ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ниццехь хIусамда хиллачо йийна зуда а, нохчийн муфтийн раввинца лаьтта дов а. КIиранан жамIаш


Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь

Баймурадова Iайшатан гIуллакхера керланиг, Ниццехь ворхI беран нана йер, нохчийн муфтийн Оьрсийчоьнан коьртачу раввинца иккхина дов, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан хIора кIиранах арайолучу 122-чу подкастехь.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Баймурадован гIуллакхан тIаьхье

Ереванехь йийна нохчийн зуда Баймурадова Ӏайшат дагалоцуш пикет дӀайаьхьира. Гулбеллачара тIедожийра Эрмалойчоьнан Ӏедалшна, иза йеран хьокъехь керла тоьшаллаш гучудовларна, цIена, цхьангга а озабезамаш а боцуш, нийса гIуллакх таллар.

Лахьан-беттан 4-чу дийнахь масех иттаннашкахь нах гулбеллера Ереванерчу Республикан майданахь. "Пачхьалкхан декхар ду -ницкъ барх бевдда зударий ларбар", "Ереван Нохчийчоь йац. Ӏайшатца нийсо лелайе" тIейаздина кехаташ дара церан карахь. Нийсонца, бозуш а боцуш таллам бар тIедожорал совнаха, протестхоша доьхура тӀепаза байна нах лахар тӀаьхьатоттуш долу меттигера кхаа дийнах лаьтта низам карладаккхар а, эрмалойн а, дуьненаюкъарчу а хаамийн гӀирсашкахь и бохам кхин а шуьйра баржор а.

Кху шеран дечкен-баттахь Нохчийчуьра Эрмалойчу дехьайаьккхина хиллера Ӏайшат, шена кхузза бен гина воцчу стаге нуьцкъала маре йахийтарна. ГIадужу-беттан I5-чу дийнахь Баймурадова йайра – де хьалха мнстаграмехула шена йевзинчу доттагIчуьнца, 3I шо долчу Иминова Кариница цхьанакхета йахана хиллера иза.

Масех дийнахь лехначу Ӏайшатан дакъа карийра Ереванехь цхьана петар чохь. Иза йийначу нахаца Иминова йоьзна йу йа йац, билггал хууш дац, амма «Марем» кризисан тобанера бакъонашларъйархоша дийцира, Каринас шех лаьцна цунна аьшпаш биттина хиларх. Карина Нохчийчохь хилла хиларх а, республикера бевдда бахначу кхечу нахаца цхьаьнакхетта хиларх а, Кадыровн гонерчу нахаца цуьнан уьйраш хила мега аьлла, шеконаш йу бакъонашларйархойн.

Кху кӀиранах SK SOS кризисан центро, Эрмалойчоьнан полицина тӀе а тевжаш, хаам бира, йелларг карийначу петарера Иминова арайаьлла 30 шо долчу Байсаров Сайд-Хьамзатца аьлла. 20I8-чу шарахь Москвахь кхел йина а ву иза терроризмна ахча латторна, амма тоьшаллаш ца хиларна, дерриг а бехкаш тIера даьхнера цунна. ТӀаьхьо Байсаров кхин а шозза бехкевира: малар мелла машен лелорна а, талор дарна а.

Гучудевллачу документашна тӀе а тевжаш, "Агентство" зорбанан гӀирсо къастийна Байсаров - Кадыров Рамзанан доттагӀ а, Оьрсийчохь уггаре а баккхийчу бизнесхойх цхьаъ а волчу Байсаров Русланан гергара (хетарехь, вешин кӀант) хилар. 20I9-гӀа шо кхаччалц иза вара Forbes журналан тептарехь, цуьнан хьал 500 миллион доллар ду аьллера. Байсаров Русланан долахь йу Владивостокехь Оьрсийн тӀай деш а, Транссиб а, Байкал-Амуран магистралийн а, ткъа иштта "Саянан магистралаш" а шоръйарехь дакъалоцуш хилла "УСК Мост" компани. Шина а компанехь болх бина ву Сайд-Хьамзата а.

Хетарехь, оцу хеначохь Байсаров а, Иминова а Эрмалйчуьра арадаьлла, Оьрсийчу йухадеана хила тарло. ХIетте а Эрмалойчохь Баймурадова Iайшта йерца доьзна гIаттийначу гIуллакхехула цу шиннах шеконаш а йац.

Нохчийчоьнан Ӏедалша тӀе ца дуьту Ӏайшат йерна шаьш декъахь хилар. Цул совнах, республикерчу адамийн бакъонашкахула волчу векало Солтаев Мансура бух боцу бехкаш дехкира цу зуламна цхьацца йолчу "кризисан центрашна". Хетарехь, цо йуьйцург йу, Баймурадова цIера арайолуш цунна гIо дина хилла, доьзалехь ницкъ лайначарна гӀо деш йолу «Марем» цӀе йолу центр а, СК СОС кризисан центр а. Ша аьллачунна тоьшалла деш, Солтаевс зорбане даьхна Ӏайшата бевза-безачаьрга дахьийтина озаца дIайаздина къамелаш. Царна тӀехь цо дийцира, нохчийн маттахь, цхьаболчу волонтерашца ахчана тIехула шен даьллачу девнах лаьцна. Билггал цо буьйцурш муьлш бу, цу хаамашкахь къаьсташ дац.

Бакъонашларъйархоша шаьш дийцира тхан редакцига, Ӏайшатан дагахь дерг хӀун хила тарло а, Нохчийчоьнан Ӏедалша шайна дохкучу бехкашна, царна жоп дала стенна ца оьшу а.

Кхелхинчу Баймурадова Ӏайшатан телефон чохь хиллачу йозанашна тIе ша муха кхаьчна, Солтаевс ца дийцира.

Ниццехь хIусамдас йийна зуда

Доьзалехь ницкъ барх лаьцна кхин цхьа дийцар а бохамца дирзира кху кIиранах. Францерчу Ниццехь 7 беран нана йолу 39 шо долу нохчийн зуда йийна шен хиллачу хIусамдас; церан йоккхаха йолу йоӀ чолхечу хьолехь йу дарбан цIийнехь, уьрсан чевнаш йина цунна а.

И бохам хилла кху беттан 4-чу дийнахь, Ниццерчу прокуроро бинчу хаамца, зуда йелла "лен чевнаш йина хиларна", масийттаза урс тоьхна хилла цунна. Цунна тӀелатар дечу заманчохь, ненан карахь хилла боху, цуьнан кхо шо долу йоӀ а. Чевнаш йина 17 шо долу йоӀ шен нана ларйеш, йукъаиккхина хиллера, йаздо нохчийн пабликашкахь.

Францин Ӏедалша тӀелатар динчун цӀе йовзийтина йац, амма интернетехь гучуйаьхначу видеошкахула, иза вевзина диаспоран векалшна. "ЧП Грозный 95" телеграм-канало бинчу хаамца, иза ву 47 шо долу Алибиев Башир. 2023-чу шарахь Францехь доьзалехь ницкъ барна бехкевина а хилла иза, амма 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь кхело иза бехказа ваьккхира.

Францерчу нохчийн цхьаьнакхетараллин президенто, Ниццерчу цхьана маьждиган имамо Магамадов Рамзана дийцира журналисташка, и зудий, цуьнан хIусамдац барт ийгIина долу ши-кхо шо а дара, ша царна йукъахь маслаIат дан а хьийжира аьлла.

Оцу йукъанна, йийна зуда йехаш хиллачу хIусамна хьалха гулбеллачу, иза йевзачара чIагIдора, хиллачу хIусамдас кхерамаш тийсарна, даим а балехь йара иза аьлла. Цо цуьнан петаран догIанаш а схьадаьхна бохура, ткъа урхаллин компанино тергал ца динера, шен догIанаш хийцахьара бохуш, зудчо дина дехарш, йаздо францхойн Nice-Martin газето. Лазийна йисинчу йоьIан доттагIчо бахарехь, даим а девнаш лаьтташ, кхерамаш тийсар бахьана долуш и йоI психологашна тIе лелаш йара аьлла.

Карарчу хенахь Башир лаьцна латтош ву. Кхелана къастон дуьсу, хьан доладийр ду кхин дIа нана йоцуш дисинчу берийн.

Нохчийн муфтийн раввинца даьлла дов

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа меттигерчу телевизионехь къамел дина, Оьрсийчуьрчу жуьгтийн йукъараллаца дов а доккхуш. Пачхьалкхан коьртачу раввино аьллачух шаьш кхетаде бохучу йукъанна, ша Межиевс бехке бо шегара даьллачунна Европера "атеисташ" а, "украинхойн сатанисташ".

Пачхьалкхан "Грозный" ГТРК канало зорбане йаьккхира, мехкан муфтий гучуваьлла "Нохчийн истори. ТIом а, машар" программа, ткъа «Грозный-Информ» агенталло тIаьхьо зорбане даьккхира шен сайтехь Межиевс цхьацца аьлларг. Царах цхьанна тӀехь программин хьешо жуьгтех "АллахӀан мостагӀий" олу. Амма и дешнийн цхьаьнакхетар нохчийн маттера ма-дарра гочдеш, муфтийс бехке жуьгтий а боцуш, жуьгтий бу – тхан редакцин тобано билгалдаьккхина ма-хиллара.

Оьрсийчоьнан коьртачу раввино Берл Лазара Межиевн дешнаш дерриг а жуьгтийн халкъана вас йеш ду аьлла, дегайовхо йу шен аьлла, кестта Оьрсийчохь исламан коьрта векалш "официалехь Межиевн антисемитийн дӀахьедаршна гена бевр бу" аьлла.

Ишта церан резадацар шайна дIахиъча, "Грозный-Информ" сайта тӀера и публикаци дIайаьккхира, амма иза йисина "ВКонтакте" социалан машанан агӀон тӀехь. Нохчийчоьнан муфтиятан дӀахьедаршна комментари йан реза ца хилла "исламан динан векалш". Мелхо а, церан метта йуха а Межиев вистхилира, цо дIахьедира, шен дешнаш Европера "атеисташа" а, "украинхойн сатанисташа" а нийса ца гочдина, нагахь санна раввино тешаме доцу хьостанаш лелош делахь, "иза цуьнан проблема йу" аьлла.

Оьрсийчоьнан жуьгтийн йукъараллийн федераци реза ца хилира оцу кхеторашна. Йукъараллин зӀенийн департаментан куьйгалхочо Горин Боруха дӀахьедира, цхьана кепара къинтӀера довлар дехнехьара гIоле хир дара, нийса гочдина дац бохучул а. Цу тIе шен иудейх аьлалчу дешнийн гочдар ма-дарра Межиевс ца довзийтира аьлла.

Цкъачунна Межиевгара а, йа бусулба нехан Динан урхаллера а, йа мехкан Коьртачу Муфтиятера а къинтӀера довлар дехна дац.

Кремлехь оцу девнах лаьцна дош ца элира, хIунда аьлча, цхьанна а ца лаьа Нохчийчоьнца эгIа, элира политолого Айстн Руслана. Тхан редакцица хиллачу къамелехь цо бохура "эпосан къовсам" бу хIара ницкъечу шина йукъараллина йукъахь хилларг. Ткъа церан цхьатерра Iаткъаме зIенаш а, гергарлонаш а ду Кремлаца.

Айсин: "Суна хетарехь, конфликт, дикка чIогIа йу, хӀунда аьлча, цо гойту хьежамаш тайп-тайпана хилар, эр ду-кх вай, Кремлан куьйгакIел болчу оццу динан гIуллакхдархойн. Оьрсийчоьнан йукъараллехь хьал гIоьртина хилар дIагайтар ду хIара. И хьал хийцалуш дац, хIунда аьлча, Путинан тоталитаран система хьийза и хьал къайладахьа, ма-дарра дIа ца гайта. Амма и бIостаналлаш, хIара проблемаш гучуйуьйлур йу, ша этIаш долу кIади санна. Кхеташ ду, и дерриг а Цхьааллин де олучу дезачу дийнахь нисдалар- цхьа билгало йолуш хилар. Дерриг а шаьш кхоьллина, йахь йоцу дезде ду и. Цхьана а кепара халкъан барт бац, Путинан Ӏедало нацистийн къамелаш дӀакхийкхош хилча".

Межиев Салахь Нохчийчоьнан муфтий хӀоьттина 2014-чу шарахь шен 37 шо долуш, иза Кадыров Рамзанан чоьхьарчу гонера стаг ву, хаддаза пачхьалкхан совгӀаташ а, цӀераш а ло цунна. Шо хьалха Къилбаседа Кавказерчу бусулбачийн координацин центран куьйгалхо вара иза.

Хьалхо Межиевс къобалдира Нохчийчоьнан ницкъхоша лачкъийна, цул тӀаьхьа цара вийна аьлла хетачу IADAT телеграм-каналан чатан администратор ву бохучу Тепсуркаев Салманна тIехь маьттаза Ӏазап латтор. Нохчийчохь гейш хьийзорах лаьцна талламаш зорбане баьхначул тӀаьхьа "Новая газетан" журналисташна "бекхам бийр бу" аьлла, кхерамаш тийсинера муфтийс иштта; цо нахана хьалха Францин президентах "номер цхьаъ йолу террорхо" элира, нохчийн махкахочо францхойн хьехархо Самуэль Пати вийначул тӀаьхьа.

"Экстремистийн" артиклашкахула бехкебинчийн берашца бен болх

Дагестанан къоман политикехула а, динан гIуллакхашкахула а йолчу министралло миллион сом гергга ахча хьажийна, терроризмца а, экстремизмаца а доьзначу гIуллакхашна таIзар динчийн а, герзашца вовшахтоьхначу тобанашкахь дакъалаьцначийн а берийн «террорхойн а, экстремистийн а хьежамаш ца хилийта» Iалашонна. Цунах лаьцна хаам бина Iедалан цIарах оьшург оьцучу пачхьалкхан сайтехь.

Конкурсан документацица а догӀуш, "Оьрсийчоьнан ламастан син-оьздангаллин мехаллаш кхион" Ӏалашонца дӀахьочу барамашна йукъахь дара Волгоградерчу Дуьненан ШолгӀачу тӀеман хӀолламашна тӀе лелар а: "Сталинградан тӀеман турпалхой" болчу а, Мамаевн Курганера "Сталинградан" панорамин музей а. Цу бараман Ӏалашо йара "берашна мехкан историн турпалаллин а, бохаман а агӀонаш йовзийтар".

ШолгIа тоба йига йезара Бесланера «Маликийн ГIала» аьлалчу мемориале, ишта, 2004-чу шарахь тIемалоша II00 сов закъалтхо лаьцна латтийначу номер I йолчу школе а. I3 шарера I7 шаре девллачу бершана дуьйцура «кеп-кепарчу агIор гучуйуьйлу терроризман а, экстремизман а идеологи тIелаца» мегарг цахиларх лаьцна.

Программа дIайаьхьира гезгамашин-беттан I5-чу дийне кхаччалц. Цхьана тобанехь вара 35 дешархо а, царна улло ваьлла I0 хьехархо а. Дагестанан гуманитаран институт йара и экскурсеш вовшахтоьхнарг.

ГIалгIайчьура банкан хьаькам лаьцна

Оьрсийчоьнан Коьртачу банкан республикерчу декъан куьйгалхо Ужахов Мохьмад-Бек шина баттана изолятор чохь вуьтуш ву ГӀалгӀайчуьра Магасан кӀоштан кхело. Цунна бехке дуьллуш ду, Коьртачу банкехь болх беш хиллачу цуьнан гергарчу стагана организацин техникан гIирс лачкъор къайладахьар.

Ужаховн гергара стаг ву оццу Коьртачу банкан декъехь IT-департаментан системийн а, техникан а секторан куьйгалхо, билгалдаьккхинам ГӀалгӀайчоьнан кхелийн цхьаьнакхеттачу пресс-гӀоьнчалло.

Талламан версица, 109 эзар сом мах болу белхан ноутбук лачкъийна аьлла, "билггал хаам кхаьчнашшехь", лаьцначо цхьана а кепарар барамаш тIеэцна бац. ТӀаьхьо, 2024-чу шеран гIадужу-баттахь, Ужаховс куьгйаздина хиллера лачкъийна бахам дӀайазбина боцу харц фактурина; дерриг а зенаш 4 миллион сов соьмана ду аьлла, мах хадийна.

Ужахов лаьцна гIадужу-беттан 27-чохь, амма цунна дуьхьал бехкзуламан гIулакх долорах лаьцна дIасавалар доьхкуш, иза чохь сацийначул тIаьхьа бен хиъна дац. Набахтехь даккха деа шаре гергга хан тоха хкрам бу цунна.

Ишта ГӀалгӀайчохь республикерчу полисхоша толлуш ду лоьрашна оьшу гӀирс дӀакхачочу заманчохь, цу йукъара 53 миллион сов ахча лачкъор. Талламан операцеш дӀайаьхьна Магасехь а, Москвахь а. ГӀуллакх луьстуш ю Федералан къайлахчу сервисаша а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экономикан кхерамзаллин а, коррупцица къийсам латторан а коьрта урхалло а.

ГIалгIайчохь, Оьрсийчоьнан уггар а жимачу республикехь, йуха а, йуха а гучуйуьйлу коррупцица доьзна девнаш. Дуккха а талламаш а, лецарш а хиллехь а, регионан Ӏедалшна гӀоле хета тийна Ӏар. Жоьпаш доцуш дуьсу кест-кеста низамаш дохош хиларан бахьанех а, куьйгалхойн жоьпаллех а лаьцна хеттарш. Тхан сайто теллира, тӀаьхьарчу хенахь цу регионехь коррупцица доьзна гӀуллакхаш ишта кест-кеста хӀунда нисло.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG