баттахь цIера йеддера иза. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, цунна тӀехь ницкъ бинера, цуьнан чу-ара йаларна тӀехь а терго латтош хиллера, цо мел даьккхина ахча а дега-нене дӀадала дезаш хиллера бохуш. Иза йеддачул тӀаьхьа Авторханован гергарчара маьрша ца йитинера иза, цуьнан доттагӀашна а, бевза-безачарна а кхерамаш а туьйсуш, иза лехамашка йаккха хьийзира. Амма адвокатан гӀоьнца йеддарг Гуьржийчоьнан полицин тептар тӀера дӀа а йаьккхина, иза йайна йац, шен лаамехь цIера дӀайахана аьлла тIечIагIдира.

ХIетте а товбеца-баттахь и йоI нуьцкъаша Тбилисера цIа йига гIиртира. Бакъонашларйархой а, жигархой а йукъагIортар бахьана долуш кIелхьарйелира йоI.

Кацарован рапортехь хьахош ду украинхойн адамийн бакъонаш талхор а: цу юкъадогӀу Ростов-гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело кест-кеста деш долу таӀзарш а, Таганрогерчу лоьмар 2 йолчу СИЗО-хь Ӏазап латтор а, Къилбаседа ХIирийчонна а, Гуьржийчоьнна а йукъарчу дозанехь Оьрсийчуьра арабаьхна Украинан бахархой латтор а.

"Къилбаседа Кавказехь низамаш лелаш цахиларо аьтто бина шуьйра зуламаш дан, шайна йукъахь гендеран ницкъбар а, фемицид а (зударий зударий хиларна уьш байар – ред.), гӀело йар а, шогалла лелор а, бертаза лечкъор, ЛГБТ-н бакъонаш къиза хьешар а долуш", - аьлла ду рапортехь.

Дерриг а эрна ду?

Оьрсийчохь вехачу Нохчийчуьра бакъонашларйархочо (цуьнан кхерамзалла ларйеш цIарца ца вуьйцу иза.-Редакцин билгалдаккхар) боху, махкара хьал Кацаровас шен рапортехь дийцинчул а ледара ду. Цо бахарехь, "кхана шех хIун хир ду хууш вац цигахь цхьа а вахархо, ког хецна вуьжуш вац, кхана ша бале лоцур вац" аьлла. Къамелдечо бакъдира, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а урхалло ООН-н цу кепара рапорташ тергамза дуьтуш хилар. Амма цунах лаьцна гIарадаккхар, дуьненайукъарчу институташка хаийтар – иза, хIинца мел а эгIаза хетахь а, лелочу харцонна дуьхьал механизм йу. Цундела ишта болх маьIне бу.

Цо аьллачунна тIетайра бакъоларйархо Янгулбаев Абубакар а. ООН-е кхоьхьуьйту рапорташ оьшуш ду дуьнене лело зуламашна фиксаци йайта а, царна тIе тидам озийта а. Амма цара кIезиг пайда бохьу, къаьстина Нохчийчоьнна. Оцу рапорто дуьйцу, республикехь адамаш Iалашдеш цхьана а кепара бакъонан гIирсаш хIунда бац.

"ХIинца сан таро йу, цIера дIабаха луучарна, йа арабевллачарна гIо дан: тховкIело йоккхуш, царна тIехь Iазап хьегна хиларх тоьшаллаш гулдеш. Амма, масала, Нохчийчохь гергарнаш лачкъийна шайн аьлла, соьгара орца дехахь, тIаккха сан дан хIума дац, йа хьехарца а, хIунда аьлча, цигахь болх беш йозуш йозуш йоцу структураш ца хиларна. Хьалха йукъараллин талламаш дӀахьош бара "Ӏазапна дуьхьал Комитето" а, цхьаццаболчу журналисташа а; тахана, иза дан йиш йац", - кхетийра Янгулбаевс.

Оха бен болх йеххачу ханна хуьлу, цундела йолчу механизмех пайдаоьцийла ду

Нах кхоьру, ткъа Iедало кхин а чIогIа шогалла лелайо, билгалдаьккхира къамелдечо – журналисташна а, бакъонашларйархошна а тIелетарш, нах байъар, лечкъор цхьа могIарера хIума хилла даьлла. Эххар а бахархойн бакъонаш талхийна ца Iаш, уьш Iалашбан декхаре болчийн а цхьана хьоьшу.

"Дукха хан йоццуш ас къамел дира 1990-чу шерашкахь дуьйна Нохчийчохь долу хьал толлуш, цу тIехь болх бечу Европерчу накъосташца. Нохчаша дуьйццург дуьйцу цара а: Iедал коьртера дуьйна хийца ца лахь, дерриг а эрна ду, Кадыров йа Путин велча бен хийцам хир бац бохуш. И боцург бен кхин сацам боцуш санна хетало, Iазапхо кхалхаоца вайн синош кIелхьарадаха тарло", - боху бакъонашларъярхочо.

Амма хIетте а, кхин дIа элира цо, зуламаш талла дезаш ду. Жоьпалла уьш беллачул тIаьхьа царна тIе кхачахь а.

Бакъонашларъярхочо Черкасов Александра тӀечӀагӀдира, Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа Оьрсийчоь Страсбургерчу Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан юрисдикцера дӀайаьлла хилар. Ткъа хӀинца стаге Iазап латтийнарг жоьпалле озо ницкъ ца кхачахь а, компенсаци мукъан а йалийта эвсара механизмаш йац Iаткъам бан. Оцу хьелашкахь пачхьалкхан агенташа дина зуламаш дӀайаздар бен мехала дац.

"Кацарова Мариана – иза цхьа бюрократ йац, Женевехь йа Нью-Йоркехь болчара хIоттийна йолу. Иза адамийн бакъонашларъяран юкъараллин аз ду. Цо доцца дуьйцу хуьлуш долчух лаьцна шен жамӀаш. Ткъа иза мехала ду. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин квази-кхелан процедураш а мехала йу – латкъамаш бан аьтто хилар, уьш толлу хьакъ йолчу структураша. Дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан набахтешкахь а, лагершкахь а волчу масех политикан тутмакхоша чу деллера цу кепара аьрзнаш. Страсбург гIо дан йукъара йаьккхинехь а, амма хӀинца а цхьа меттиг бисина бу царна неI тоха. Тамашийна хӀума хир дац: Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци – "детин даьндарг" йац. Цу сохьта вон эшош, нийсонан толам баккхар лардеш йолу "детин даьндарг" санна хӀума дац. Амма вай йеххачу хенахь болх беш ду, цундела кхузахь а, хӀинца а йолчу структурех а, механизмех а пайдаэца догӀу", - билгалдоккху Черкасовс.

  • Нохчийчохь зевне билгалдаьккхира нохчийн зудчун де, массара а хаза дешнаш олуш, ловзарш, синкъерамаш хIиттош. Амма бакъду оцу доллучунна тIехьа гуш хуьлу билггал зударшкахь долу хьал: денна бохург санна ницкъбо зударшна, доьзалехь хьийзош меттигаш нисло, дозанаш детта цунна бIешерашкара схьадохьу Iадаташ а, политикан хьелаш а бахьана долуш. Нохчйчхь зуда хилла йаха хала ду йа дац, дуьйцу тхан редакцин материалехь.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG